Нохчийчохь даздийр ду Мухьаммад Пайхамар вина де

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вина де даздарна кечамбаран а, и даздаран а вовшахтохараллин комитетан кхеташо.

Цигахь дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Iеламнаха, цхьамогIа министерствийн, ткъа иштта кIоштийн куьйгалхоша.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де бусалбанийн рузманехь шатайпа мехала а, маьIне а хилар.

Цо дийцарехь, республикин бахархоша боккха сий-ларам бо Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу дийнан.

Оцу дийне сатесна хуьлу уьш. Иза тIекхочуш Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкахь, ярташкахь зуькарш до, мовладаш доьшу, гIийла-мискачарна сагIанаш ло, гIо-накъосталла до. Дагна хьаам беш, вовшашка йолу марзо чIагIъеш дика гIуллакхаш ду уьш.

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вина де даздарна беш болчу кечамех лаьцна дийцира I.Израйиловс: «Оцу дезачу дийнахь ерриге а республикехь дан деза гIуллакхаш билгалдаьхна. ДIахьош ду урамаш а, гIишлош а оцу денца доьзна кечъяр. Коьрта даздарш дIахьур ду Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь. Маьждига чохь дIахIиттор ю Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь-еза ассараш. ХIинцале а дIадолийна Делан элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу варах лаьцна, цуьнан дахарх лаьцна, цуьнгахь хиллачу муъжизатех лаьцна хьехамаш бар».

Цул тIаьхьа Межиев Салахь-Хьаьжас бовзийтира республикин бусалбанийн динан урхалло оцу сийлахьчу денца доьзна беш болу болх.

Цо дийцарехь, дешаран учрежденешкахь хьехамаш бу беш, Сийлахь Къуръан дика дешаран конкурсаш ю дIахьош, кхин а цхьамогIа дика гIуллакхаш ду деш.

Кхеташо ерзош, Кадыров Рамзана Iеламнахе дийхира кегийрхошца беш болу болх жигарабаккхар.

Цо билгалдаьккхина ма-хиллара меттигерчу Iедалан а, Iеламнехан а декхар ду кегийрхой харц-Iилманчийн, харц-молланийн Iаткъамах ларбар. Ткъа церан харцхьехамаш дукха бу соцсеташкахь. Цундела кегийрхошца болх бар Iаламат мехала гIуллакх ду.

Д.АНАДЕВ
№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: