Нижегородски областерчу Бор гIалахь дIаяьхьира Олимпийски чемпионна, Россин хьакъволчу чемпионна А.И.Парфеновна лерина йолу «Кубок России среди кадетов» цIе йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Ерригроссин турнир.
Россин ерриге а регионашкара дакъалоцуш 400 сов спортсмен вара, вайн республикера РДЮСШ-н 7 спортсмен а волуш.
Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира.
Нохчийчуьрчу М-А.Саидовс шолгIа меттиг яьккхира, (йозаллин категори 48 кг.), Макаев Ахьмада (38 кг.), Джабраилов Амирхана (47 кг.) кхоалгIа меттигаш ехира.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийна, уьш Iамийначу церан тренерша А.Макаевс, Х-Б.Эскерхановс, А.Сулеймановс.
ГIалмакхойчохь хинйолчу XI-чу Ерригроссин турнирехь дакъалаца кечам беш бу РДЮСШ-н спортсменаш карарчу хенахь.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, мехалчу совгIаташца.
З.АСУЕВА
№83, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де, 2018 шо