Халкъах дош аьлларг, оцу халкъе бакъ-дош дIакхачийнарг, халкъана везарг, халкъана виццалушверг ву халкъан яздархо. Цхьа а шеко йоцуш Айдамиров Абузар ву халкъан яздархо. Эсаран (октябрь) бутт дIабовш республикин яртийн, гIаланийн библиотекашкахь а, школашкахь а дагалецамийн суьйренаш дIаяьхьира Айдамиров Абузар дуьнен чу ваьлла 85 шо кхачар билгалдоккхуш.
ХьастагIа яздархочун юьртахь, Мескитахь, хилира дагалецамийн суьйре. Цигарчу культурин цIийнан йоккхачу зала чу ца тарлуш дукха нах гулбеллера. Яздархо ваьхначу юьртан урамехула схьабогIу баккхий нах гуш, Абузар дIаваьлла хIоьттина тезет карладаьлча санна хетара.
Яздархочун йоIарий: Савдан, Яхийта, Машар, Седа яра цигахь. Церан да шен, юьртан юьхь йина ца Iаш нохчийн дерриге а халкъан а юьхькIам бина ваьхна вара.
Бехке дацара Машар оцу дийнахь синтем боьхча санна хетар а. Дерриге а карладаьллера. Зала чохь дуккха а бара Абузарца марзо оьцуш, цунах дагабийлинарш, цуьнан книгаш тIаьххьара шайнаш дIаделла а оьцуш, царах беркат эцнарш.
Суьйре дIахьош вара поэт Саиев Iумар. Хьешашна юкъахь вара Киндаров Iабдула, Мамакаев Эду-Хьаьжа, Касумов Сайд-Мохьмад, Кацаев Сайд-Хьасан.
Нажи-Юьртан кIоштан божарийн «Ламанан аз» вокальни тобано иллица дIайолийра суьйре. Абузаран говзарш юкъалоцуш миниспектаклан инсценировка гайтира Мескитарчу школин дешархоша. Царна юкъахь бара З.Абдулрахманова, Р.Бекедиева, З.Анзурова, И.Умархаджиев, З.Айдамиров, А.Айдамиров.
БойсгIаран а, Шемалан а хиллачу къамелах яра иза. Сцена тIеман хан гойтучу декорацешца кечйина яра. Шайн турпалхойн ролаш даггара ловзайора дешархоша. Нохчийчохь хилла-лелла къаьхьа бакъдерш дуьйцура «Еха буьйсанаш» романа юкъара. Боккха тIеIаткъам бира оцу инсценировко зала чохь болчу нахана. Берашца литературин композици кечйинарг Абузаран йоккхах йолу йоI Савдан яра.
Мескитарчу Iеламстага Арсаев Iумара билгалдаьккхира Абузаран йозанан мотт нохчийн меттан ницкъ, хазалла, аьхналла гойтуш хилла хилар: «Абузар оьшуш стаг вара. Цуьнгара схьаэцаза дуккха а хIуманаш дисарна дагахьбаллам бу. Абузар везарна, ларарна, тхан юьрта дахкарна Дела реза хуьлда шуна», – элира цо. «ХIокху суьйренехь ца хила йиш яцара сан. КIиранах 1–2 хуьлура со Абузар волчохь. Абузара цкъа шеца цхьа книга еара суна гайта. Иза Дагестанан дикачу нахах лаьцна яра. Абузара элира соьга «Iабдулла, ахь дика язйийр ма яра Соип-Моллах лаьцна книга. Ма дика хир дара ахь и болх бича».
Абузаран весет кхочушдар нисделла Советийн заманахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министр лаьттинчу Киндаров Iабдуллин. Цо ша язйина «Шейх Сугаипмулла Гойсумов» книга елира Абузаран цIарах йолчу музейна.
Цхьаболчарна ца хууш хила тарло, Абузар а, Мамакаев Iаьрби а ши доттагI хилла хилар, Iаьрби Абузар волчу хьошалгIа ваханчохь кхелхина хилар. Цундела цхьа шатайпа гергарло ду Мамакаев Эду-Хьаьжин Абузаран доьзалца. Цо элира: «Вайн Эвлаяаш тоьланаш чохь Iийна. Шайн цIена ойланаш а, дог а бахьанехь Далла дукхабезна уьш. Абузар а, и санначу нахана уллера стаг хетта суна, тIаьхь-тIаьхьа муххале а. Цо дитина дош историн, литературни хIоллам бу. Вайн халкъана а боккха юьхькIам бу Машара а, цуьнан йижарша а шайн ден цIарах йолу музейн дола деш, хьеший тIеоьцуш сема хилар».
Оцу суьйренехь къамелаш дира А.Вагаповас, Ш.Абубакаровас, З.Умарсултановас, С-Хь.Кацаевс, С-М.Касумовс.
«Вайн махка тIом беача а, цул тIаьхьа а дог эца, дог даста, дагавала карош верг Абузар вара. Цо шен йозанашкахь вайга хийлазза дийцинарг юха а тIехIоьттира вайн халкъана. Абузаран дош кхоччуш теллина дац вайн халкъо», – элира С-М.Касумовс.
Абузаран гIиллакхах, къамелах, хьехамах болчу дагалецамаша кхин цкъа а тIечIагIдора Абузар саннарг эзар шарахь цкъа бен вогIуш цахилар.
Массарна а тайра Кацаев Сайд-Хьасана аьлла дешнаш: «Абузарца цхьаьнабеттабелла нах а кIезиг буьсуш бу. Вайх хIорамма а шен дагалецам дIаязбича дика хир дара. ТIаьхьа книга зорбане яьккхича историх мехала книга хир яра иза».
Иштта, оцу суьйренехь къамелаш дира Гойтемиров Руслана (Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан профессор), Курбанов Лечас (А-Хь.Кадыровн орденан кавалер).
Яздархочо Джунаидов Аюба дагадаийтира Абузар дIаваьлча Иорданерчу вайнаха цигахь кхаа дийнахь тезет латтийна хилар. Дика масал далийра Аюба халкъан яздархочун дош нохчийн маттахь дешаран беркатах лаьцна: «Футболиста Пелес книга язйинера «Со – Пеле» аьлла. Шайн къоман маттахь деша ца хуучу миллионашкахь болчу бразилахоша Пелен книга ешархьама Iамийра шайна къоман маттахь еша. Нохчийн къоман мотт кхин хIумма а ца хилча Абузаран хаза дош довзархьама Iамо безаш бара вай».
Нажи-Юьртарчу Бена-Веданарчу школерчу хьехархочо Ахматов Амхьада элира «Нохчийн хIора хIусамехь жайна санна баьрччехь латто хьакъ дара Абузаран книгаш».
Абузар Хьалха-Мартан кIоштан больницехь дIаваьлла 2005-чу шарахь. Цуьнан лор хилла волу Товсултанов Юнади вара оцу суьйрене веана шен кIентан кIанта валош. Цунна Абузар аьлла цIе тиллина цо. Жимачу Абузара Абузаран байташ йийшира.
Мескитан юьртдас Висамбиев Iумар-Хьаьжас а, Культурин цIийнан директора Айдамиров Iумаргирис а баркалла элира шайн сийлахь юьртахо, яздархо Айдамиров Абузар лерина оцу суьйрене баьхкинчу хьешашна.
Массарна а хазахийтира «Ламанан аз» божарийн тобано дIааьлла Абузаран дешнаш тIехь даьхна иллеш а, ткъа иштта МухIажаран назма хазийтар а.
Культурин цIийнахь цхьаьнакхетар дIадирзича Абузаран цIарахчу музей кхайкхира хьеший. Абузаран, МухIажаран тIера даьккхинчу сагIанах кхийтира уьш.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрташ тIехь: Мескитахь дагалецамийн суьйренан дакъалацархой
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо