Владимирера – толамца

Дукха хан йоццуш Владимир гIалахь дIаяьхьира 1999–2001-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь хьалхеяккхаран «Владимирская осень» цIе йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин турнир. Иза лерина яра спортан мастерна А.Никифировна.

Турнирехь дакъалоцуш бара Россин ерриге а регионашкара къона спортсменаш. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш 7 спортсмен вара. Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевлира вайн махкахой: Т.Исаев (63 кг.) – ШВСМ, М-А.Касумов (72 кг.) – ДЮСШ №3, С-С.Бибулатов (82 кг.) – РДЮСШ, Х.Исаев (77 кг.) – РДЮСШ.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Р.Абиев, С.Исаев, А.Магомадов, Ш.Вараев.

Виъе а спортсмен Россин вовшахтоьхначу командина юкъавахана.

Кестта хиндолчу дуьненаюкъарчу къийсадаларшна кечам беш бу уьш.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: