Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин Парламентан спикерца Даудов Мохьмадца а, Правительствон хьалхарчу вицепремьераца Тумхаджиев Iийсаца а. Иза лерина дара ГIалгIайчоьнан дозанца долу нохчийн латтанаш кхиоран а, цигахь инфраструктура кхолларан а гIуллакхна.

Шен къамел дIадолош, Кадыров Рамзана юха а баркалла элира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза къасторан комиссин декъашхошна а, цара бинчу балхана а.
«Дуккха а шерашкахь лаьтташ дара лулахошца вайн доза цахиларан гIуллакх. Нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь къийсамаш а, питанаш а даржо луучарна «чIогIа дика гIуллакх» а дара и. Амма хIинца, ГIалгIайчуьрчу вайн накъосташца цхьаьна, шина республикина юкъара доза а къастош, дIакъевлина и гIуллакх. КхидIа питанаш а, эладиташ а доцуш, нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна юкъахь доттагIалла а, барт а чIагIлуш схьабогIур бу. Ас баркалла боху комиссин декъашхошна къахьегарна а, шайгара говзалла гайтарна а», – элира республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, цо тIедиллира ГIалгIайчоьнан дозанца Iохкуш, Нохчийчоьнан малхбузехьа долу латтанаш кхиорна а, бизнесхошна а, инвесторшна а хьелаш кхолларна а тIехь жигара а, эвсара а къахьегар.
«Доза къастийначул тIаьхьа хууш ду вайна вешан а, лулахойн а латта муьлхарниг ду а, стенгара долалуш а, иштта стенгахь чекхдолуш ду а. ХIинца вай и латтанаш кхиорна къаьсттина тидам тIебахийта беза. Юьртан бахам кхиийна ца Iаш, некъаш дахкарехь а, туризман маршруташ кхолларехь а къахьега деза вай», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо кхин цкъа а тидам тIебахийтира къастийна долу доза Россин ши субъект йолчу Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза хилар а, нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн юкъаметтигашна цо цхьа а «вон» болх я Iаткъам беш цахилар а.
«Турист а, хьаша а, бизнесхо а, инвестор а санна вай муьлхха а вуьтуш ву цига. Амма цхьа хьадалчаш бу, «тхо Марта хи тIехь дай», «тхо гIалгIайн латтанаш тIехь дай» бохуш, охучу меттигашкахь видеош а йохуш, питанаш даржош. И нах, бакъонашларъяран органийн векалшца цхьаьна, схьа а лоьцуш, жоьпе озо безаш бу. Вай цхьанна а могуьйтур дац вешан латта тIехь питанаш даржор а, уьш шайн ду бахар а. Мартанан (Фортангана) сехьара латтанаш вайн ду, ткъа дехьара латтанаш – гIалгIайн. И гIуллакх чекхдаьлла ду», – дIахьедира цо.
И.ИСЛАМОВ
№83, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо