Чекхбаьллачу беттан 29-30-чуй деношкахь, Россин Коьртачу харжамийн комиссин 25 шо кхачар билгалдаккхаран гурашкахь, Москвахь дIаяьхьначу «Харжамаш: тахана а, кхана а» форум-конференцехь ша дакъалацарх а, республикин Харжамийн комиссис бечу балхах а лаьцна тхоьца къамел хилира Нохчийн Республикин харжамийн комиссин председателан Байханов Iумаран.
Цо билгалдаккхарехь, лакхахь хьахийначу форумконференцехь дакъалоцуш Россин харжамийн комиссин таханлера куьйгалла хилла ца Iаш, 25 шеран муьрехь мел лаьттина куьйгалхой а, Россин субъекташкарчу харжамийн органийн куьйгалхой а бара.
Иза лерина яра харжамийн системин таханлера а, кханалера а хьал дийцаре дарна а, оцу декъехь болу тIаьххьарлера хийцамаш а, лехамаш а, хьежамаш а бовзийтарна а, талларна а.
Цул сов, Россин Президента В.Путина цхьаьнакхетар а дIадаьхьира цуьнан дакъалацархошца.
– Iумар, Россин харжамийн комиссин 25 шо кхачарна леринчу форум конференцехь хилларг-м довзийтира ахь, ткъа хIинца, тхан хьалхарчу хаттарна жоп а луш, дийцахьа Нохчийн Республикин харжамийн комиссих лаций.
– Нохчийн Республикин харжамийн комисси республикехь дIахьочу харжамийн а, референдуман а мероприятешна Iуналла даран а, терго латторан а Iалашонца кхоьллина орган ю. Шен декхарш кхочушдарехь республикин Iедалан кхийолчу органех йоьзна а яц. Амма цхьабакъду – харжамаш а, референдумаш а дIаяхьаран хьокъехь долчу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а законийн лехамаш кхочушбан а, Россин харжамийн комиссин омранаш а, тIедахкарш а тидаме эца а декхарийлахь ю Комисси.
– Харжамаш боцчу муьрехь хIун болх бо Комиссис?
– Харжамаш боцуш цхьа а шо долуш дац, хIунда аьлча, цхьана шарахь федеральни а, республикин а тIегIанехь харжамаш дIахьо, ткъа кхидолчу шерашкахь кIоштийн а, яртийн а тIегIанехь харжамаш хуьлу.
Комиссис жигара болх федеральни а, республикин а тIегIанехь болчу харжамашкахь бен цабарх, кIоштийн а, муниципалитетийн а тIегIанехь харжамаш дIабахьаран муьрехь меттигерчу харжамийн комиссешна гIо дан дезаш нисло, харжамаш дIабахьарехь цаьрга законан лехамаш талха цабайтаран Iалашонца терго латто езаш а нисло.
Делахь а, беккъа и болх бина а ца Iа тхо. Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон кIошташкахула йолчу миграцин отделашца а, доьзал кхоллар чIагIдаран цIеношца а болх дийнна шарахь беш бу оха. Масала, республикин вахархо ша хIинццалц ваьхначу цхьана кIоштара кхечу кIошта Iен-ваха дехьаваьллехь а, доьзал а кхоьллина, шина я цхьана адамо ша Iийна меттиг хийцинехь а, и хаамаш гул а бой, беттан чаккхенехь кIоштийн куьйгалхошка дIакхачабо меттигерчу органаша. Ткъа цул тIаьхьа, кIоштийн дайша, хIора а баттахь, и хаамаш тхоьга схьакхачабо.
ТIаккха оха и хийцамаш кхаж таса бакъо йолчу бахархойн могIаре боху.
Кхуззахь билгалдаккха догIу цхьаболчу бахархоша кIошт хийцина ца Iаш, субъект а хуьйцуш хилар. Церан хьокъехь а кхочу тхоьга хаамаш – нагахь санна стаг республикера гуттаренна а дIаваханехь, оха иза лакхахь хьахийначу могIарера дIавоккху, нагахь санна республике Iен-ваха веанехь – юкъаязво.
Цул сов, рицкъ а кхачийна, бакъдуьнена вирзинарг а, кхеташ ма-хиллара, кхаж таса бакъо йолчу бахархойн могIарера дIавоккхуш ву.
Иштта, республикехь шайн отделенеш йолу политикин партеш а йицъян ца йогIу – уьш кхузахь 30 сов ю. Цара, хIора а чийрикехь (квартал), финансийн декъехь шаьш бинчу балхах лаьцна отчеташ кхоьхьуьйту тхоьга.
Оцу отчеташна тIехь таллам беш ю Харжамийн комиссин талламан-ревизин орган. Цу юкъа догIу цаьрга кхаьчна а, цара пайдаэцна а финансаш таллар.
Нагахь санна партин отделенис отчет схьа ца яийтинехь, оха, законаца нийса а догIуш, цара административни бакъо талхор дина хиларан хьокъехь бух а кечбой, и гIуллакх суьде хьажадо.
И дерриге ца дийцича а, цунах ламаст а дина беш кхин цхьа болх а бу тхан – хIора шарахь лакхарчу классашкарчу дешархошна юкъахь оха дIахьо харжамийн гIуллакхна лерина йолу республикин тIегIанера олимпиада а, «йиллинчу неIарийн денош» а.
Цо а гойту, харжамаш цахиларх, тхо болх боцуш дуьсуш цахилар.
– Маса стаг ву харжамийн комиссийн декъехь республикехь къахьоьгуш?
– Республикин а, меттигерчу (кIоштийн) а харжамийн комиссийн декъехь къахьоьгуш 4 эзар сов стаг ву. Иштта, хIора а кIиранах, республикин Харжамийн комиссин цIийнехь, карарчу хенахь оцу декъехь болх бечу а, бан леринчу а бахархошна лерина семинараш дIахьо оха.
Церан гурашкахь чекхбевллачу харжамашкахь йина съемкаш а, хилла хаамаш а тидаме а оьцуш, царна тIехь таллам бо, аьлча а, царна тIехь нийса дерг а, доцург а къастадо, тIаккхахула гIалаташ ца дийлийта дан дезарг дийцаре до, и.дI.кх.а.
– Харжамаш дIабахьаран а , кхажтасаран а гIуллакхашкахь мел «говза» бу республикин бахархой?
– Иза ас ца дийцарх а шуна хууш а, гина а ду – муьлхха а харжам дIабахьарх а, цигахь кхаж таса богIу дукхе-дукха бахархой. Цо гойту цара и гIуллакх бен-башха ца хеташ тесна цадитар, кхаж таса йолу шайн бакъо царна мехала хилар, шаьш кхаж таса безарх уьш кхеташ хилар.
– Росси федераци хиларе терра, республикехь лелаш федеральни а, республикин а законаш ду. Ткъа харжамаш дIабахьаран хьокъехь законийн бух бан а буй республикин?
– Ахь ма-аллара, Нохчийчохь лелаш федеральни а, республикин а законаш ду. Цу юкъадогIу харжамаш дIабахьаран хьокъехь долу законаш а. Ткъа уьш федерацин хилла ца Iаш, республикин а ду. Масала, Россин Федерацин Президент а, Пачхьалкхан Думин депутаташ а харжаран хьокъехь долу законаш федеральни ду.
Амма Нохчийчоь схьалаьцча, республикин Куьйгалхо, Парламентан депутаташ я меттигера урхалла харжаран хьокъехь долу законаш – республикин ду.
ДIахьош болчу харжамийн тIегIане хьаьжжина оьцуш бу оцу законех пайда.
– Муьлххачу а харжамна оьшуш ю бюллетенеш. Уьш, наг-наггахь оьрсийн, маттахь хилла ца Iаш, нохчийн маттахь хилар а го. Стенца доьзна ду и?
– Иза федеральни а, республикин а законодательствос елла бакъо ю. Масала, Россин Федерацин Президентан я Пачхьалкхан Думин депутаташ харжаран Iалашонца дIахьочу харжамна бюллетенеш беккъа цхьана оьрсийн маттахь бен хир яц.
Амма Нохчийн Республикин Куьйгалхо а, Парламентан депутаташ а хоржучу харжамна лерина бюллетенеш, республикехь пачхьалкхан ши мотт хилар тидаме а оьцуш, республикин Харжамийн комиссин декъашхойн сацамца, оьрсийн маттахь кечйина ца Iаш, нохчийн маттахь а кечйо.
– Муха вовшахтухуш бу республикин Харжамийн комиссин декъашхой?
– Харжамийн комиссин декъашхой 5 шарна хоржуш бу. 14 стагах лаьтташ ю «коллегиальни» кепара декхарш кхочушден урхалла. Оцу 14-ннах 7 Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, 7 республикин Парламентан депутаташа а хоржуш ву.
Харжамийн комиссин председатель цуьнан керлачу кхайкхаман хьалхарчу кхеташонехь, Россин харжамийн комиссис къастийначу кандидатурашна юкъахь «къайлах кхаж тасарца» хоржуш ву.
ХАСАХАНОВ Ислам
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо