Вайна ма-хаъара, гуьйренан тIаьххьара бутт бу карарниг. Цуьнца доьзна, берийн библиотекехь ешаран «Гуьйренан паччахь» синкъерам хилира. Библиотекин ешархой, жигархой бара цигахь дакъалоцуш.

Берашна доккха совгIат хиллера шайн дуьхьа кечйинчу гуьйренан программах. «Шеран хенаш» проектан гурашкахь вовшахтоьхна бара и синкъерам.
Библиотекехь хаза ламаст а хилла дIахIоьттина и гIуллакх хIора а шеран гуьйранна дIадахьар. Иза хуучу кегийчу ешархоша дикка кечам бина а хиллера.
«Дашочу гуьйренах» лаьцна байташ ешарца дIаболийра синкъерам. Оьрсийн классикан А.Пушкинан «Уж небо осенью дышало» байт а, М.Лермонтовн «Осень» а, А.Фетан «Ласточки пропали» а, Ф.Тютчеван «Листья» а, иштта дуккха а кхин байташ а йийшира бераша.
Цул тIаьхьа бераш «Листочки» а, «Грибочки» а командашна декъаделира. Берашна лерина конкурсан кепехь программа кечйинера. Масала, «Схьагулде гIаш».
Оцу къийсадаларшкахь лаьттахь дIасакхийсина гIаш схьагулдан дийзира церан. Иштта, «Листик в воздухе» а, «Крокодил» а, «Дождик» а ловзарех левзира бераш.
Ловзаршна тIехь ца йирзира конкурс. Берашка хIеталш-металш делира. Оцу зерех а дика чекхдевлира бераш.
Конкурсехь толамхо ца хилира. Уьш цхьатерра дика ларийра, цундела, конкурсан берриге а дакъалацархошна «мерза совгIаташ» дира. Цул тIаьхьа «мерза стол» хIоттийра берашна.
Иштта, хаза цхьаьна хан яьккхира цара.
З.КУНТАЕВА
Суьрта тIехь: Ешархойн синкъерамехь
№85, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гIа де, 2018 шо