Вайна ма-хаъара, кхузаманан искусство, киноиндустри кхуьуш ю вайн республикехь. Бакъду, берашна лерина мультфильмаш яр цкъа а хилла дацара вай долчохь. Оьрсийн я кхидолчу къаьмнийн а мультфильмаш нохчийн матте яхар-м хуьлура. Иза тахана а даьржина ду кхузахь. Масала, «Бераш, бераш…» передачехь денна го нохчийн матте яьхна мультфильмаш. Дегайовхо кхуллуш а, мехала а хIума ду иза.
Делахь а, дукха хьолахь дозанал арахьарчу мехкашкахь яьхначу мультфильмашка хьоьжуш хан йоккху вайн бераша. Цу чохь муьлха турпалхой бу, берашна цара Iамош дерг хIун ду хууш дукха дай-наной бац. Вайна дагахь а доцуш, чIогIа вуон тIеIаткъам бо малхбузехь йиначу мультикаша кхетам а, дуьненах йолу ойла а чIагIъялаза долчу берашна. Бусалба динца я нохчийн къоман Iадаташца ца догIу хIуманаш дукха хуьлу цаьрца. Вайна даима дагахь хила деза малхбузерчу къаьмнийн гIиллакхаш, мехаллаш вайн къоман гIиллакхашца йогIуш цахилар. Оцу мультфильмашка хьежча берашна дика хIума Iемар дац. Бакъду, пайдехь мультфильмаш а хила тарло дозанал арахь йинчарна юкъахь. Делахь а, уьш наггахь бен ца нисло.
Цундела, вуно мехала хир дара вайн республикехь мультфильмаш яхар даьржича. Шеко яц и ойла кестта цхьаммо кхочушйийриг хиларх. Бакъду, цу балхана оьшу говзанчаш вайн махкахь кIезиг бу, нагахь уьш белахь а. Хетарехь, Нохчийчохь дуьххьара шен куьйга мультфильм яьккхинарг ву ала мегар ду Гуьмсерчу кIантана Шамилов Сахьабна. ПохIме суьрташдахархо хилла ца Iаш, кхоллараллин муьлххачу балхехь хьуьнар долуш ву иза. Бераш дукхадезаш волчу Сахьаба даима сагатдора хийрачу къаьмнийн мульфильмашка хьоьжучу нохчийн берашна. ХIунда аьлча, дуьненахь мел долчу берашна аьлча санна яьхна мультфильмаш хилар, нохчийн маттахь уьш цахилар гIайгIане дара. Иштта кхоллаелира вайн берашна лерина цу тайпа гIуллакх дан дог-ойла. Башха гIирсаш а, таро а ца хиларе хьаьжина доцуш, де-буьйса ца лоьруш, шарахь гергга къахьийгира кIанта шен ойла кхочушъян гIерташ. Цхьажимма а оцу балхах кхеташ волчунна хуур ду мультфильм яккха мел хала ду а, иза мел боккха болх бу а. Эзарнашкахь суьрташ дахкар, турпалхой, церан васташ кхоллар, аьзнаш дIаяздар, мукъам баккхар, иштта дIа кхин а. Дерриге а шен куьйга дира Шамилов Сахьаба. Эххар а, кху шеран январь баттахь интернета чохь хьовсархойн тидаме йиллира цо «Адам. ТIаьххьарлера обарг» цIе йолу мультфильм. Адам – цуьнан коьртачу турпалхочун (жимачу кIентан) цIе ю. Ткъа мультфильман бухе диллинарг ду нохчийн тIаьххьарлерчу обаргах Магомадов Хасухах лаьцна дийцар. Мультфильман коьрта Iалашо ю вайн берашна, тIекхуьучу чкъурана вайн къоман турпалхой бовзийтар. КхидIа ша йохучу мультфильмашкахь кхиболу турпалхой а бовзийта Iалашо ю кIентан. Говзачу мультипликаторша ма-барра, кхачамбацарш а доцуш, дукха говза бина Сахьаба шен болх. Хазахеташ ду, иштта пох1ме а, хьуьнаре а кегийрхой нохчашлахь хилар. Шамилов Сахьабах а, цуьнан кхоллараллах а лаьцна оха шуна кхул т1аьхьа а дуьйцур ду. «You Tube» сайта т1ехь «Адам. Т1аьххьарлера обарг» аьлла д1аяздича, нохчийн к1анта нохчийн маттахь яьккхинчу дуьххьарлерчу мультфильме хьажа а, цуьнан мах хадо а таро ю хьеннан.
А.МУСАЕВА