Дукха хан йоццуш, «Вайнах Телекомо» йоккха конкурс дIаяьхьира БухIанЮьртарчу шайн офисана хьалха. Цу юкъа кегий конкурсаш а, тайп-тайпана акцеш а йогIура. Дукха адам гулделлера цигахь. «Вайнах Телекоман» и цхьаьнакхетар дIахьош бара компанин белхахой Хасаханов Ислам а, Зузиева Хеда а.

Цуьнан спонсор вара – «Вайнах Пэй» акционерийн юкъараллин президент Хамзатов Артур, «Вайнах Технокоман» директор Азиев Мансур.
Коьрта конкурс йолаяле, кегий конкурсаш а, берашна юкъахь тайп-тайпана ловзарш а дIадаьхьира. Цаьрга хIокху кепара хаттарш делира – «ВТК-н» офис дуьххьара муьлхачу шарахь йиллина ю, цуьнан код хIун ю, уггаре а СИМ-карта чIогIа гIарадаьлла меттиг муьлхарниг ю. Цхьайолчу меттехь бераша шеко йолуш жоп лора, бакъду, «ВТК-х» лаьцна коьртаниг царна хууш хилар билгалделира. Шаьш нийса жоп моссазза ло, кхин а хазахетарца лардора цара рогIера хаттар. Кегийчу конкурсашкахь толам баьккхинарш а, жигара дакъалаьцнарш а совгIаташ доцуш ца битира.
Гулбеллачеран самукъадаккхархьама, юкъ-кара эшарш лоькхура эшаршлакхархоша, иштта, хелхарш а дора. Цул тIаьхьа дIайолийра коьрта конкурс.
Эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнера 20-чу дийне кхаччалц «ВТК-н» сим-карташ эцнарш бара конкурсехь дакъалоцуш. Хьалхара меттиг Тумжаханова Совдата яьккхира. Цунна совгIатана 15 эзар сом мах болу дашон номер елира. ШолгIа меттиг Валиев Хасис яьккхира. Цунна совгIатана «дато номер» елира. Ткъа кхоалгIа меттиг яьккхинчу Сайханов Эртина роутерца совгIат дира.
Конкурсехь дакъалаьцначаьрга вистхилира директорийн Советан председатель Масаев Салман.
– «ВТК-с» дIаяьхьначу конкурсехь аш дакъалацарна а, хIара цхьаьнакхетар аш тидамаза цадитарна а баркалла боху ас кхузахь гулбеллачарна. «ВТК» компани а, цуьнан белхахой а дийнахь а, буьйсанна а шайн абонентийн дуьхьа къахьоьгуш бу. Де-дийне даларца кхуьуш схьайогIуш ю компани а, – элира цо.
Толамхошна совгIаташ дIаделлачул тIаьхьа, безамна цхьаьна суьрташ а дохуш, дерзийра цхьаьнакхетар.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: «ВТК-с» дIаяьхьначу конкурсан дакъалацархой
№83, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо