Вайн артисташ – Иорданехь

Иорданера вайн вежарий болчохь хьошалгIахь бу Нохчийн Республикин халкъан артисташ Межидов Сахьаб а, Кагерманова Раиса а.

Вайн артисташ дIакхаьчначу шолгIачу дийнахь доккха ловзар хIоттийра хIусамдайша. Ши бIе сов стаг вара ловзаргахь. ЧIогIа самукъадаьлла бара уьш. Буьйса юккъе яххалц, хезаш дара зевне мукъамаш, шовкъе хелхарш.

Дуккха а нохчийн иллеш, эшарш хезара гулбеллачарна. Межидов Сахьаба, Кагерманова Раисас дIаэлира уьш Иорданерчу вайн вежарийн, йижарийн самукъадаларх мерза кхаъ хилла.

Артисташа иттех де доккхура ду цигахь. Вайн махкахой бехачу массо а юьртахула чекхбовла дагахь бу уьш концерташца.

Цара дийцарехь, вайн артисташна хаза хьошалла до Iарбийн махкахь бехачу вайн вежарша.

А.САЛАУДИНОВА

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: