Iасанах накъост вина бехарш

БIаьрса доцу нах. Царна цкъа а ца гина шайн дай-нанойн яххьаш, маьлхан серло. Дуьне дагца ган Iемина нах бу уьш. Далла гергахь ирсе бу и нах. Къинош кIезиг я данне а дац оцу нехан.

Дерриге а дуьненахь евзаш ю бIаьрзечеран юкъаралла БIаьрзечеран Ерригроссин юкъаралла ВОС.

Нохч-ГIалгIайн АССР-хь 1932-чу шарахь кхоллаелира и организаци. Цуьнан кхайкхам бу: «БIаьрзе тхо дац, тхо ца гуш берш бу».

ХIокху шеран лахьанан (ноябрь) беттан 13-чу дийнахь 86 шо кхаьчна оцу организацин.

ТIаьхьарчу шерашкахь оцу организацин Москвахь йолчу коьртачу урхалло «КIайчу Iасанан бутт» аьлла, ламаст юкъадалийра Россин Федерацин ерриге а регионашкахь йолчу бIаьрзечу нехан организацин декъашхошна лерина цхьацца гIуллакхаш вовшахтухуш.

Тхан цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин бIаьрзечу нехан юкъараллин организацин председательца Каримова Хьаваца. Оцу организацехь дерг хаа аьтто хилира тхан.

Организацин Iалашо ю бIаьрса доцучарна а, иза ледара долчарна а реабилитаци яр. Вайна ма-хаъара, заьIапхошна гуттар а оьшу белхан меттигаш нисъярехь а, социальни, медицинин агIор гIодарехь а накъосталла.

Хьалха оцу Iалашонца организацехь схьайиллина тайптайпана цехаш а, интернатцIа а дара. БIаьрзечеран деша а, къахьега а меттигаш яра цхьана тхов кIелахь. Цигахь бехара уьш, доьзалш а кхуллура. Царна дина 2 цIа дара чохь 150 петар йолуш. Иштта, 40 стагана лерина юкъараIойла а яра.

Соьлжа-ГIаларчу «8-гIа Март» урамехь республикин школа-интернат, иштта дешаран консультацин пункт, клуб яра заьIапхошна социальнокультурин реабилитаци ярна лерина йина.

Къаьсттина оьшу спортан кабинет. СССР-хь дика евзара Соьлжа-ГIалахь бIаьрзечу наха еш хилла радиоприемникаш а, ткъа иштта кеманийн мотораш а. Вайн махкахь хиллачу тIемаша йохийра и беркате меттигаш. БIаьрзе нах чохь Iаш хилла ши цIа а дохийра.

2010-чу шеран хIутосург (май) беттан 21-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилира оцу меттигашкахь. Цул тIаьхьа меттахIитторан белхаш дIаболийра.

Тахана, кхузаманан лехамашка хьаьжжина хаза динчу цIа чохь дIатаръелла Каримова Хьавас куьйгалла ден организаци. Шайн архив меттахIоттийна, иштта, бIаьрзечарна оьшуш йолу литература еша аьтто бу библиотекехь.

Нохчийн Республикехь 3 700 стаг ву бIаьрса доцуш я ледара долуш (тIом балале хьалха 1 200 стаг бен ца хилла оцу юкъараллехь). Царна юккъехь 500 бер ду.

БIаьрзечеран цIа официальни схьаделлар хилла дац. БIаьрзечу нехан ерригроссин юкъараллин организацина юкъайогIуш ю Нохчийн Республикин бIаьрзечу нехан организаци. Пачхьалкхан федеральни чоьтехь ца хиларе терра, оцу организацин шен бюджет яц. Оьшучу гIуллакхна тIехь шайга дало накъосталла до вайн республикин Къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиорна а министерствос а, Культурин министерствос а.

Брайлан шрифтаца Къуръан деша Iама аьтто бу кхузахь бIаьрзечу нехан. Организацина динчу цIенна уллехь дина маьждиг ду.

Цигахь довха хи, оьшуш мел долу хьелаш ду. УьйтIахь хаза парк, чухчари, рагIу, бIаьрзечарна дIасалела аьтто болуш дехкина гIашлойн некъаш ду. ХIора шарахь «КIайчу Iас анан бутт» дIакхайкхабо организацин куьйгалло. Иза ерриг Россин юкъараллин бIаьрзечу нехан хьашташна тIе тидам бахийта йолчу Iалашонца дIахьочу гIуллакхийн бутт бу.

Цунах лаьцна Каримова Хьавас дуьйцу: «КIайчу Iасанан баттахь оха, хIора шарахь санна, гIуллакхаш кхочушдо. Тхайн организацин декъашхой республикин къоман музей буьгу, республикин белхешкахь а дакъалоцу. Октябрьски кIоштан префектурин куьйгалло а, «Единая Россия» партин тхан кIоштахь йолчу отделенин куьйгалло а гIо до тхуна. Лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь тхо долчохь бIаьрзечу нехан тениссан шоу-даун аьлла, СКФО-н спартакиада хилла. СКФО-н субъекташкара командаш яра цигахь дакъалоцуш.

Тхо долчохь бIаьрзечарна компьютерийн класс схьайиллина. Оцу чохь леррина программа ю «говорящая» олуш. Оцу программо дуьйцу Iемаш волчу бIаьрзечо гIалат даьккхинехь. Зорба тоха а, интернет зIенах пайдаэца а Iамадо. Дешар маьхза ду. ХIинцале компьютер лелор карадирзина 10 сов стагана. Компьютер Iамо лууш берш дукха бу, ткъа уьш цкъачунна шиъ бен яц. ХIора стаг Iамо 2–3 бутт хан еза. Цундела Iамийнарг 10 стаг бен вац. Цул сов, тхо долчохь аьзнийнрежиссерийн студи а ю.

Иза БIаьрзечеран Ерригроссин юкъаралло елла тхуна. Москвара схьабеана оьшуш болу гIирс. ХIинца тхан боккха аьтто бу тхаьш еш йолу мероприятеш ерриг Россехь а дIахазийта. Тхайниг санна йолчу организацешца гергарло таса а, зIе латто а аьтто бу тхан. ХIокху беттан 15-чу дийнахь лур ю оха. Шуна ма-хаъара, тхан организацехь Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболу а артисташ бу. Иштта, Соьлжа-ГIалахь йолу бIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу а берийн школаинтернатера бераш а догIур ду дакъалаца. Цигахь тхан организацин вайн республикехь йолчу филиалашкара а хьеший бара. Тхан отделенеш ю Шелахь, Хьалха-Мартанахь, Шелковскойхь, Гуьмсехь. ХIора шарахь «шашки-шахматы» турнир дIахьо оха».

Шен болх безаш, Дала шена уллехь нисбинчу бIаьрзечу нахах къахеташ бусалба догойла йолуш стаг ю Хьава. 2002-чу шарахь дуьйна ю иза и болх беш. Цо ша а лайна бIаьрса ледара хиларна бахьанехь дуккха а халонаш.

Йоккхаеш дийцира цо шайн организацин декъашхоша бусалба нехан дезчу деношкахь дIахьочу гIуллакхех лаьцна.

БIаьрзечарна юкъахь дукха бу Къуръан деша хуурш, Мовлад доьшурш. КIайчу Iасанан бутт сиха чекхбели. Ткъа дахар, зама дIайоьдуш ю. БIаьрзе нах кIезиг бац вайна юкъахь. Делан къинхетамца церан терго йо церан гергарчара а, лулахоша а. И санначу нахана гIо дар вайн декхар ду.

БIаьрзечарна вай ца гарх, вайна ган бези и нах. Хезаш бу уьш. Вайгара хаза дош, хаза гIиллакх сов хир дац ишттачу нахана.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрташ тIехь: бIаьрзечеран юкъараллин декъашхойн цхьаьнакхетарш

№85, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: