Карарчу хенахь, хууш ма-хиллара, Соьлжа-ГIаларчу Заводски кIоштахь кхочушъеш ю республикина уггаре а мехале йолчу инвестийн проектех цхьаъ – Соьлжа-ГIалин ТЭС. Цуьнан нуьцкъалла 360 МВт хир ю.

Проект кхочушъяран майданахь хилира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
ТIебогIучу гIуран (декабрь) баттахь болх бан дIайолаялийта лерина хьалхара газотурбина. Амма иза шен хила беззачу нуьцкъалле яккхархьама кхин а масех бутт безар бу. Республикин Куьйгалхо вола а луш, гIишлошъярхошца къамеле а вуьйлуш хьаьжира кхочушъечу проекте.
Гинчу суьртана реза хиллачу Куьйгалхочо баркалла элира и тайпа проект республикехь кхочушъярна Россин Правительствона а, акционерийн «Газпром» юкъараллина а, проект кхочушъярехь къахьоьгучу говзанчашна а.
Цул сов, ТЭС-н «шолгIа дакъа» кхочушдайта а реза хилира Кадыров Рамзан.
Цуьнца нийса а догIуш, 360 МВт бен нуьцкъалла йоцу Соьлжа-ГIалин ТЭС, йовхонан ницкъах пайдаэцар бахьана долуш (пайдаэцарца доьзна – авт.), 440 МВт нуьцкъалла йолуш хир ю.
Республикин Куьйгалхочо дийцира ТЭС-х Нохчийчоьнна а, халкъана а бер болчу пайданах лаьцна.
Цунна хетарехь, республикин энергетикин комплекс кхиорна а, белхан керла меттигаш нисъярна а, бюджетана керла налогаш яларна а доккха маьIна долуш проект ю и. Иштта, электроэнергина транспортировка ярехь хуьлуш болу «иэшам» а, тIекхеташ йолу тарифаш а лахлург хиларх а тешна ву иза.
Дагадоуьйту газа тIехь болх беш йолу ТЭС республикин пачхьенан Заводски кIоштахь еш хилар, билггал аьлча – Соьлжа-ГIалин ТЭЦ-3 станци хиллачу кертахь. Нохчийн кхузаманахьлерчу исторехь хьалхара йолу ТЭС Россин Энергетикин цхьааллин системина юкъахь хир йолуш ю.
ТЭС яран белхаш 2015-чу шарахь дуьйна дIахьош бу.
2016-чу шарахь, проектан механа юкъахь хийцамаш баран Iалашонца, белхаш совцийнера. Иштта, оццу шарахь, Iаьнарангазан буха тIера станци, хьалхарчу муьрехь, газотурбинин буха тIе яккха сацам а хилира.
Карарчу хенахь объект яран декъехь къахьоьгуш 1 000 сов стаг ву. ТЭС йина яьллачул тIаьхьа цигахь 300 сов белхан меттиг хир ю.
Объектана финансировани «ГЭХ инжиниринг» юкъараллин («Газпром энергохолдингана» юкъайогIуш ю – ПАО «Газпром») чоьтах еш ю.
И.ИСЛАМОВ
№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо