Кадыров Рамзан Бахрейнехь хилира

Ламаст а хилла схьадогIуш ма-хиллара, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан веза хьаша а, ваша а санна тIеоьцу Iаьрбийн мехкашкахь. Иштта хилира иза хIокху деношкахь Бахрейне вахча а.

Мананан аэропорте республикин Куьйгалхочунна дуьхьал веанера оцу мехкан эла (принц) шайх Насер бин Хьамад Аль Хьалифа, Кадыров Рамзанан сийнна эскархойн «сийлаллин ха» а хIоттош.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзанан а, Бахрейнан паччахьан Хьамад ибн Ӏийса Аль Хьалифан а цхьаьнакхетар хилира.

Цигахь дийцаре дира Бахрейнна а, Нохчийчоьнна а юкъара зӀенаш кхиоран а, чӀагӀъяран а гӀуллакх.

«Бахрейнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь доттагIаллин зIенаш хилар чIогIа мехала а, маьIне а хета суна. Россин Федерацин Президента Путин Владимира дIахьочу арахьарчу политикин некъаца йогIуш а ю уьш», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Ткъа Бахрейнан паччахьа, Кадыров Рамзана шен кIентий Нохчийчу кхайкхарна а, царна лаккхарчу тIегIанехь хьошалла дарна а доккха баркалла а элира, оцу тайпанчу цхьаьнакхетарша шина халкъана а, пачхьалкхана а юкъахь йолу зIенаш чIагIъеш хиларна тIе тидам а бахийтира.

Цул сов, Бахрейнан паччахьа кхайкхарца Кадыров Рамзан Дуьненаюкъарчу Bahrain International Airshow (BIAS–2018) авиацин гайтамехь а хилира.

Цигахь иза хьаьжира Ӏаьрбийн Эмиратийн а, СаӀудийн Аравин а, Россин а секцешка.

Иштта, шеца цхьаьна Хьамад ибн Ӏийса Аль Хьалифа а волуш, Россехь дечу «Sukhoi Superjet» 100 кемане а хьаьжира Нохчийчоьнан Куьйгалхо.

Дерригдуьненан латархойн «Ахмат» чемпионатан лиго (WFCA – авт.) а, меттигерчу «Brave Combat Federation» компанис а вовшахтоьхначу ийначу латарийн турнирехь а хилира Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо шайн махка варна лерина, Бахрейнан элас шайх Насер бин Хьамад Аль Хьалифас хIоттийначу тойнехь а дийцаре дира Нохчийчоьнна а, Бахрейнна а юкъахь экономикин а, культурин а, спортан а декъехь йолу юкъаметтигаш кхиор.

Бахрейнехь даккха леринчу тIаьхьарчу дийнахь Кадыров Рамзан а, шайх Насер бин Хьамад Аль Хьалифа а Бахрейнан Паччахьан Гвардин туьшехь хилира.

Цигахь хьешашна гайтира Гвардин салтий Iаморан технологеш а, цара пайдаоьцу герзаш а, иштта, царна хьалха лаьттачу Iалашонех лаьцна а дийцира.

И.АДАМОВ

№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: