Хатаев Хьуьсена оьрсийн литературин классикан Пушкин Александран «Евгений Онегин» поэма нохчийн матте гочйина, литературин «Вайнах» журнала тIехь зорбане яьккхина.

Цо бина болх бовзийтарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира масех де хьалха А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь. Цигахь дакъалецира Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша. Суьйре дIахьош вара Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса.
Ахмадов Мусас дийцира Хатаев Хьуьсена бинчу балхах лаьцна. ГIараяьлла евзаш йолу поэма гочъян ойла шен муха кхоллаелла элира Хьуьсена.
– «Евгений Онегин» поэма гочъян Ахмадов Мусас дагадаийтира суна. Иштта дIаболийра ас цу тIехь болх. Говзар гочъярехь, уггаре а халачех дара – оьрсийн классикан меттан хатI хаалуш хила дезар. Суна хаьа, цу тIехь кхачамбацарш а хир ду, – элира Хатаев Хьуьсена.

Ахматукаев Адама билгалдаьккхира, говзарш гочъяр иза аттачех гIуллакх цахилар.
– Вайна массарна а школехь дуьйна дика евзаш ю «Евгений Онегин» поэма. Оьрсийн литературин классикан Пушкин Александран оцу говзарехь хаалучу мукъамна Iамаделла вай. Цундела, нохчийн матте яьккхинарг схьаэцча, тамашийна хета тарло цхьаболчарна. Муьлхха а говзар гочъечу хенахь цуьнан маьIна гайта а, цуьнан шен мукъам ларбан а хьажа везаш хуьлу. Хатаев Хьуьсена бинарг боккха болх бу. Цо и говзар гочъяр вайна мехала ду, цунах вайна хаза кхаъ а хилла, – элира цо.
– ХIара гочдар арахецар нохчийн меттан хьехархошна хаза кхаъ бу. Вайна махаъара, оьрсийн шайн къоман гIиллакхаш ду. Ткъа Хьуьсена нохчийн Iадаташца йогIур йолчу кепара гочйина и говзар. Тхуна доккха совгIат дина ахь, Хьуьсен, – бохура нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин председатела Бергоева Айзас.
Оцу гочдарх лаьцна дуккха а хаза дешнаш элира оцу цхьаьнакхетарехь. Цигахь вовшахкхеттачарна Хьуьсена ша гочйина говзар йоьшийла лиира. Шен гочдаран масех дакъа дийшира цо.
Библиотекин директора Исраилова Сацитина а, цуьнан коллективана а Хатаев Хьуьсенна баркалла а олуш дирзира, цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой