Масех де хьалха республикин Къоман музейхь «Дагестанан кузашдаран говзалла» гайтам хилира. Шайн къоман кузашдаран говзалла луларчу республикашкахь гайтаран Iалашонца дIайолийна ю и проект.

Музейн зала чохь Дагестанан кузаш хьалатийсна а ца Iаш, уьш даран тен оьргаш а, кузаш дечу хенахь царна тIетуху тайп-тайпана басарш а дара.
Оцу гайтамах лаьцна шена хетарг элира историн Iилманийн доктора Хасбулатова Зулайс: – Истангаш дар даима а вайн халкъан кхолларалла хилла ю. Цхьана юкъана вайна юкъара чIогIа дIадайра истангаш дар. Кузаш даран говзалла вайна юкъахь жим-жима юхаденлуш ю. Вайнах хьалха дуьйна а хилла кузашдар дукхадезаш.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствон кафедран хьехархочо Мутусханов Ислама элира: – Вайна ма-хаъара, Дагестанан бахархой вайн лулахой бу. Цундела мехала хета суна, шайн кузашдаран говзалла гайтаран дуьхьа юкъаяьккхинчу проектан гурашкахь дуьххьарлера гайтам вайн Къоман музейхь схьабиллина хилар. Дагестанан хIора а кузан шатайпаналла хаало. Иштта, цаьрга хьожучу хенахь хаало, цо царна тIехь дуккха а къахьегна хилар.

Шаьш арабаьккхина некъ а бовзуьйтуш йистхилира Дагестанан искусствон музейн директоран Iилманан декъехула йолу заместитель Магомедова Iайшат: – Луларчу республикийн бахархошна тхайн кузаш даран говзалла йовзийтаран Iалашонца дIайолийна оха проект. Проектан гурашкахь Кавказан ерриге республикашка кхача ойла ю тхан. Нохчийн Республикин Къоман музейца гергарло лелош ду тхо. Цундела лиира тхуна и гайтам кхузахь дIабахьа.
Цул тIаьхьа схьабиллира гайтам. Дагестанан музейн белхахоша дийцира гайтамехь церан кхиэле мел биллинчу балхах лаьцна.
Cуьйре ерзош, музейн белхахоша баркалла элира Нохчийн Республикин Къоман музейн куьйгалло а, белхахоша а шайн кузийн гайтам вовшахтохарехь а, дIабахьарехь а дакъалацарна.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: гайтаман дакъалацархой
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо