СаIудийн Iаравехь хилира Кадыров Рамзан

Белхан гIуллакхца Бахрейне а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а вахана волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, СаIудийн Iаравин паччахьа Салман бин Iабдел Iазиз аль СаIуда кхайкхарца доьзна, оцу махка а вахара.

Мединатерчу аэропортехь цунна дуьхьалвеанера Мединатан мэр а, полицин хьаькам а, СаIудийн Iаравин паччахьан Мединатехь йолчу протоколан хьаькам а, иштта, министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой а.

Аэропортера республикин Куьйгалхо Масджид ан-Набави маьждиге вахара. Иза, хууш ма-хиллара, Ислам-динехь, шен сийлаллин тIегIанца дуьненахь шолгIа сийлалла ларалуш ю.

«Оцу комплексан имама, шайх Салехь Хьалед аль-Музайнис, СаIудийн Iаравин паччахьан омранца нийса а догIуш, буьйсанан юккъехь тIеийцира тхо. Ровзата чохь оха ламазаш дина ца Iаш, Веза-Воккхачу Деле вайн халкъана а, махкана а, берриге а бусалбанашна а машар а, беркат а доьхуш, дуккха а доIанаш дира.

Цул сов, СаIудийн Iаравин паччахьан пурбанца, тIаьхьарчу иттаннаш шерашкахь Россерчу бусалбанех дуьххьарлера хилира со а, соьца баьхкина сан накъостий а – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хIусамненаца Iайшица Iийначу чохь.

Оцу чохь ду АллахIан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, бакъболчу хьалифийн Абу-Бакран а, Iумар ибн АльХаттабан а кешнаш.

Иштта, Михьрабана юххерчу цIа чохь ламаз дойла а хилира сан. Цу чохь Iийна а, ламазаш дина а ю Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йоI Фатима.

Арадовлуш, ДогIанаш Iалашдархочуьнца цхьаьна, неIарш дIа а къовлуш, массеран Iодика йира оха, гулбеллачарна баркалла а олуш. И де тхан иэсехь дуьсур ду уггаре а сирла а, деза а де санна!», – аьлла, йовзийтира республикин Куьйгалхочо шен ойланаш.

Ухьуд ломана уллехь долчу Бакъия кешнашкахь а хилира Кадыров Рамзан. Цигахь дIабоьхкина бу Ухьуд ломана юххехь хиллачу тIамехь гIазотехь кхелхина болу Мухьаммад Пайхамарна (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) тIаьхьахIиттина хилла шахIидаш а, иштта, Пайхамаран деваша Хьамза ибн Iабдул МутIаллиб а.

Маккара ша Мединате хIижрат динчул тIаьхьа, Делан Элчано (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) динчу маьждигех уггаре а хьалхара долчу Куба маьждигехь а хилира Кадыров Рамзан а, нохчийн делегаци а.

И.ИСЛАМОВ

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: