«Гриппана дуьхьало»

Гриппана дуьхьало. Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикехь дIадаьхьначу дикачу гIуллакхан цIе.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Региональни юкъараллин фондо а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос а, Нохчийн региональни отделенин «Волонтеры-медики» Ерригроссин юкъараллин боламан гIоьнца.

«Гриппана – дуьхьало» цIе йолчу дикачу гIуллакхехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство яра.

Кегийрхоша шаьш каде хиларе терра, мало ца еш, гриппана дуьхьало е аьлла, Нохчийн Республикин бахархошна молханийн 500 «ботт» дIасайийкъира. Иштта, кегийрхоша республикин бахархой шайн могашаллаIалашъяре а, дешарх, спортах, пайда оьцуш, беркате яккхарехьа а кхайкхира.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: дика гIуллакх

№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: