Воккхаллехьа, къаналлехьа лестича, кест-кеста юхахьежа волаво дахарехь айхьа бинчу некъе. Дагалоьцу хилларш-лелларш. Лехамца хьоьжу хиллачу кхиамашка, дахарехь ларамаза нисделлачу гIалаташна айхьа хьайга бехк боккху.
ХIаъ, кхин цкъа а юхайогIур йоцуш дIаяханчу къоналлехь, бераллин шерашкахь дуккха а самукъанениг а карадо. Оцу шерийн некъаш данне а аттачех ца хиллехь а, бала-гIайгIа дукха лан дезнехь а.
– Хьайн дахар юха дIадоло йиш хилча, кхечу новкъа гIур варий хьо? – аьлла, сайга хоттуш хьал хилча, ас «вацара» аьлла, жоп лур дара.

Суна дагахьбаллам берг деккъа цхьаъ ду-кх: сайн халкъан а, мехкан а дуьхьа дан лерина хилларг дерриге а дан аьтто цанисбалар. Цунна сох дозуш доцу бахьанаш дукха хилира. Делахь а, тахана сан майрра ала йиш ю: сан дахар маьIне а, чулацаме а, хиламех дуьзна а хилла. Даима а дикане кхийдина со.
Со дуьнен чу ваьлла Казахстанерчу Темир-Тау гIалахь. Кхечарах къаьсташ бацара тхан доьзал. Сан да Дакаев Сайди а, нана Дакаева Хадира а, ши куьг ваьшта ца дуьллуш, къахьоьгуш дара шайн боккха доьзал хьанал, ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхио гIерташ. ХIинца хаьа-кх суна хIетахь иза мел хала хилла.
1956-чу шарахь школехь деша волавелира со. Дас-нанас соьга элира: «Кхечу берел тIаьхьа цу вуьсуш, школехь дика деша деза», – аьлла.
Изза хьехар сан вежаршна а дора цара. Цара чIагIдора дешна ца хилча дахарехь шен меттиг каро, наха сий-ларам баре кхача хала хирг хилар, дахарехь аьтто хилар дика дешарх доьзна хилар.
1960-чу шарахь тхан доьзал Нохчийчу схьабеара. Даккхийдерах дуьзна дара тхан дегнаш. Кхузахь уратталла хIаваъ а дара дог-ойла ойуш. Дера, дахарца-Iерца, дIанисдаларца доьзна халонаш а, чолхаллаш а ма яра. Хьайн дай баьхначу махкахь хиларо кхин еза а ца хоьтуьйтура уьш. Дас-нанас дийцинчу дийцаршца кхоллаеллера сан даг чохь Нохчийчоьне марзо, оцу дийцаршца кхетийнера хIокху халкъана а, махкана а суо хьанал ваца везаш хиларх.
Теркан кIоштарчу Лаха-Неврерчу юккъерчу школин пхоьалгIачу классехь дIадолийра ас кхузахь дешар. Дика дешна ца Iаш, школехь дIахьош долчу юкъараллин гIуллакхашкахь пайден хила хьожура со. БархIолгIачу классе ваьлча ас сацам боллуш дIахьедира сайна комсомолхо хила лууш хилар.
Сан и сацам кхочуш а беш, со ВЛКСМ-н могIаршка тIеийцира. Цу хенахь иза боккха тешам балар а дара, ларам бар а дара.
1966-чу шарахь сан дахарехь мехала хилам хилира. Кхеттал хилчахьана ас шега сатийсина хилам бара иза. Юккъера школа чекх а яьккхина, аттестат схьа а эцна, со балха вахара ЧIуьлга-Юьртарчу юккъерчу школин пионерийн лакхарчу тхьамдин (пионервожатый) дарже. Сан бехачу къинхьегаман юьхь яра иза, дахаран новкъахь яьккхина хьалхара мехала гIулч яра. Сайн ницкъ макхоччу дика бора ас и болх. Пионерашца, дешархошца дуккха а гIуллакхаш вовшахтухура. Иза тидамза а ца дисира кIоштан комсомолан комитетана.
Цуьнан куьйгалло 1969-чу шеран мангалан (июль) баттахь оцу комитетан школьни отделан заведующи хIоттийра со. Школехь болх баран зеделларг чIогIа пайден карийра суна оцу даржехь. Цигахь дукха ца Iийра со.
1971-чу шеран чиллин (февраль) баттахь ВЛКСМ-н Нохч-ГIалгIайн обкоман школьни отделан инструкторан дарж тешийра сох. Кхузахь лехамаш а баккхий бара, иштта жоьпалла а дара доккха. Цунах нийса кхетарца болх бан волавелира. Дукха хан ялале комсомолан обкоман куьйгалло сацам бира со кхечу балха хьалхататта. Комсомолан Теркан кIоштан комитетан отчетан-харжамийн конференцехь сан кандидатура хьалхарчу секретаран дарже хьалхатеттира.
1970-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь кIоштарчу комсомолхоша оцу дарже хаьржира со. Кегийрхой къинхьегам безаран ойланехь кхиош, тоьлла кегийрхой деша бохуьйтуш, царна юкъахь йохьалла яржош, уьш шайн корматаллашкахь кхиош, церан хьуьнарш алсамдохуш, дог-ойла гIаттош, дуккха а белхаш бира оха оцу шерашкахь.
Комсомолхошка а, кегийрхошка а дакъалоцуьйтура республикин а, Ерригсоюзан а къийсадаларшкахь. Цара цигахь толамаш а бохура. Оцо кхиболу кегийрхой йохье бохура. Церан ларам бира комсомоле, кегийрхойн боламашка.
Сан дахарехь мехала хиламаш хилира 1977-чу шарахь. КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоман сацамца со республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органашка балха хьажийра. Цигахь ас сайн болх ОВД-н Теркан кIоштан хьаькаман заместитель волуш дIаболийра.
Белхахошца, уьш кхетошкхиош, болх бан безаш вара со. Жоьпалле а, оьшуш а болх бара иза. Оцу даржехь ворхI шарахь хьанал къахьийгира ас. Ткъа 1984-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн Теркан кIоштан отделана куьйгалла дар тешийра сох.
Сайн ницкъ ма-кхоччу отделан болх тобан гIерташ, кIоштахь низам а, къепе а хилийта гIерташ гIуллакхаш дора ас. Иза тидамза дисина а ца хиллера Нохч-ГIалгIайн АССР-н МВД-н куьйгаллина, 1986-чу шарахь со республикин МВД-н штабан хьаькам хIоттийра.
Халахеташ делахь а, ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн чаккхенехь а, 90-чу шерийн юьххьехь а вай долчохь сингаттаме хиламаш дIабуьйлабелира, хьал тIеттIа карзахдолуш дара, хаддаза дIайоьлхуш митингаш яра.
1991-чу шеран гурахь Iедале веара инарла Д.Дудаев. Цул тIаьхьа бакъонашларъяран органашкахь болх бойла дацара. Цундела, оцу шеран тIаьххьарчу баттахь со, сан белхан дуккха а накъостий а балхара дIабевлира. Халкъан барт баран, иза цхьаьнатохаран метта халкъан барт бохош бара, иза масийтта тобане декъалуш дара. Сайн дерриге а дахарехь къахьегна волу со дан хIума а доцуш висира.
«ХIун дан деза?», – бохучу хаттаро садууш волчу суна мелла а синтем бира 1992-чу шарахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон тIедилларца, ГIалгIайн Республикин МВД-н органаш а, структура а вовшахтохарехь дакъалаца волавелча. Делахь а, республикехь долчу хьоло садуура, дог лозура халкъах. Хьал тIеттIа галдолуш дара, экономика, социальни дакъа эшна доьдуш дара.
1994-чу шарахь, Нохчийчоьнан налогийн урхаллин хьаькама М.А.Керимовс дехарш а дина, цуьнан заместитель хIоьттира со. Бакъду, оцу даржехь дукха-м ца Iийра. И шо чекхдолуш дIаболабелира «Конституцин къепе меттахIоттор» цIе тоьхна болу тIом.
1995-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Нохчийн Республикин МВД-н штабан хьаькаман даржехь меттахIоттийра со. Бакъонашларъяран органаш шайн белхан декхарш кхочушдан юьйлаелира.
1996-чу шеран аьхка, сайн корматаллин декхарш кхиамца кхочушдарна, даржехь лакхаваьккхира со, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара заместитель а хIоттош. Хала а, кегарийн а зама яра иза, дагахь доццург хуьлуш. Оцу дарже хIоьттина ши-кхо бутт балале республикехь болчу террористаша а, экстремисташа а Соьлжа-ГIалахь юха а луьра тIемаш болийра.
Царна дуьхьал тхаьш дисира тхо, милицин белхахой. Йинчу чIагIонна тешаме хилла а дуьсуш, царна дуьхьал къийсам дIабахьар ца сацош, «Северный» аэропорте юхадовла дийзира тхан. Шо чекхдаллалц цигахь Iийра тхо. Цигахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон векалшца цхьаьна билгалдаьккхира милицин де а.
Республикехь оцу хьолехь кхидIа болх бойла а, Iойла а дацара. Сайн нана, йижарий, вежарий, доьзал ларбархьама кхузара ханна дIа ца вахча ца велира. Амма 1999-чу шеран чаккхенехь юха а Нохчийчоьнан МВД-н структураш вовшахтохар дIадолийча, сох тешийра Россин МВД-н Нохчийн Республикин урхаллин хьаькаман заместителан, штабан хьаькаман дарж.
Боьдуш тIом бара. Республика саьлнашкахь Iуьллуш яра. Дукхах болу бахархой, шайн хIусамаш, кхерчаш дIатесна Россин регионашкахула дIасабаханера. Къаьсттина дукха бара ГIалгIайчохь севццарш. Нохчийчоь сийсош террористаш а, вахабиташ а бара. Царна юкъахь кIезиг бацара кхечу пачхьалкхашкара баьхкинарш а.
Оцу хьолехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхо хIоттош Россин Президента бинарг Iаламат чIогIа нийса сацам бара. Иза иштта хилар чIагIдира цул тIаьхьа хиллачу хиламаша. Ахьмад-Хьаьжас доккха маьIна лелийра республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органаш вовшахтохарехь а, когахIотторехь а. Цул сов, Ахьмад-Хьаьжин лаамца вайн милици вовшахтохар терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь коьрта дакъа хилла дIа а хIоьттира. Тхуна даима а хаалора А-Хь.Кадыровс еш йолу терго. Цуьнан цIарца боьзна бу цул тIаьхьа республикехь мел хилла дика хийцамаш.
Цуьнца хуьлуш долу хIора цхьаьнакхетар милицин маьIна, сий-ларам лакхаболуш доьрзура. Ахьмад-Хьаьжина тобанашкахь денна адамаш тIелелара. Цуьнга гIо-орца доьхуш, цуьнгара хьехар оьшушберш дукха хуьлура. ХIоранца а бийца мотт карабора цунна. Массо а доггаха тIеоьцура. Иза къаьсташ вара шен хьекъалца, нахах дог лазарца, къахетарца, массарна а гIо дан лаарца. Цунах ца тоьшийла дацара. Цунна шех стаг тешо а хаьара. Иза дика вовшахтохархо а вара. Оцу дерригено а таро елира цунна йоццачу хенахь республикехь Iедалан органаш вовшахтоха, шена гонаха тешаме бIанакъостий гулбан, муьлхха а декхар кхочушдан хьуьнаре болу.
Оцу чолхечу хенахь, Ахьмад-Хьаьжас лоьхуш а ма-хиллара, республикехь кхуллуш яра халкъ а, республика а ларъян хьуьнар долу милици. Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша шайн майраллица а, доьналлица а хIора дийнахь гойтура шаьш бахархойн кхерамазалла ларъян ницкъ болуш хилар. Цара кхачо йира, цхьа а зулам ца хуьлуьйтуш, референдум дIаяхьарна, Президентан а, Парламентан а харжамаш барна а. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Президент харжар халкъана доккха деза де хилла дIахIоьттира.
Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента чоьхьарчу гIуллакхийн органийн терго яро тхо тхайн ницкъах тешийна ца Iаш, тхан жоьпалла а лакхадоккхура. Цо беллачу тешамна хьакъ хила гIертара массо а. Тхуна доккха дозалла а дара, цо куьйгалла а деш, халкъан зовкхан дуьхьа къахьегар. Иза баккъал а воккха патриот, майра, амал чIогIа йолуш, цхьана а хIумане къарлуш воцуш стаг вара. Цунна дика хаьара нохчийн халкъана хIун оьшу. Церан гIайгIанашца вехаш вара Ахьмад-Хьаьжа.
Шен халкъан а, мехкан а дуьхьа ваьхна волу иза, оцу халкъан дуьхьа шен са дIа а луш дIавахара. Боккха эшам бара иза халкъана а, махкана а. Делан къинхетамца, лаамца цуьнан метта дIахIоьттира Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан. Шен дех Iеминера иза халкъана гIуллакхдан а, республика еза а. Нохчийчоьнна куьйгалладаран беза мохь тIеэцначу хьалхарчу дийнахь дуьйна гайтира цо ша мел чолхе декхарш а кхочушдан охIла хилар. Цунна тоьшалла ду цо овкъаршкара гIаттийна, хазйина, къагийна дIахIоттийна Нохчийчоь.
Республика меттIахIотторна уггаре а хьалха оьшуш берг барт, машар, синтем хиларх дика кхеташ волчу Кадыров Рамзана коьрта тидам тIебахийтира бакъонашларъяран органийн белхан эвсаралла лакхаяккхарна.
Цо жигара дакъалоцура Нохчийчоьнан МВД-н коллегешкахь а, кхеташонашкахь а, кIорггера толлура МВД-на хьалха лаьтта проблемаш. Уьш эшо некъаш хьоьхура, болх тобарна оьшу хьелаш кхуллура.
Бакъонца халкъ ирсе кхачо, зовкхе дахийта лууш ву Р.Кадыров. Иштта ца хилча, наха 50 шарахь а меттIахIотталур яц баьхна Соьлжа-ГIала масех шарахь цуьнга меттахIоттаелла а хир яцара. Къоналлин шовкъаца, де-буьйса ца лоьруш къахьоьгу цо, шен накъостий йохье бохуш. Цундела кегийрхой тешна цунах, уьш цунна тIаьхьа хIиттина. Ткъа кегийрхой юкъараллин уггаре а жигара дакъа ду. Кегийрхой бу республика терроризмах а, экстремизмах а цIанйинарг, кхиамийн керл-керла лакхенаш йохуш берш.
Нохчийн Республикин МВД-н куьйгалла, шен коьртехь министр Алханов Руслан а волуш, даима а гIиртина, хIинца а гIерта шайн чолхе декхарш кхиамца кхочушдан, халкъалахь болу шайн берриге а белхахойн сий-ларам лакхабаккха, корматаллин къайленаш кхоччуш караерзон. Оцо таро ло юкъараллехь къепе латто а, адамашна синтеме даха а.
2008-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара дIа а ваьлла, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраце балха вахара со. КIеззиг болх бира Правительствон Председателан хьалхарчу заместителан секретариатан куьйгалхочун даржехь. Цул тIаьхьа бакъонашларъяран органашца а, нуьцкъалчу структурашца а цхьаьна болх баран департаментан директор лаьттира.
2014-чу шарахь республикин кхерамазаллин Советан секретаран заместителан дарже дехьаваьккхира со. Тахана дозаллица ала бакъо ю сан: республикин куьйгалло сайх тешийна хиллачу муьлххачу а даржехь хьанал, лаккхарчу жоьпаллица, доггах къахьегна ас, къоналлехь, комсомолехь со Iама маварра. Сайн ницкъ кхочу хазна юкъайиллина республика а, мохк а кхиорна, цуьнга зазадаккхийтарна.
2015-чу шарахь дуьйна пенсехь ву со. Воккхавево вайн республико денна а бохучу кхиамех. Къаьсттина билгалдаккха лаьа сан а, вайн халкъан а дахарехь Кавказан сийлахьчу кIанта, вайн оьмаран гоьваьллачу пачхьалкхан а, динан а гIуллакххочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, сийлахьчу ден сийлахьчу кIанта, нохчийн халкъан тхьамдас Кадыров Рамзана а лелийна доккха маьIна.
Вайн кегийрхошка ала лаьа: дикачу заманахь дехаш ду шу, хьалхаваьлла халкъана а, махкана а муьтIахь волу куьйгалхо а волуш. Шун массо а дика дIадолор доггах къобалдеш ву Кадыров Рамзан. И доккха ирс, беркат ду. Шуна хьалха дIайиллина ю ерриге а неIарш. Ирс эца оцу аьттонах, таронах, беркатах. Бен а дац шуна шу хIуъа а болх беш хилар: слесарь, хьехархо, гIишлошъярхо, полицейски… коьртаниг ша деш дерг доггах, хьанал дар ду, вайн мехкан хьал-бахам кхиорна, цуьнан нуьцкъалла чIагIъярна шен хьаналчу къинхьегаман хазна юкъайиллар ду.
Дала аьтто бойла вайн!
ДАКАЕВ Ахьмад, къинхьегаман ветеран
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо