Ахьмад-Хьаьжин некъ

Iуьйренца дIавахана, сарралц болх а бина, цIаван хан хIоттарх а сиха ца хуьлу со цIа кхача. Со воьду керла ечу гIишлоне хьажа. Иза хIун гIишло ю а, стенна лерина ю а хаарца доьзна ду сан иза. ХIора кIиранах тайп-тайпана хуьлу со кхочу меттиг, аьлча а, еш йолу керла гIишло. Ваха юьхьанца лаьцна меттиг мел генахь хиларх а, дукха хьолахь гIаш кхача гIурту со цига. ГIаш вахаро суна алссам хан ло дIасахьажа а, сихонца доцуш, урамашкахула лелаш долчу адаме бIаьрг тоха а… Церан юьхь-сибатца церан ойланаш йовза хьажа а.

Ас чекхъяьккхина ишкол, цул тIаьхьа университетехь бакалавриат а. ХIинца болх беш ву со. Ваха а, ван а маьрша ву. Дин лело ма-оьшшу паргIато яьлла. Цомгуш хилча, дарба лаха мохк баьккхина дарбанцIенош ду. Культуран, спортан агIор кхиа а, дакъалаца а берриге аьттонаш а бина, дIахIиттийна. Амма аьттехьа а иштта ца хилла гуттар а.

Со вина а, дас-нанас кхиийна а ву халчу хенахь. Тхуна хилла ца Iаш, дерриге нохчийн халкъана а хилла иза хала хан. Iаламат доккхачу питанца кху махка тIом беана хан хилла иза. «ТIамо кIант ца вина, тIамо кIант вийна» бохуш долу вайн кица «ТIамо ца кхоьллина, тIамо кхаьллина» бохучу агIор дерзо лаьа суна цундела. ХIунда аьлча, цу тIамах, цу доккхачу питанах исбаьхьа, инзаре зен-зулам хилла вайн махкана.

Суна вуно дика дагайогIу «зачисткаш», дамар-дарц дина Соьлжа-ГIала, кхин йолу шахьарш а. ДагадогIу «стаг вайна, орцах довла…», «…эккхийтар дина» боху кхайкхарш. Кхачош а доцу тезеташ а догIу дага. Делахь а, къаьсттина суна дагадогIуш дерг ду «Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчоьнан куьйгалле хIоттийна…» бохуш, сан чохь ден-ненан къамел хилла де. Цу хенахь сан 7-8 шо бен хан яцара, амма суна и де къаьсттина дага-м догIу. Дас-нанас Ахьмад-Хьаьжа куьйгалле хIоттавар дозаллица дийцарца эсехь сецна хила а мега суна и де. Амма коьртаниг иза дац… Коьртаниг цул тIаьхьа хилларг ду.

Иза дара Ахьмад-Хьаьжин «вай дуьненна вайна тIом бан хаьий хаийтина, хIинца кхиберш санна даха хаьий а хаийтий вай?» аьлла, бинчу кхайкхамца доладелла. Цу кхайкхамал тIаьхьа беттанаш бен-м ца девлира, I0 шарахь кху махкахь а, халкъехь а лаьттина чолхе хьал хийцадаларан хьалхара гIулчаш хааелча. Мотт кхиорца, культура а, спорт а яржорца, могашалла ларъярца, дешар керлачу тIегIане даккхарца, юьртбахам кхиорца доьзна хилира Ахьмад-Хьаьжин хьалхара указаш. «Официалан хьокъехь бирзина тIом а боцуш, хIун кхион, яржон дохку вай?» бохуш хаттар а кхоллалуш юкъараллехь. Амма замано теший вай, цу чолхечу хенахь Ахьмад-Хьаьжас яьхна хьалхара гIулчаш нийса хиларх. Цу хеннахь вай вешан хьал хийца ца дуьйладеллехь, тахана кхузахь кхин сурт хир дара.

Ша арабаьккхинарг Далла хьалха а, халкъана хьалха а доккхачу жоьпаллин некъ хиларе терра, «сан коьрта Iалашо – маьрша Нохчийчоь», «со гуттар а вина сайн халкъах воккха» бохуш, дукха къахьийгира Ахьмад-Хьаьжас. Кху махка питанца тIом беъначарна чIогIа новкъа хиллачух тера дара цуьнан болх. Цо бохург «ма хьийзаде сан къам» дара. Вайн къоман балин бух тIехь карьера а, бахамаш а бина, баха хевшинчарна иза баккъалла а хилла хир дара ца тайна. Вай кхетачу агIор аьлча, Ахьмад-Хьаьжа «…суна бен вац боевик, иза кхузара я кхечанхьара хиларх. Ас сайн къам хьийзадойтур дац!» бохуш, къахьоьгуш вара.

2004-чу шаран 9-чу майхь эккхийтар бахьана долуш, кхалхар нисделира Ахьмад-Хьаьжин.

«ХIинца хIун хир ду?», «ХIинца вай хIун дийр ду?» бохуш, доьхна хьаьвзира къам.

«Дика доцуш вон ца догIу» аьлла, цхьа кица ду вайн. Иштта, «Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан хир ву шен ден некъ дIакхоьхьуш…» аьлла, хаза кхаъ кхечира халкъе. «Нохчийчоь — тIеман лар а йоцуш» лозунг а хIоттош, исторехь цкъа а ца хиллачу сихаллица меттахIоттийра мохк: йира бIеннаш ишколаш, больницаш, бахархошна гIишлош… Кхечира уггаре а генарчу ярташка ток, хи, газ. Дехкира царна тIедоьлху некъаш. Тодира зиярташ, кешнаш, маьждигаш. Ехкира хьуьжарш, хьафизийн ишколаш. Кхиа йолаелира экономика, юьртбахаман дакъа, туризм, дуьненаюкъара зIенаш. Иза дерриге а хилира 3-5 шарахь.

Нохчийн халкъ тIаьхьахIоьттира Рамзанна, цуьнан болх а тайна. Цуьнан болх бара шен дас лелийна хилларг: «мехкан а, халкъан а дуьхьа» аьлла, юкъараллехь цIеяхана болу. Цунах олу «Ахьмад-Хьаьжин некъ».

Сих-сиха хIинца а хьоьжу со цо политикашца, гIарабевллачу нахаца динчу къамелашка, цо цхьаболчеран харцонна дуьхьал латтийнчу къийсамашка а. Вайн къоман къаьсттина вевзаш а, везаш а хилла ши турпалхо: Шайх Мансур а, Таймин Биболат а. Церан могIаре, царах уггаре хьомениг а хуьлуш дIахIоьттина Ахьмад-Хьаьжа.

ХАСАХАНОВ Ислам

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: