Пачхьалкхан Думин делегаци хилира Нохчийчохь

Эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнера лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийне кхаччалц Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин граждански юкъаралла кхиорехула, юкъараллин а, динан а цхьаьнакхетараллийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхой.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Селимханов Мохьмад, Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Iаднан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Абазов Рустам.

Комитетан декъашхой а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан Iедалан органийн векалш а хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориалан комплексехь. Цигахь цара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дехкира, иштта цара экскурси йира музейхула.

ШолгIачу дийнахь, хьешаша а, Россин субъектийн пачхьалкхан Iедалан органийн а, динан а, юкъараллин а организацийн а векалша а дакъа а лоцуш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIаяьхьира «Экстремизмаца къийсам латторехь динан организацеша лелош долу маьIна» темина «горга стол».

Кхузахь къамелаш дира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин граждански юкъаралла кхиорехула, юкъараллин а, динан а цхьаьнакхетараллийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан председатела Гаврилов Сергейс, цуьнан хьалхарчу заместитела Вяткин Дмитрийс, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Абазов Рустама.

Цхьаьнакхетар дIадолийра Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида.

Кхузаманан хьелашкахь терроризмо юкъараллин кхерамазалла йоха а йо, конституцин дIахIоттам талха а бо. Террористийн организацеша динашна а, къаьмнашна а юккъера барт бохорна леринчу дуккха а кепех пайдаоьцу. Россина, дукхадинийн пачхьалкх ша хиларе терра, кхераме хIума ду иза, цуьнан цхьаалла йохош. Терроризмаца къийсам латторехь доккха зеделларг долуш ю Нохчийн Республика. Тхан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьхьалвелира дуьненаюкъарчу терроризмана а, террористийн тобанашна а. Цуьнан некъ дIахьош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, машаран а, кхиаран а новкъа яьккхира республика, – элира Ш.Жамалдаевс.

Нохчийн Республикин куьйгаллина а, Володин Вячеславана а юкъахь доттагIаллин уьраш а ю, цхьаьна бечу балхахь вовшех кхетар а ду. Суна, хетарехь, уьш вовшех кхеташ хилча, вай ницкъ кхочур бу муьлхха а кхерам юхатоха а, кхетош-кхиоран балхахь дан дезарш цхьаьна билгалдаха а, – элира С.Гавриловс.

Пачхьалкхан думин делегацин декъашхой, цул тIаьхьа цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

«Оха, чай а молуш, ийзалуш доцчу хьолехь къамел дира, хIунда аьлча белхан кабинеташкахь оццул маьIне гIуллакхаш дийцаре дан хало хир дара. Сергей Анатольевича лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн пачхьалкхан цхьаалла а, йозуш цахилар а чIагIдарна юкъа йиллинчу йоккхачу хазнин», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте социалан сетерчу шен агIонехь.

Иштта, делегацин декъашхой хилира Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь, Архангел Михаилан килсехь, Устрада-ГIалахь, республикин кхийолчу сий-ларамечу меттигашкахь.

I.МУРТАЗОВ

№83, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: