Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Ерригроссин студентийн «Баккхийчу пхьерийн тIаьхье» фестиваль схьайиллира масех де хьалха.

Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон а, Россин Федерацин дешаран министерствон а, Нохчийн Республикин культурин министерствон а, республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а гIоьнца дIахьош яра и. Россин Федерацин 22 субъектерчу 29 дешаран организацера 55 студент вара фестивалехь дакъалоцуш.
Фестивалан хьеший бара – вайн республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, республикин Парламентан депутат Тагиев Мурад, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Дабаев Айдамар.
– ХIара тайпа фестиваль вайн университетехь дIаяхьар хаза ламаст хилла схьадогIуш ду. Мехала ду къаьмнашна вовшийн культура йовзийтарехь гIо деш йолу фестивалаш а, конкурсаш а вовшахтохар. Декоративни-прикладни искусствон а, халкъан кхоллараллин а говзанчаш вовшахтуху оцу фестивало. Культурин хьаьрман даима а терго йо вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кегийрхойн дешарна а, кхиарна а цо кхоьллина долу хьелаш бахьанехь, тахана вайн университетехь иштта мехала фестиваль дIаяхьа таро ю вайн, – элира Х-А.Халадовс.
Фестиваль схьайоьллучохь «Дешаран организацийн а, юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а гIуллакхашкахь ламасталлин исбаьхьаллин пхьоланаш кхиоран белхан кхузаманан хьал а, трендаш а» цIе йолчу семинарана презентаци йира.
Цул тIаьхьа фестивалан дакъалацархоша шайн-шайн белхаш бовзийтира. Иштта, искусствон бевзаш болчу гIуллакххоша мастер-классаш йира куьйган белхийн къоначу говзанчашна лерина.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: фестивалан дакъалацархой
№83, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо