Эльмурзаева Розин цIарах урам

Дукха хан йоццуш хаза кхаъ кхаьчна «Даймохк» газетан редакце.

2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 23-чу дийнахь хиллачу кхеташонехь Устрада-ГIалин депутаташа гIалин цхьана урамна вайна массарна езаш, евзаш йолчу Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочун, Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан, радиодикторан Эльмурзаева Розин цIе тилларан хьокъехь сацам тIеэцна.

И хаам мерза кхаъ хилла дIахIоьттина вайн махкахошна.

60 шо сов хан ю Эльмурзаева Розас нохчийн радиохь хьанала къахьоьгу. Цуьнан дерриге а дахар къеггина масал ду Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь тахана къахьоьгуш болчу кегийрхошна.

Устрада-ГIаларчу денна гIишлош алсамъюьйлучу керлачу микрорайонехь бу Эльмурзаева Розин цIарах урам.

А.ГАЗИЕВА

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: