Дукха хан йоццуш СоьлгIа-ГIаларчу №27 йолчу школехь дIаяьхьира 2001–2008-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь грекоримски кепара охьатохархлатарехула республикин турнир.
Турнирехь дакъалоцуш бара ДЮСШ, РДЮСШ-кара къона спортсменаш.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира: Бахаев Муса (60 кг.), Эскиев Iабдулла (70 кг.), Мусаев Султан (50 кг.), Абдулкаримов Iийса (35 кг.), Абдулкаримов Адам (32 кг.), Адамов Мансур (45 кг.), Шамаев Ахьмад (56 кг.), Циекарашвили Анвар (41 кг.), Магомадов Мохьмад (38 кг.), Абдулкаримов Анвар (27 кг.), Магомадов муслим (21 кг.), Салгириев ВахIид (58 кг.).
Оцу кхиамашка къона спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: М.Таипов, М.Магомадов, Р.Абиев, Р.Авдаев, Р.Сулейманов, П.Умаров, А.Гусигов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 27-гIа де, 2018 шо