Журналист, яздархо, Iилманча

(Музаев Нурди вина 105 шо кхачарна лерина)

Кхин цхьа а могIа язбина ца хилча а, СССР-н халкъан артиста Кобзон Иосифа дIааьлла Соьлжа-ГIалех долу илли бахьанехь, массо а ханна халкъалахь яха юьсур яра нохчийн яздархочун, поэтан Музаев Нурдин цIе. Цуьнан дешнаш тIехь Фельцман Оскара мукъам баьккхина и башха илли тахана а девзаш ду. Музаев Нурди яздархо, поэт хилла Iаш вацара. Иза журналист, драматург, гочдархо, Iилманча вара. Цхьа а хIума цIархазмана деш Iедал дацара цуьнан. Массо а хIуманна тIехь кхачам болуш болх бора цо, тIаьхьалонан ойла еш. Иштта къахьийгира гуьржийн яздархочун Руставели Шотан «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал» поэма нохчийн матте йоккхуш. Ткъех шарахь гергга болх бира Музаев Нурдис и поэма гочъеш. Цуьнан къинхьегамах вайна доккха беркат делира. Гуьржийн яздархочун дуьненна евза говзар нохчийн маттахь хилар вайна массарна а юьхькIам бу. КIезиг дац Музаев Нурдигара дийлина и тайпа диканаш. Уьш халкъаца дехар ду заманан йохалла нур ца довш, нохчийн воккхачу яздархочун сирла амат къоман иэсехь латтош.

Жималла

Нохчийн ширачу юьртахь БелгIатойнЭвлахь 1913-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Музаев Нурди. Винчу юьртахь чекхъяьккхина ворхI класс.

1929-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу рабфаке деша вахана. Юьртарчу школехь доьшучу хенахь книгаш еша марзвалар дIа ца тосуш, шен дерриге а дахарехула дIакхехьна цо. Рабфакехь дешаро а доккха гIонакъосталла дина оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литература йовза. Литературица йолчу уьйр-марзоно кхиийна ойла йозанашкахь шен хьуьнар зен а. Байташ язъярехь шен ницкъаш зуьйш Нурди школехь доьшуш волуш дуьйна вара. Делахь а, зорбане валар 1930-чу шарахь хилира цуьнан.

1933-чу шарахь цуьнан байтийн дуьххьарлера гулар зорбане елира. «Бакъновкъахь гIулч» яра гуларан цIе. Заманан лехамашна жоп луш яра цуьнна юкъаяхана байташ. Цара хестадора колхозан дахар, Советийн Iедало нохчийн лаьмнашка еана серло, керлачу Iедало комаьрша схьакхийдош йолу маршо. Рабфак чекхъяьккхина ваьлча Москва деша хьажаво иза, ерригсоюзан коммунистийн институтан журналистикин отделени. Цигахь доьшуш а волуш, Музаев Нурдин аьтто болу СССР-н яздархойн хьалхарчу гуламехь дакъалаца а, СССР-н Яздархойн союзан декъашхо хила а. ТIаьхьа цо дозалла дора СССР-н Яздархойн союзан декъашхо ша хиларх а, шен тоьшаллин кехат Горький Максима тIе куьг яздина хиларх а. Москвара институт чекхъяьккхина, журналистан корматалла караерзийна Соьлжа-ГIала цIавирзина Н.Музаев вайн республикехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Ленинхо» цIе йолчу кегийрхойн газете балха хIутту. Юьхьанца цо болх бо газетан редакторан заместителан даржехь. ТIаьхьа – редакторан даржехь.

ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш юкъал тIех девлла хан ю иза. Пачхьалкхана тIехула луьра дохк лаьттина зама ю. Нохчийчуьра дукха адам, лар йоцуш хьулдина оцу луьрачу дохко.

Драматургехь хьалхара гIулчаш

ДегаIийжамечу хиламаша синош гIорош деара 1937-гIа шо. Цкъа мацах хьалбахам хилла адамаш, мелла а совъяьккхина яа сискал ерш, Iеламнах НКВД-н белхахоша къизаллица схьалоьцуш, набахтичу кхуьйсуш бара. Мангалан (июль) беттан 31-чу суьйранна НохчГIалгIайн Республикера 14 эзар стаг чувоьллинера. Цунах тоам ца беш санна, эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIала СССР-н НКВД-н министр волчу Ежов Николайн заместитель Шкирятов Матвей кхечира. Цуьнан омранца эсаран беттан 10-чу дийнахь НохчГIалгIайн Республикин КПСС-н обкомо йоккха кхеташо гулйира республикера массо а хьаькам кхайкхина. Оцу кхеташонехь дакъалаьцна верриге а нохчийн, гIалгIайн къомах волу хьаькам, юьртдена тIера дIабуьйлабелла, кIоштийн куьйгалхой юкъалоцуш, массо а министр а, обкоман секретараш а чубоьхкира. Къинхетамза набахтичу кхийсинчарна юкъахь вара «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») газетан куьйгалхо Арсанукаев Халид, Яздархойн союзан председатель Бадуев СаьIид, радиокомитетан директор Айсханов Шамсудди, театран директор Яхшаатов Хьамид, иштта дуккха а кхиберш.

Национализман бен бу аьлла, йоцу цIе тиллина, дIакъевлира къоман театр. Актерашна луш алапа дацара, цара дан дезарг дуьйцуш цхьа а вацара, цара балхо шайн къа-бала тидаме оьцуш стаг муххале а вацара. Ишттачу хьолехь эха шарахь сов лаьттира НохчГIалгIайн драмин театр. Ларамаза набахтичу кхачаза бисина вайнехан къоман интеллигенцин векалш чIогIа саготта бара къоман театрана тIехь кхоьллинчу харцонна, шайна юкъахь Музаев Нурди волуш. Цара дукха къахьийгира, хIетта когаяха эгIаза камIараш етташ хилла, театр юха схьаеллийта.

Эххар а, 1938-чу шеран мангалан (июль) баттахь театр схьайиллира коьрта режиссер Вайнштейн Владимир а хIоттош, Музаев Нурдин «Асет» пьеса а хIоттош. Цу муьрера дукхах йолу говзарш санна, заманан лехамашна жоп луш яра «Асет» пьеса а, изза цIе йолу спектакль а. Нохчийн юьртахь колхоз йилларо тодинчу дахарх яра иза. Колхозехь хьанал къахьегаро ирсе кхачийначу нохчийн йоIах яра. Шира Iадаташ дIатесна, керлачу Iедало еанчу маршонах Асет кхетарх а, дог реза дина, йоккхаеш, цо уьш тIелацарх а яра. Шен нийсархошна къеггина масал хилла дIахIотта декхар долуш яра Асет. Кхин цхьа беркат делира Музаев Нурдигара къоман театрана оцу муьрехь. Театран коьртачу режиссераца Вайнштейн Владимирца цо язйира «Мекхаш-Мирза» пьеса. Иза нохчийн къоман бартакхоллараллех пайдаоьцуш язйина яра. ЧIогIа самукъане а яра. Оцу чолхечу заманахь хьовсархоша хазахетарца тIеэцна яра «Мекхаш-Мирза». ХIинца а вайца ехаш ю леррина оцу спектаклана Димин Iумара яьккхина хелхаран йиш. ДагайогIий шуна? ЦIахь вац, чохь вац Мекхаш-Мирза, Лела вахана Мекхаш-Мирза.

Лела вахана Мекхаш-Мирза, Ши кIарх байъина ма веана… Къоначу актерийн чкъуро кест-кеста карлайоккхуш, ткъех шарахь сов, НохчГIалгIайн драмин театран репертуарехь лаьттина «Мекхаш-Мирза». Авторан къеггинчу похIмано а, актерийн хьуьнарша а алкъан комеди йинера цунах. Музаев Нурдин тоьллачу говзарех цхьаъ ю и комеди. ХХ-чу бIешеран 40-чу шерийн юьххьехь волало яздархо шен хьуьнар гочдаршкахь зен. Цо кхиамца нохчийн матте йоху Пушкинан, Лермонтовн, Некрасовн, оьрсийн кхечу поэтийн байташ. Советийн поэтан Маяковский Владимиран «В.И.Ленин» поэма нохчийн матте яккхар цуьнан къаьсттина боккха кхиам лоруш бара.

Буьрсачу тIеман къиза денош

Немцойн фашисташа Советийн Союзана ямартлонца тIелатар дина, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. КIезиг дацара Нохч-ГIалгIайн Республикина цунах кхаьчна лазаме дакъа. ТIом дIаболабалале, итт эзар сов стаг вара вайн махкара ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш. ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь кхин кхойтта эзар стаг шайн лаамца тIаме дIавахара. Кегийрхой йохье бохуш, церан дог-ойла гIаттош, толамах уьш тешош дукха къахьийгира Музаев Нурдис. Цо байташ язйора, тIаме баха вовшахкхеттачарна хьалха къамелаш дора, радиоэфирехь кхайкхамаш бора. Данне а нийса хир дацара Нурди оцу буьрсачу тIамах деккъа цIена къамелашца чекхваьлла аьлча.

1942-чу шеран гурахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь вовшахтуху леррина 255-гIа дошлойн полк, шен коьртехь Висаитов Мовлид волуш. Дукха яздархой а, журналисташ а бара дошлойн полкан бIаьхой, шайна юкъахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редактор хилла Имадаев Мохьмад а волуш. оцу тобанца тIеман ара дIавахара Музаев Нурди а. Полкан политкуьйгаллин декъашхо, пулеметийн эскадронан комиссар вара иза.

1942-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалара араяьлла дошлойн полк фашисташа дIалаьцна хиллачу Сальск гIалин йистошца богIучу фашисташна юккъе кхоьссира. Амма вайн кIентий боьхна ца хьаьвзира. Шайгара майралла, доьналла, бIаьхаллин хьуьнар гойтуш, фашисташца тIом бира вайн махкахоша.

1942-чу шеран аьхке чекхъялале Сталинградан йистошкахь тIемаш беш бара уьш. ЦIен Эскар юхадолуш фашистийн караяхана Садовое, Котельниково, Цацан Iам мостагIашкара схьаяккха ницкъ кхечира церан. Буьрсачу тIемашкахь гайтина бIаьхаллин хьуьнар бахьанехь елла орденаш, мидалш яра Нурдин. Муьлхха а нохчи санна, иза бераллехь дуьйна Iамийна вара Даймохк беза, мостагIчух иза ларбан. Боккхачу Даймехкан сий шен кхерчан сий санна лардан дезаш хилар, ненан шурица цIийх доьллачарех вара иза. Амма мел майра тIемаш вайн махкахоша бинехь а, царах дукхахберш турпалаллица эгна тIеман арахь бисинехь а, вайнахана цхьабосса, къизаллица цIевзина схьакхечира 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа Iуьйре. Сталинан хьадалчаша цхьана дийнахь-бусий махках бехира нохчий а, гIалгIай а. Луьрачу мостагIчух дера леташ тIеман арахь лаьттарш а ца битира, доггах юьхьарлаьцна гIуллакх чекхдаккхалц а. Фашистех майра лета бIаьхой а, буьрса кхехкачу тIамна юккъера баьхна, дIахьовсийра Казахстане а, Юккъерчу Азе а. Оцу декъазчу декъехь вара Нурди а. Цу хенахь 30 шо кхаьчна волчу цуьнан хIусамнана а, кхо кIант а вара. Кхуьнга кхаьчна бохамаш ца тоьаш санна, хийрачу метте кхаьчна дукха хан ялале, шийлачу некъан халонаш ца лайна, дIаелира цуьнан хIусамнана Аза).

Хийрачу махкахь

МузаевгIар цхьана ханна ГIиргIизойн махкахь дIатарбеллера. Яздархо, тIеман дакъалацархо вара аьлла царна кхоьллина цхьа а бегIийлаш яцара. Массара а санна мацалла, шело, гIело лан дийзира. Делахь а, диканах дог ца дуьллуш, доьналлица халачу зерех, яхь дIацалуш, чекхвелира иза. Мелла а хан яьлча, Нурдин аьтто белира юьртан школе юьхьанцарчу классашна хьеха балха хIотта. Шен аьтто баьллачухула, гIиргIизойн газеташка, радио статьяш язйора цо, говзанчас язйина хиларе терра, уьш кест-кеста зорбане йовлура, радиоэфирехь хуьлура. Нохчашна тIехь Iедало латтош долу таIзар мелла а малделча, радиокорреспондентан балха хIотта аьтто белира цуьнан. Амма Нурди цкъа а вацара баьккхинчу толамах, шега кхаьчначу кхиамех тоам беш. Балхана юкъара ца волуш, цо кхиамца чекхъяьккхира Фрунзера (хIинца Пишпек) хьехархойн институт.

1953-чу шеран бекарг (март) беттан 5-чу дийнахь Сталин Иосиф кхелхича, мелла а хийцамаш хилира махках баьхначу вайнехан дахарехь. ЦIаберза болу сатийсам чIагIбеш бара и хийцамаш. Iедалан архаш кхечуьнга кхачар шайна беркате дерзаре сатуьйсура вайнаха. Церан бехке боцу сатийсамаш эрна ца хиллера. Хрущев Никитас къинхетам бира Сталинан хьадалчаша дохийначу къаьмнех, Iедало ялийтинчу ледарлонна даре деш. Цунах пайдаэцна, коьртачу декъана АлмаАтахь гулъелла хиллачу вайнехан интеллигенцис «Къинхьегаман байракх» газет схьадиллира. Иза нохчийн маттахь дара. Ненан маттахь яздан хууш верг газетаца гергарло долуш вара. Н.Музаев а вара газетан редакцехь болх беш. Культурин отделана куьйгалла деш вара иза. Иттех шо даьллера нохчийн, гIалгIайн культура ур-атталла хьахо а бакъо йоцуш.

Делахь а, вайнехан культурин белхахой къарбелла Iаш бацара. «Кавказан хелхарш а, эшарш а» цIе йолу масех ансамбль яра Казахстанехь концерташ луш. Уьш, дукха хьолахь, нохчийн артисташа кхоьллина яра. Царах статьяш кест-кеста гучуйовлура «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь. Нохчийн яздархойх, артистех, художникех йолу статьяш а яра зорбане юьйлуш. Оцу газетехь кхоьллинера книгаш зорбане яхаран отдел, шен коьртехь Магомаев Хас-Мохьмад а волуш. Оцу отделехь зорбане кечйина нохчийн вевзачу яздархочун Арсанов СаIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» роман а. Оцу отдело гIо-накъосталла деш зорбане яьккхира Музаев Нурдис шен «Дада Ленин», «Селима дуьйцу» поэмаш. Цу муьрехь язйина говзарш нохчийн маттахь а яра, ненан мотт кхиорехь уьш Iаламат мехала а яра. «Ма хетта ца хилча, ма торру», – аьлла вайн хьекъалечу дайша.

ХХ-чу бIешеран 50–60-чуй шерашкахь зорбане евллачу дукхахболчу яздархойн говзаршна тIедогIуш дара и халкъан кица. Царна бехк буьллийла дацара. Яздархошна шайн декхар хетара Советийн Iедална, КПСС-на нохчийн къам муьтIахь хилар дIагайтар. Нийса хир дацара, 13 шарахь бехк боцуш, къиза Iазап токхуьйтуш, дай баьхначу лаьттах хьегош, бакъонех хадийначу шайн къомехь латтийна бала ца гуш, яздархоша и тайпа говзарш зорбане йохура аьлча. Царна дерриге а гора, шайн къомаца цхьаьна баланаш лайна бара вайн яздархой а. Къаьхьа къурдаш дойтуш, хорам хилла Iеткъаш бара царна къомо лайна бала. Делахь а, кхолламо схьакховдийначу хьелашкахь дIадахьа дезаш дара дахар. Вайнехан яздархойн цхьа лаам бара оцу чолхечу заманахь – къомана ямартлонца тIехьарчийна «халкъан мостагIий» цIе йолу оба, катоьхнна дIаяккхар. Цундела жигарбаьккхинера яздархоша советийн заманан керла турпалхой бовзуьйтуш йолу говзарш деборан болх. Къаьсттина кайолура и тайпа говзарш кхуллуш Музаев Нурдин. Цхьана дийнахь а мокъа Iаш вацара иза. Хаддаза къахьоьгуш вара. Шен заманахь халкъо уьш езаш тIелоцура.

Дай баьхначу лаьтта тIехь

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу деношкахь мерза кхаъ баьржира вайнахана юкъахь. Царна цIаберза бакъо яьллера. Хазахетаран доза дацара. Вайнах бехачу ерриге а гIаланашкахь, ярташкахь, кIотаршкахь ловзарш дара деш. Хийрачу махкахь виса лууш цхьа а вацара. Массеран синош тоххара, тIомадевлла, Кавказе дIакхаьчнера. Хьалхарчийн могIарехь цIабахка новкъабевлларш культурин белхахой бара: яздархой, журналисташ, артисташ, художникаш. Царна тIедиллина дара, культурин кхерчаш метта а хIиттийна, шайн мехала болх карлабаккхар. Шо шаре далале, болх дIаболийра филармонис, шуьйрачу хаамийн гIирсаша, театро. Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театро, 1958-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахь, 14 шарахь къевлина лаьттина шен неIарш схьайиллира Ошаев Халидан «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклаца.

Ткъа 1959-чу шеран бIаьстенан юьххьехь театрехь керла премьера яра. Музаев Нурдин «Уггаре а хьоменаш» пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль хIоттийнера нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона. Нохчийн цхьана юьртарчу колхозан дахар дара спектаклехь гойтуш. Хьаналчу къинхьегамо хаздина адамаш дара спектаклан коьрта турпалхой. Вайн махкара колхозаш йохье яьхна ца Iаш, луларчу Дагестанерчу колхозхошца а йохье бевлла, шайн хьуьнарш гойтуш бара спектаклан турпалхой. «Дукха хенахь дуьйна театран репертуарехь оьшуш яра вайн къинхьегамхойн таханлерчу дахарх лаьцна йолу пьеса. Оцу деношкахь, театро дуьххьара гайтира нохчийн яздархочо Музаев Нурдис язйина керла пьеса «Уггаре а хьоменаш». Таханлерчу дийнахь, советийн халкъ, Коммунистийн партис шена хьалха хIоттийна сийлахьйоккха ворхIшеран план кхочушъян доладеллачу муьрехь, оьшуш йолу пьеса яра иза. Колхозан бахамехь керла толамаш бахархьама, шайн догIмаш а ца кхоош, муьлхха халонаш ловш, ширачу Iадатийн кIохцалш а кегдеш, болхбар, социалистийн юкъаметтигийн буха тIехь къаьмнийн доттагIалла чIагIдар, керла коммунистийн юкъаметтигаш чIагIъяр – иза бу керлачу пьесин чулацам.

Ала деза цуьнан авторе Н.Музаевга, иза язъеш цо шена хьалха хIоттийна декхар, коьрта долчуьнца кхочушдаделла хилар. Атта дац иштта чулацам болуш йолу пьеса язъян. Советийн халкъан хаза дахар мадарра гайтар, юьртахь ширачу заманах бухадисинарш Iорадахар, вайн дахарехь кхуьуш йолу коммунистийн юкъаметтигаш нийса гайтар, хала а, жоьпаллин а декхар ду. Оцу декхаран доккхачу маьIнех нийса кхетта пьесин автор а, театран коллектив а», – яздора 1959-чу шеран бекарг (март) баттахь арадаьллачу №29 йолчу «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь хиллачу «Уггаре а хьоменаш» шен статьяхь Iилманчас Абазатов Мохьмада. «Уггаре а хьоменаш» спектаклан премьера чекхъяьлла дукха хан ялале кхин цхьа пьеса еара Музаев Нурдис къоман театре.

Цуьнан цIе яра «Сирлачу новкъахь». Иза а яра Советийн Iедало нохчийн лаьмнашка еанчу паргIатонах, ламанхойн ирсе дахар серладохуш, нуьре лепачу серлонан зIаьнарех. Ехха лаьттира и спектакль театран репертуарехь. Цул тIаьхьа а масех пьеса язйина Нурдис, уьш кхиамца вайнехан театран сцени тIехь хIиттийна а, хьовсархоша езаш тIеэцна а ю. Царна юкъахь билгалъяккха хьакъ ю «Нефтяники», «Стагах теша», «Воккха хьаькам», «Коурнукаев Тур-текха», иштта кхиерш а. Амма нийса хир дацара Нурдин башха кхолларалла юьйцучохь, цо прозехь бина болх ца хьахийча. Шина томехь «Къонахийн болар» роман а, иштта «Органан тогIехь», «Замза» повесташ а ю цо язйина. Еша атта а, чулацаме а ю «Замза» повесть. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Музаев Нурдин дукхах йолу говзарш оьрсийн матте яьхна ю, царах цхьаерш Москвахь зорбане яьхна. Яздархочун оьрсийн матте яьхначу говзаршна юкъахь ю «Селима дуьйцу», «Кханенга гIулч» поэмаш, «Лаьттан цинц», «Довха дегнаш», «Хаьржинарш» байтийн а, поэмийн а гуларш. Иштта оьрсийн матте яьккхина «Органан тогIехь» цIе йолу повесть а. Тамашийна хета иштта каде болх беш хилла волу яздархо Iилманан кIоргенаш толлуш хилла хилар.

1966-чу шарахь филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо Н.Музаевс. «Чеченская литература на путях социалистического реализма» ю кандидатан диссертацин Iилманан белхан цIе. Нохч-ГIалгIайн Республикин хьехархойн институтехь хьехархо волуш бо яздархочо и мехала болх. Дуккха а шерашкахь студенташна нохчийн мотт хьехна цо. Н.Музаевас нохчийн мотт хьехна студенташ шайн дерриге а дахарехула ненан меттан геланчаш хилла чекхбевлла. Кандидатан диссертаци чIагIйина валарх цо дIа ца тесна Iилманан болх. Яздархочо бина мехала цхьацца талламаш бу филологин Iилманехь. Церан цIерш ю «Нохчийн роман», «Нохчийн керла исбаьхьаллин проза», иштта дIа кхин а.

1968-чу шарахь вайн республикера кегийрхойн тоба хьажайо Москварчу театран институте деша. Ткъа актерийн балха тIехь бIаьрла кхиамаш бохийла дац шерра ненан мотт ца хиъча. И тидаме эцна, Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалло доьху Музаев Нурдига Москварчу театран институтехь доьшучу вайн кегийрхошна нохчийн мотт хьехар. 55 шо кхаьчна яздархо реза хуьлу и атта боцу мохь шена тIелаца. Пхеа шарахь Москвахь Iа Музаев Нурди вайн къоначу актерашна нохчийн меттан хазалла, аьхналла йовзуьйтуш. Дикка хан дIаяьлла цул тIаьхьа, делахь а вай тахана теш хила йиш ю мел тайна, цIена, лерса хьостуш буьйцу Нурдин Iамархой хиллачу нохчийн къоман театран актераша ненан мотт. Нохчийн меттан воккха говзанча хиллачу яздархочун беркат ду иза. Ша схьаваьллачу къоман кIант хила гIерташ чекхваьлла иза. Нуьцкъала амал, синъондалла, къамел даран говзалла йолуш стаг хилла а ву. Дукха ю цуьнан говзарш.

Кхин а дукха ду Музаев Нурдих дуьйцу хаза хабарш. Царах цхьаъ масална дало лаьа суна. Москварчу театран институтехь доьшучу муьрехь, вайн кегийрхойн шайца доьшуш болчу кхечу къоман студенташца дош-дашера даьлла, буй-тIара яр нисделла. Нохчий ца безачара и дов гуттар а дестийна, гена даьккхина хилла, ректорате доккхуш. Ректора хьехархойн йоккха кхеташо гулйина хилла и дов дерзор шен цхьаьннан цIарах хилийта ца хIуттуш. Институтан хьехархой берриге а цхьа барт бина чугIерташ хилла: нохчийн студи дIакъовла еза, нохчийн студенташ лаххьийна институтера дIабаха беза бохуш. Вист ца хуьлуш, мелла а сатоьхна Iаш хилла кхеташонехь дакъалоцуш волу Музаев Нурди. Амма, эххар а, уьш генабовла бохкий хиъча, масех дош аьлла шаьш болччохь дIатабийна цо: «Чеченская студия – это вам не Суэцкий канал. Вы ее не закроете! И чеченцы вам не арабы, мы на ваши провокации не поддадимся!» Оьшучохь иштта говза дош ала хууш, шех тешийначу кегийрхойн доладан доьналла долуш, къонах хилла Нурди. Цундела дисина яздархочун сирла амат халкъан иэсехь. Дуккха а Iилманан белхаш бу яздархочун башхачу кхоллараллех лаьцна язбина. Царах цхьаъ бу, профессора, филологин Iилманийн доктора Туркаев Хьасана язбина: «Проблемы чеченской прозы».

Цу тIехь автора билгалйоккху Музаев Нурдин кхоллараллин башхалла. «Даймахках, Iаламах, къинхьегамах, безамах, къинхетамах, адамаллех, дай баьхначу лаьттах ю Музаев Нурдин кхолларалла, – яздо Туркаев Хьасана, – и Iаламат мехала синхаамаш вовшахъийна цуьнан говзаршкахь шен дешархошка дикане, дог цIеналле, зовкхечу кханене кхойкхуш!». Хазахета тахана нохчийн яздархочун Музаев Нурдин башхачу кхоллараллин мехалла яйна йоцуш. Иза мах боцу беркат хилла дIахIоьттина нохчийн къоман культурехь а, литературехь а. 35 шо дIадаьлла яздархо вайца воцу. Шен 70 шо кхочуш, 1983-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь детталучуьра сецна нохчийн яхь йолчу кIентан Музаев Нурдин экаме дог. Дуьнен чохь беркате серло яржош ваьхна иза, дIавахана нохчийн къоман культурина, литературина Iаламат боккха иэшам беш.

Делахь а, вайца яха йисина цуьнан дахаре безам чIагIбеш, къоман сирлачу кханенах тешош йолу говзарш, иштта даг чохь сеца яздархочун башха амат. Цара дегайовхо латтайо нохчийн къам мел деха Музаев Нурдин цIе ехарг хиларх.

А.ГАЗИЕВА

№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: