РогIера 2019-гIа шо Нохчийчохь ГаланчӀожан кӀоштан шо ду аьлла, дIакхайкхийна. Иштта хаам бина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь ГаланчӀожан кӀоштахь министрашца а, бакъонашларъяран органийн векалшца а, цхьайолчу кӀоштийн куьйгалхошца а дӀаяьхьначу кхеташонехь.

ГаланчӀожан кӀоштан шо дIакхайкхорца нийса а догӀуш, шайн дай баьхначу ярташка хьалабаха лаам болуш бахархой хилахь, царна лерина берийн бошмаш а, школаш а, кхийолу учрежденеш а яр тӀелаьцна республикин куьйгалло.
Цул сов, некъаш дахкаран болх жигарбаьккхина ца Ӏаш, Марта (Фортанга) хица нохчийн а, гӀалгӀайн а доза ларалуш долу шира тӀай дӀа а даьккхина, циггахь керла, заманан лехамашца догӀуш долу тӀай а туьллур ду. Иштта, туризм кхиоран Ӏалашонца, туризман йоккха комплекс яйта а, инвесторшна бегӀийла хьелаш кхолла а лерина.
Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, ГаланчIожан кIоштах дийнна республикина шура а, жижиг а, моз а латторан «туш» ян йогIу.
Хууш ма-хиллара, 1944-чу шарахь махках баьхначу нохчашна, генарчу, хийрачу махкахь 13 шо а даьккхина, шайн Даймахка цIабирзича, ГаланчIожан кIошта баха-бахка а, баха ховша а дихкина дара.
1970–1980-чуй шерашкахь тайп-тайпанчу говзанчийн а, талламхойн а экспедицешна «схьайиллина» кIошт, 1980–1990-чуй шерашкахь бахархошна а «схьаелла» йолийра – амма оцу маршонах а, бакъонах а, 1990-чу шерашкахь дуьйна республикехь «кегари» а, цул тIаьхьа тIом а болабаларца, пайдаэца ца ларийра нохчийн халкъ.
Иштта лаьттира хьал 2009-гIа шо тIекхаччалц. Оцу шарахь, Нохчийчохь КТО-н раж дIаяьккхинчул тIаьхьа, нохчашна юха а пурба делира оцу кIошта баха-бахка а, баха ховша а. Амма, тIаккха кхин бахьана хIоьттина бахархошна цига ца баха – некъаш цахилар, лелхаза болчу тIеман гIирсех кIошт дIацIанйина цахилар, и.дI.кх.а.
2012-чу шарахь, Конституци тIерачу Нохчийчоь кIошташна екъаяларан статьяхь хийцамаш барца, ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошт меттахIоттийначул тIаьхьа, жигара дIаболийра кIошт лелхаза болчу тIеман гIирсех дIацIанъяран а, некъаш дахкаран а болх.
И белхаш карарчу хенахь чаккхене боьлхуш бу.
Некъаш дахкар бахьана долуш, ГаланчIожан кIошт хIинцале а «хоттаелла» Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а кIошташца.
ТIедогIучу шарахь, кIошт Итон-Кхаьллан кIоштаца «хуттуш», керла некъ баккха ойла ю.
Делахь а, ГаланчIожан кIоштан хьокъехь Кадыров Рамзана мел бинчу сацамех уггаре а маьӀне бу цигарчу Хьайбахан хьокъехь бина сацам – Хьайбахахь, 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь, НКВД-н Генарчу Малхбален махкахула йолчу Урхаллин хьаькаман, пачхьалкхан кхерамазаллин 3-чу ранган комиссаран Гвешианин омранца, дийна воллушехь, божал чу а воьллина, вагийначу 700 вахархочун сийнна хӀолламам (мемориалан) комплекс хӀоттор.
ХАСАХАНОВ Ислам
№84, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 9-гIа де, 2018 шо