Хьафизийн кхин а цхьа хьуьжар

35136516351Нохчийн  Республикин  Куьйгалхочо Кадыров Рамзана   дIаяьхьира  Хьалха-Марта гIалахь  хьафизийн  хьуьжар схьаелларна  кечам  баран  гIуллакхана лерина  кхеташо.

Кхеташонехь дакъалецира  республикин  Правительствон   хьалхарчу вице-премьера  Тумхаджиев Iийсас, хьуьжар  ярна   тIехь Iуналла  деш  волчу  Кадыров Хьасайна,  республикин  Куьйгалхочун хьехамчас  Шахидов  Адама,  кхечара а.

I.Тумхаджиевс дийцина  ма-хиллара, хьуьжар  яран   белхаш дIаболийра дIадаханчу  шеран августехь. Таханлерчу денна б1е  стагана  лерина  йолу дешаран  заведени болх бан кийча ю.

«Кадыров Хьасайна  чIогIа  лерина  таллам  латтийра   хьуьжаран  гIишло ярна тIехь, цхьа а  кхачамбацар  тIех  ца  долуьйтура», ­– билгалдаьккхира I.Тумхаджиевс.

Хь.Кадыровс  билгалдаьккхира ша оцу объекте   селхана вахана хилар.

«Белхаш  билггал  тIехдика  бина. ХIара   хIинца хьафизийн  йоьалгIа хьуьжар ю. Нагахь  санна   кхул  хьалхара  кхо  хьуьжар  болх бан йолаеллачул тIаьхьа  царна  тIехь цхьаццадолу  хIуманаш  юхадан  дезаш  хиллехь,   хIокху  хьуьжарехь  иштта кхачамбацарш  дац», –  билгалдаьккхира  цо.

Хьафизийн   хьуьжаран  хьехархойх лаьцна  дийцира республикин  Куьйгалхочуьнга А.Шахидовс. Цо билгалдаьккхира оцу  гIуллакхана  новкъарло еш  хIумма  а цахилар.

«ХIокху  хьуьжарна башха хьехархой бу вайн. Царех  дукхах болчара дешна Турцехь а, Iаьрбийн  мехкашкахь  а. Вайн   говзанчаш  бу   кхул  тIаьхьа хир йолчу хьуьжаршна  а» – элира  цо.

Р.Кадыровс тIедиллира кегийрхой  ийманехь  а, физически  а кхиорна   дешаран керлачу  учрежденехь дерриге а хьелаш кхоллар. Цо  дийцарехь, Сийлахь Къоръан  Iаморал  совнаха, берашна шариIат  а, т1арикъат  а,  светски Iилманаш  а довзийта  деза, Iамо  деза кхечу   мехкийн  халкъийн   меттанаш.

«Иза  дерриге а оьшуш  ду  вайн   кегийрхой   дешна,  кхетам  болуш  хилийтархьама,  харц   идеологашка  уьш  Iеха ца байтархьама. Со тешна  ву хаамийн тIамехь мостагIий юхатоха  вайн  таро  хирг  хиларх. Тахана  республикехь ши бIе  гергга  хьафиз  ву, Шемахь тIемаш беш берш  санна, уьш  вайн мостагIашка Iехалур бац. Царна   моьтту цигахь беш берг  гIазотан тIом бу, ткъа  ма-дарра аьлча, цигахь  дIахьош  бу Iедал къуьйсуш болу  тIом», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Иза  республикин Iеламнахе  кхайкхира интернетехула а, шуьйрачу  хаамийн кхечу  гIирсашкахула  а   кочатуьйсуш  йолчу экстремизман  идейшна  дуьхьал гIуллакхаш  дар   чIагIдаре.

«Нагахь санна оцу  новкъахь вай  болх малбахь,  вайн  бераш   Iехор  а ду, массо а тайпанчу  питанашна  юкъа а  ийзор ду», – элира  Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин

Куьйгалхочун, Правительствон  пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: