Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин белхахоша «Кхерамазаллин цIа» аьлла акци ю дIахьош.
Гурахь а, Iай а цIерш йовларна кхерам цахилийтархьама дIахьош бу и болх.
Вайна ма-хаъара, гурахь а, Iай а газан а, тоькан а гIирсаш дIахIиттош кхерамазаллин бакъенаш ларъеш цахиларо дукха нехан хIусамашка дагахь доцу бохамаш, сингаттамаш беана меттигаш хаало вайна. И саннарг цахилийта профилактикин болх дIабахьарехь жигара къахьоьгуш бу МЧС-н векалш.
«Кхерамазаллин цIа» акцин гурашкахь белхахоша республикин бахархошца бохамаш цахилийтархьама къамелаш до. Цаьрца къамелаш дина ца Iаш, оьшуш болу хьехамаш бо.
Масех де хьалха оцу акцехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин а, Грозненски кIоштан а бахархоша.
МЧС-н векалша бахархошна цIеяларан дукха хьолахь хуьлучу бахьанех лаьцна дийцина ца Iаш, цIе яьлла меттиг нисъеллачохь уггаре а хьалха дан дезарг а хьийхира.
Акци дIахьочу белхахоша республикин бахархошца шаьш бечу балхахь боккха тидам тIебохуьйтура, къаьсттина газан а, тоькан а гIирсаш дIахIитторехь лардала дезаш хиларна.
МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин векалша арабаьккхинарг вуно беркате некъ бу. Вай тешна ду, цара дIахьочу акцех бахархоша пайдаоьцург хиларх.
З.ХАСИЕВА
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо