ГIалмакхойчуьрчу Лагань гIалахь дIаяьхьира доьхкаршца латаран ловзаран М.Комушевна лерина йолу Ерригроссин XI-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин ерриге а субъекташкара спортсменаш. Вайн республикера оцу турнирехь дакъалоцуш бара РДЮСШ-ра спортсменаш.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира вайн махкахой: Гусигов Амирхан (75 кг.), Ушиев Адам-Бек (62 кг.), Тимигов Хьамид (82 кг.), Сусуркаев Аюб (90 кг.), Хадашев Шамал (100 кг.).
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна болу церан тренерш: А.Гусигов, А.Магомадов, Х-Б.Сулейманов, М.Таипов. Цундела, спортсмена ша даггара баркалла боху царна.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№85, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гIа де, 2018 шо