2019-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь Къилбаседа Кавказан денош дIадахьаран хьокъехь барт хилла Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместителан Байсултанов Одесан а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн кхачанан кхерамазаллин министран Аль-Мхейрин а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн Россин Федерацехь волу векал Аль-Хейли а, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» акционерийн юкъараллин коьрта директор Харитонов Сергей а, «Къилбаседа Кавказан курорташ» акционерийн юкъараллин коьртачу директоран заместитель Тапаев Рустам а.
Байсултанов Одеса, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкарчу белхан накъосташна Къилбаседа Кавказан федеральни округан кхиаран хьелаш а довзийтина, билгалъехира цхьаьнагIуллакхашдаран коьрта агIонаш.
– Тхайн проекташ йовзийта а, массо а тIегIанехь цхьаьна болх бан а кийча ду тхо. Цу юкъадогIу агропромышленни декъехь йолу технологеш вовшашна йовзийтар а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкарчу хьешашна Кавказан туризман нуьцкъалла йовзийтар а. Цул сов, вайн аьтто бу экологин агIор цIена долу, хьанал долу сурсаташ кхиорехь цхьаьна болх бан а, – элира О.Байсултановс.
Аль-Мхейрис кхузахь хьахийра, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн бахархойн Къилбаседа Кавказера сурсаташ а, сий-лараме меттигаш а, ламасташ а уллера довза таро хилийта, Global Village гайтаман майданах Абу-Даби гIалахь пайдаэца безаш хилар.
– Агрокультура а, даар а – тхан пачхьалкхан коьрта агIонаш ю, цундела Къилбаседа Кавказан федеральни округехь кхочушйийр йолу проекташ тхуна чIогIа мехала ю. Шун дика латтанаш а, технологеш а ю, талламаш бан а, бизнес лело а мел оьшург дерриге а долуш ду. Тахана Россин Федерацин экономика кхиоран министраца Орешкин Максимца хиллачу цхьаьнакхетарехь тхан барт хилла вайн хинйолу проекташ кхочушъярна лерина йоккха йоцу белхан тоба кхолларан хьокъехь. Оцу юкъахь (тобанна) Къилбаседа Кавказан федеральни округан векалш а хуьлийла луур дара тхуна, – билгалдаьккхира Аль-Мхейрис.
Цхьаьнакхетаран жамI деш, шина а агIонан барт хилира Iаьрбийн инвесторш Къилбаседа Кавказан регионашка бахкар вовшахтохаран а, 2019-чу шарахь Абу-Даби гIалахь Къилбаседа Кавказан федеральни округ йовзийтар дIадахьаран а хьокъехь.
I.МУРТАЗОВ
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо