Хууш ма-хиллара, 2015-гIа шо Россин Федерацехь Литературин шо аьлла дIакхайкхийна ду. Цундела Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу министерствошкахь, организацешкахь, школашкахь дIахьош ду литературин декъехула цхьаьнакхетарш. Иштта кху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIаяьхьира кхоллараллин суьйре. Дагестанан яздархойн Гусеев Мусан«Iаьржа февраль» киншка а, Атаева Гегюрчунан поэзи а йийцаре еш, дIадаьхьира цхьаьнакхетар. Цига баьхкинера: Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо Касумов Сайд-Мохьмад, Нохчийн Республикин юкъараллин «Оптимум» организацин Президент Ахмаев Руслан, Нохчийн ОвгIанехь хиллачу тIеман ветеранийн, заьIапхойн союзан председатель Исмаилов Майрбек, Шелан ОвгIанан тIеман районан ветеранийн союзан председатель Ташухаджиев Iабдулбек, «Оптимум» организацин Шелан районехь йолчу комитетан председатель Тапсултанова Лариса, Нохчийчоьнан юкъараллин палатин куьйгалхочун заместитель Муцаев Мами, Дагестанан Ауховски район меттахIотторан комитетан председатель Шавхалов Султан, Дагестанан «Нийсо» газетан коьрта редактор Якиев Iумар, Дагестан Республикин халкъан гуламан депутат Мисиев Хазали, «Кумыкская равнина» газетан редактор Алимгаджиев Магаррам, Дагестан Республикин хьакъболу хьехархой Татаева Хьурмат а, Шахбазова Асият а.
Цхьаьнакхетар долош Гусеев Мусас билгалдаьккхира «Iаьржа февраль» книга ша масийтта шо хьалха язйина хилар.
– Зорбане даккха кечдина долу книгин шолгIа дакъа 1999-чу шарахь Нохчийн Республикехь шолгIа тIом баьллачу хенахь Зорбанан цIийнехь хIаллакьхилира сан. Цул тIаьхьа цу юккъе дуккха а хан елира. Тахана суна баркалла ала лаьа Нохчийчохь сайн книга а, кхолларалла а йовзуьйтуш хIара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна. Суна цкъа а ца хетта нохчийн къам хийра, вовшашна лулахь Iаш а, бусалба цхьа вежарий а ду вай, – элира цо.
Мусан а, Гегюрчунан а дуккха а байташ йийшира церан поэзиъезархоша. Ткъа иштта аьтто хилира Гегюрчунан гIумкийн маттахь язйинчу байташка нохчийн маттахь ладогIа. Цхьа байтийн дийнна гулар Дагестанан Республикин хьакъйолчу хьехархочо Татаева Хьурмата нохчийн матте гочйина хилар а хаийтира цхьаьнакхетарехь. Цул сов, Мусан а, Гегюрчунан а дешнаш тIехь даьхна иллеш а элира, эшарш а лекхира Дагестан Республикин хьакъйолчу артисткас Индербиева Джамиляс, композитора, иллиалархочо, Дагестан Республикин хьакъволчу артиста Латипов Шерипа а, кхечара а. Цхьаьнакхетар дерзош суьйренан хьешашна дипломаш делира, мехала совгIаташ дира.
З.САГАЕВА