Ширачу заманашкахь дуьйна а шайн синан, дахаран хазалла, кIоргалла, паргIато, синъайамийн шорталла, йийца аьлча а корматалла карийна адмашна. Оьрсаша цунах «живопись» олу, «писать жизнь» – дахар яздар. Художникна девза дахар – цо хIоттийна, нисйина къепе, цунна карийна басарш, коьчалш, цо Дала шена деллачу ниIматца адамийн бIаьрсин, синойн мерзийн аьхналле йиллина говзалла. Цуьнан чаккхе цахилар а, иза де-дийне мел дели а керлачу аьттонашца, девзаш хиллачул а къегинчу басаршца дахаре яла таро йолуш хилар а гайтина вевзачу художника, Россин культурин хьакъволчу белхахочо, Гуьмсан районерчу Ойсхарарчу берийн исбаьхьаллин школин хьехархочо Ильясов Адама.
«Суьрташдахкаран занятешкахь синъайамийн матрицех пайдаэцар» цIе йолчу темина лерина мастер-класс гайтира цо Нохчийчоьнан берийн исбаьхьаллин школийн хьехархошна леринчу республикин семинарехь. Кхеран школехь дIаяьхьначу оцу семинарехь дакъалоцуш бара Саиев Iумар коьртехь волу культурин министерствон дешаран-методикин туьшан белхахой.
Хууш ма-хиллара, суьрташ дахкаран говзалла тайп-тайпанчу жанрашка екъалуш ю, амма жанр муьлххарниг харжарх а, коьртаниг басарш, церан бос лору художникаша а, церан искусствон мах хадон охIла болчара а. Оцу декъехь ша похIме художник а, иштта говза хьехархо а хилар гайтира Ильясовс. Вайн республикин художникашна юккъехь дуьххьарлерачех ву иза «Эбру на воде» суртдилларан техника караерзийнарг.
Iаламан исбаьхьалла ган а, цунах шаьш ирсэца а, адамашна и башхалла йовзийта а кархдолу художникаш боьлху Испани махкарчу Ребрих цIе йолчу юьрта йистехь Эбро а, Сегре а ши хи цхьаьнакхетачу метте. Маьлхан зIаьнарш хин куьзганахь ловзаран исбаьхьаллин сурт маттаца дийца дешнаш цатоарна, басаршца дохкуш гойту художникаша. Царах башха суьрташ хуьлу. Ишттачу суьрташна басарш муха кечдо а, уьш муьлхачу рогIехь муха леладо а, суртдилларан рогIан хIора гIулч а йовзийтира Адама. Цо дийриг дерриге а довза а, шайн тидамехь дита а, шаьш берашца бечу балха тIехь оьшучохь пайда эца а йолчу Iалашонца, доьIу са а ца хезаш, лерина хьовсуш бара гулбелларш. Ах сахьт а далале басарийн исбаьхьаллера башха сурт кхоьллира художника.
– Адам говза художник а, иштта хьехархо а вуьйла тхуна хаьара, – элира I.Саиевс, – амма тахана гинарг баккъал а лаккхара искусство ю. Иштта адамаш берашца бечу балхахь оьшуш ду. Ильясовн а зеделлачух пайдаэцар тIедиллина оха кхечу хьехархошна а. Мастер-классан урокан кIеззигчу хенахь цуьнан таро хилира художникан кхоллараллин говзаллин чаккхе цахилар а, дено-дено керлачуьнца цо иза тIеюзуш хилар а гайта. Хьоьжуш Iачунна кхин генара хала болх а ца хета иштта суртдиллар, цундела ю иза искусство. Шеко йоццуш, исбаьхьаллин школашкарчу хьехархойн хаарш лакхадаьхна таханлерчу семинаро. Даггара баркалла ала лаьа хьехархочунна а, иштта мехала семинар шайн кхерчахь дIаяхьарна кечам бинчу Ойсхарарчу исбаьхьаллин школин директорна Магомедова Малканна а, цуьнан белхахошна а. Дала аьтто бойла церан.
Ильясов Адаман суьрташ девзича дагадогIу воккхачу художникан Пикассон дешнаш: «Дерриге а хийцало дуьненахь. Художникаш а тIехь. Царах цхьаболчара башха малх можачу хьоькхне берзабо, ткъа вукхара, можа хьоькх башхачу малхах тарйо».
Ильясов Адаман суьрташа, шеко йоццуш, оцу шолгIачарах иза хилар гойту.
Т.САРАЛИЕВА
Суьрташ тIехь: семинаран дакъалацархой; А.Ильясовн суьрташ