Бакъонашларъяран органийн белхахочун де билгалдаьккхира

Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертийн залехь билгалдаьккхира Россин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун де. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс, Премьер-министра М.Хучиевс, Парламентан спикера М.Даудовс, Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Р.Алхановс, кхечара.

Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахой а, ветеранаш а декъалбира шайн корматаллин дезачу денца. Иштта, цо билгалдаьккхира бакъонашларъяран органийн белхахой майра а, цара арабаьккхина некъ нийса а хилар бахьана долуш, республика Россин субъекташна юкъахь уггаре а кхерамза ларалуш хилар.

«Нохчийчохь машар дIахIотторехь шайн доккха дакъа юкъадиллина аш, республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна А-Хь.Кадыровна шаьш тешаме накъостий хилар билгал а доккхуш. Халахеташ делахь а, оцу некъа тIехь дуккха а вайн вежарий кхелхина. Шайн синош гIазотехь а, Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь а дIаделла цара. Белхан декхарш кхочушдарехь кхелхина бакъонашларъяран органийн 1,5 эзар сов белхахо. Церан хьуьнар вай цкъа а дицдийр дац. Цул сов, церан доьзалш а, бераш а тесна а дуьтур дац вай. Карарчу цхьана шара чохь вай балха нисдина белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу 200 сов белхахочун бераш. Терго йоцуш Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо а буьтур бац бакъдуьнена бирзинчу вайн белхан накъостийн доьзалш», – билгалдаьккхира цо.

Цул тIаьхьа совгIаташ а дира республикин Куьйгалхочо. Цуьнан указаца нийса а догIуш, республикин коьрта совгIат – Кадыровн орден – делира Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Наркотикаш яржорна тIехь терго латторан урхаллин хьаькамна Г.Делимхановна.

Иштта, «Нохчийн Республикин гIаролхочунна» а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» а мидалш чоьхьарчу гIуллакхийн органийн масех белхахочунна а елира.

СовгIат доцуш Чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара заместитель – Полицин хьаькам А.Алаудинов а ца висира – цунна, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министран И.Путилинан омранца, ведомствон мидал елира.

Цхьаьнакхетар концертан программица дерзийра.

И.ИСЛАМОВ

№85, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: