Дийцаре дира шуьйрачу хаамийн гIирсийн форумна кечамбар

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу TheLokal хьешацIийнехь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн VI-чу Дуьненаюкъарчу форумна кечамбаран а, и дIаяхьаран а вовшахтохараллин комитетан кхеташо.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан заместитель Стариков Сергей, Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан юьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан Нохчийн Республикехула волу коьрта федеральни инспектор Джунаидов Лоьма, «Къилбаседа Кавказ» цIе йолчу юкъараллин дIадолорийн регионашна юкъарчу туьшан директор Давыдов Кантемир, ТАСС-н Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолчу векалаллин директор Александрова Оксана, Къилбаседа Кавказан федеральни округан а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш.

Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн форум ерригроссин тIегIанехь дIахьош яра, ткъа хIокху шарахь дуьйна дуьненаюкъара хир ю иза. Цига кхечу пачхьалкхашкарчу шуьйрачу хаамийн журналисташ а, кхечу пачхьалкхийн Россехь болу векалш а, цхьайолчу федеральни министерствийн а, ведомствийн а векалш а богIур бу. Оцу мероприятехь дакъалоцуш верриге а 700 сов стаг хир ву, царах 200 эксперташ а, спикерш а болуш, – элира Умаров Джамбулата.

Стариков Сергейс билгалдаьккхира форумехь чIогIа самукъане а, «ира» а дискуссеш дIахьош хилар.

ХIокху шарахь, Нохчийн Республикерчу тхайн белхан накъосташа тхайга кхайкхарца доьзна, форум гIуран (декабрь) беттан юьххьехь Соьлжа-ГIалахь дIаяхьа сацам хилла тхан. Вовшахтохараллин гIуллакхаш дийцаре даран вайн хьалхара кхеташо ю хIара. Форум лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьа дерриге а хIума тидаме эца хьовса деза вай, – элира С.Стариковс.

«Къилбаседа Кавказ» цIе йолчу юкъараллин дIадолорийн регионашна юкъарчу туьшан кхочушдаран директора Магомедова Залмус дийцира форуман программех лаьцна.

Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн VI-чу Дуьненаюкъарчу форуман программа кийчча ю ала мегар ду.

Форумехь, коьртачу декъана, терахьийн медиах лаьцна дуьйцур ду вай. Пленарни кхеташо дIахьур ю гIуран (декабрь) беттан 6-чу дийнахь. Ткъа оццу беттан 5-чу дийнахь дискуссионни кхеташонаш а, медиа-мастерскойш а дIахьур ю. ХIокху шарахь форуман йолу башхалла ю, Юкъараллица зIенаш латторехула йолчу Россин цхьаьнакхетараллин гIоьнца «Кавказехь PR денош» дIахьург хилар, – билгалдаьккхира З.Магомедовас.

Дагадоуьйту, Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн форум хIора шарахь дIахьош ю. Цуьнан Iалашо ю журналистийн а, пресс-службийн векалийн а, блогерийн а вовшашна зеделлачух пайдаэца аьтто хилийтар а, иштта Iедалан векалшна а, экспертийн а, гIуллакхаллин а юкъараллийн юкъаметтигаш чIагIъяр а.

I.МУРТАЗОВ

Авторан суьрта тIехь: кхеташонан дакъалацархой

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: