Нохчийн поэзехь – бIаьстенан Iуьйре

(Мамакаев Iаьрби вина 110 шо кхачарна лерина)

Сайн ден хьоме йоI яра со. Доьзалерчу веа кIантана юкъахь со цхьаъ бен цахилар хила там бара цуьнан бахьана. Мухха делахь а, араваьлла чувогIуш, суна каракховдо цхьаъ йоцуш ца вогIура иза цкъа а. Бакъду, аьхкенан цхьана довхачу дийнахь юьхьа тIера цхьа тамашийна хийцавелла волуш со йолчу агIор ур-атталла схьахьажар доцуш, кех чоьхьа ваьлла, цIа чу вахара сан да. Цецъяьлла лаьттачохь со а йитина, цунна тIаьххье нана а чуяхара, цхьана хIуманах шекъяьлча. ТIаккха, ког байбина нанна тIаьххье со а чуяхара. Сайн дега нанас аьллачух со ца кхийтира, амма цунна дас делла жоп дахарехь яккха йисинчу массо а ханна сан лерехь дека дисира…

«Iаьрби дIаваьлла, Iаьрби…», – легашкахь велхаран къурдаш сецош элира сан дас. Суна хIетахь цо вуьйцург мила ву ца хаьара, со хIетахь школе яхаза, жима яра. Барам-чот йоцуш, со холчу хIоттийнарг сайн ден доьхна дог дара. Тхан цхьа гергара стаг дIаваьлла хир ву аьлла хийтира суна. Замано хаийтира оцу дийнахь сан ден кхоччуш дог дохош, иза гIайгIане вожош дIаваьлларг нохчийн сийлахь поэт Мамакаев Iаьрби хилла хилар.

1944-чу шеран юьххьехь цхьаьна набахтехь хилла хиллера и шиъ. Оццу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах махках бахале, сан да шен деца, ненаца Соьлжа-ГIалахь Iаш хилла Большая цIе йолчу урамехь №62 йолу цIенош шайн долахь долуш.

1943-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан юьххехь Соьлжа-ГIалара дукха кегийнах, цхьана буьйсанна схьалецна, набахти чу кхийсина. Царна юкъахь хилла сан ден-миска. Бехк-гунахь доцуш набахти чу кхоьссина сан да, бухахь волчу Мамакаев Iаьрбина тIенисвелла. Тхан дас дийцарехь, иза доьналла долуш стаг хилла, набахтехь воллушехь газеташ, книгаш йоьшучура соцуш ца хилла. Шел кегийчеран чIогIа дола деш хилла цо. Йоза-дешарца уллера уьйр-марзо йолуш, набахти чу кхаьчначу хIора а нохчичун цIарах, Мамакаев Iарбис Москва арз яздеш хилла НКВД-н белхахоша лелочу ямартлонах лаьцна.

«Цхьанна протоколана тIе куьг ма язделаш, вайга кхийдорг харцо ю», – олий, хьехарш деш хилла.

Мамакаев Iарбис яздина арз бахьанехь, Москвара талламан комисси еана, сан да 1945-чу шеран хIутосург (май) баттахь набахтера паргIатваьккхина, Казахстане дIабахийтинчу шен верасашна тIаьхьа дIахьажийна. I.Мамакаевн шена дина гIуллакх диц ца деш, сан дас шеца лахьтин кийра дIадаьхьира. Ткъа Мамакаев Iаьрби, Iуькъехь меттара гIаттийна, туй лаьтта кхачале ша бечу шийлачу метте дIахьажийра, – олий, дуьйцура тхан дас, – дера вара са майра долуш, дукха нахана гIуллакх дина кIант, – жимма ойланехь соцунгIа хуьлий тIетухуш. Баккъал а нохчийн къоман тешаме воI, доьналла долуш къонах, похIме поэт хилла Мамакаев Iаьрби. Халкъана, махкана оьшуш стаг а хилла иза. Сталинизман къизачу зерех чекхвала декъаза кхаж баьллачарех цхьаъ ву Мамакаев Iаьрби.

ЮЬХЬ

Теркан йистошца Iуьллучу Лаха-Неврехь 1918-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь Мамакаев Шамсуддин доьзалехь дуьнен чу ваьлла Iаьрби. ЦIечу Эскаран бIаьхо хилла, Советийн Iедал дIахIоттош Теркаца йолчу ярташкахь чIогIа къахьегна, шегара хьуьнарш гайтина вара Мамакаев Шамсудди. Йоза-дешарх чIогIа самукъадолуш а, ламанхойн берашна цкъа мацах Соьлжа-ГIалахь йиллину школехь дешна хилла иза. Книгех йоьттина яра Шамсуддин хIусам. Царах самукъадолуш, мотт Iемина вогIучу кIантана уьш марзъяларе сатесна вара. Амма оьмар Iаламат йоца хилира пекъаран.

1921-чу эсаран шеран (октябрь) беттан 21-чу дийнахь зуламхоша кIело йина, герз тоьхна вожийра Шамсудди а, цуьнан ваша Юсуп а. Дукха хьалхе байлахь висира Iаьрби. ТIехь да воцуш висина вешин кIант Михайловскерчу (Эна-Хишка) берийн цIийне дIавелла девашас, дешарна бегIийлаш лехна. Кхидолу байш санна, Советийн Iедало шен тIома кIел лаьцна Iаьрби а. Дешарца шовкъ йолуш, дика доьшуш хилла иза. Хаддаза книгаш йоьшуш хилла. Школа чекхъяьккхина валале, орсийн дуккха а литература, нохчийн яздархойн говзарш ешна хилла цо. Кхиамца Эна-Хишкара берийн цIийнера школа чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу рабфаке деша вахана иза. Рабфакехь гучудолу Мамакаев Iаьрбин байташ язъяран похIма а, литературе йолу шовкъ. Иштта яздо цо 1934-чу шарахь шен «Рабфак» цIе йолчу байташкахь.

Колхозхой, белхалой Iуналле лоцуш,
Шена тIетайнарг Iилманах кхетош,
Рабфак ю советехь йоккха цIе йоккхуш,
Сирлачу кханенга некъ вайна кхийдош…

1936-чу шарахь рабфак чекхъяьккхина ваьлла Iаьрби «Ленинан некъ» газетан редакце балха хьажаво. Оццу шарахь тасало Мамакаев Iаьрбин кхоллараллин доттагIалла нохчийн дуьххьарлерчу режиссераца Батукаев ХIаронца. Цо хIотточу дипломни спектаклана оьшучу иллина дешнаш яздо къоначу поэта. Батукаев ХIарона хIоттийнарг «Майра Кикила» цIе йолу гуьржийн туьйра дара. Ткъа Кикилин «Хьекъаллий, ницкъий» иллина дешнаш яздинарг Мамакаев Iаьрби вара.

И стигла къекъаеш, стелахаьштиг терсарах,
Буьрса тулгIе етташ, букар дарц хьийзорх,
Боккха ницкъ тIеIеткъаш, холча хьо хIоттарх,
Хьекъало гIо лоцуш, воккху халонах…

Цул тIаьхьа а, Iаьрбица кхоллараллин гергарло долуш, дуккха а самукъане спектаклаш хIиттийна Батукаев ХIарона.

1934-чу шарахь дуьйна Яздархойн союзан декъашхо вара къона поэт. Кест-кеста «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь зорбане йовлура цуьнан керла байташ. Иштта луьста хаза аьтто бара радиоэфирехь Iаьрбин дешнаш тIехь даьхна керла иллеш хаза. Амма баьхначу кхиамех тоам бечарех вацара иза. Хаддаза шен говзалла лакхаяккхарехь къахьоьгуш вара.

1938-чу шарахь цо кхиамца чекхйоху драматургин курсаш.

1940-чу шарахь 22 шо кхаьчначу къоначу поэтан дуьххьарлера «Теркан тулгIе» байтийн гулар зорбане йолу. Цунна юкъаяхара «АслагIа, Селехьат» цIе йолу поэма. ЦIеначу безамах йолу и поэма, нохчийн литературехь керла дош дара. Къоман литература кхиаре сатесна болчу вайн махкахоша лаккхара мах хадош тIелецира иза. ТIаьхьо, мелла а хийцамаш бина, «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе тиллира Iаьрбис поэмина.

Къеначу лаьмнашций, ширачу хьаннашций,
ДIадевлларш хьехадеш къамел дан йиш хилча,
ЦIий лайнчу тIулгашший, тIом гинчу пепнашший,
ЛадоьгIург велхавеш, хийла аз хазор дара…

ХАРЦО IИЙШИНА ШЕРАШ

Йоккхачу къизаллица билгалдевлира ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш Советийн пачхьалкхехь даьхначу адамашна. Ежов Николайн а, цуьнан хьалхара гIоьнча хиллачу Шкирятов Матвейн а дIадолорца, луьрачу зерех чекхдовла дезна бехк-гунахь доцчу адамийн.

СССР-н чоьхьарачу гIуллакхин министр хиллачу Ежов Николайн а, цуьнан гIоьнчас Шкирятов Матвейн а къизачу таIзарийн хьалхара тулгIе ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн юккъехь дIайолаелла. Дукха адам хIаллакдина, кхин а дукха набахтешка дIахьовсийна. Оцу таIзарийн хьу Нохчийчу а кхаьчна. Делахь а, цкъачунна Мамакаев Iаьрбех ца хьакхалуш, Делан къинхетамца тIехтилла и хьалхара тулгIе.

ХХ-чу бIешеран 30-гIа шерийн чаккхенехь иза Нохч-ГIалгIайн радиокомитетан дикторан болх беш вара. Махкахошна дукхавезаш, къоман дозалла хеташ вара. Цуьнан байташ дукхахболчу кегийрхошна дагахь хаьара.

1940-чу шарахь Мамакаев Iаьрби Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзан жоьпаллин секретарь хIоттаво. Къона велахь а (цу хенахь поэтан 22 ду), шен ницкъкхочург дерриге а до цо къоман литература кхиоран новкъахь. Дарже кхаьчнера аьлла, цкъа а мокъа Iийна вац, цхьана а балхах тоам бина вац. Мамакаев Iаьрби кест-кеста кхочура радиокомитете, театре, шен керла эшарш дIаязъечу ансамбле. Ткъа уггаре а коьртаниг, поэт керла байташ язъеш вара.

БIаьстенца аренгахь,
Сенъелла йогIу,
Вайн стоьмийн бошмашкахь
Зазадаьлла догIу,
Зезагашца
Кхелина, вайн дуьне
Хазделла догIу…

Поэзехь къахегна Iаш вац Мамакаев Iаьрби. Цо цхьабосса кхиамца белхаш бина ерриге а жанрашкахь. ХХ-чу бIешаран 30–40-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн драмин театран сцени тIехь хIоттийна наггахь спектакль яц Iаьрбин дешнаш тIехь даьккхина илли юкъахь доцуш. Поэта оцу шерашкахь язйина «Винчу юьрта» повесть а. Тамашийна амал йолуш стаг хилла иза, дахарх самукъадолуш, даима а керлачу анайисте кхийдаш, зевнечу поэзино тIомаяьккхина къона ойла генарчу паналлехула хьийзаш, зовкхечу кханенах дегайовхо кхобуш.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелча, республикера дуккха а кIентий тIеман ара дIабоьлху. И буьрса тIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна патриотикин байташ язйо Iаьрбис, кестта ЦIечу Эскаран майрачу бIаьхоша мостагI хIаллаквийриг хиларх шеко ца юьтуш. Кегийрхойн дог-ойла ир-карахIоттайо цуьнан байташа. Кест-кеста газетийн, журналийн агIонаш тIехь гучуйовлура, радиоэфирехь хезара цуьнан байташ. Уьш мостагIчуьнга болчу цабезамах буьзна, фашистийн ямарт Iалашонаш Iорайохуш, церан акха амалш гойтуш бара. Къаьсттина гуш дара иза «Дерриге а тIамна» байтехь.

Европехь фашизмо
Iаьржа ун хецна:
Масс гIала, ярташ ю
Белхаршка евлла, –
Дийначийн каш хилла
Iазапо лаьцна,
Беллачийн ирс хилла
Цу балех бовла.
Вайн динчу лаьтта тIе
Некъ баккха унна,
Гитлера болийна
Вайца тIом тахна.
Болатан цIен эскар
ТIетаьIна цунна
Дерриг а дIалур вай
Даймехкан тIамна!

Даймахке болчу безамца, мостагIе болчу цабезамца язйина ю Iаьрбин «ДоттагI гIаролехь», «Хьо эскаре воьду», «Даймехкан тIом бечохь», «Чевнаш хиллачу капитане», «ТIамна кайолийла», иштта дуккха а кхийолу байташ. ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу сахьташкахь дуьйна мостагIчух доьналлица, майраллица летта ву вайн махкахо М.Мазаев. Шен заманахь вайн махкахоша чIогIа дозалла деш хилла цунах. Москварчу радиохь, газеташкахь кест-кеста хьахош хилла Мазаев Маташ. Цунах а, и яхь йолу кIант кхиийначу дех-ненах а язйина очерк ю Мамакаев Iаьрбин, «Турпалчу танкистан доьзал» цIе а йолуш.

Иштта, цо язйина цхьана актахь йолу пьесаш. Уьш кхиамца хIиттайина Нохч-ГIалгIайн паччалкхан драмин театран сцени тIехь. Цхьа мисхал а ша кхоа ца веш, Даймахкана тIебазбеллачу бохамна дегаIийжам лаьтташ, цIеначу даггара цунах шена хетарг яздеш схьавеана Мамакаев Iаьрби.

 

Амма 1942-чу шеран гурахь, доцу бахьана хIоттадой, НКВД-н йовсарша набахтичу кхуссу поэт. Хетарехь, цаьрга ца лалора кIорггера хаарш, ира хьекъал, къеггина похIма долу поэт ша схьаваьллачу нохчийн къомана везар. Царна гергахь хIора советийн стеган даг чохь, кхечаьрга болу безам чутарбала меттиг йоцуш, Сталине а, компартига а шовкъе безам хила безара. Ткъа Нохч-ГIалгIайн Республикехь Мамакаев Iаьрби массарна везаш вара. Доцург тIелаца бохуш ницкъ бо цунна. Етташ, Iазапехь латтаво. Ша цхьаъ камера чохь латтош, адамийн уьйрех хьегаво. Амма поэтан амал кагъян ницкъ ца кхочу НКВД-никийн. Иттех шо хан тухий, Магадане дIахьажаво иза. Цкъа а къарлур йоцчу нохчийн къонахчун амалх ю Мамакаев Iаьрбин «Иэхь ду вай къарлахь» цIе йолу байт.

Вай вовшех къаьстина,
Хийла хан яьлла,
Масс бIаьсте, масс гуьйре,
Iа хийцаделла…
Хьан, санний коьртан чоьш
Сел нилхадевлла,
Дог къона латтахь а,
ЦIока къанъелла…
Букар дарц хьийзочу,
Буьрсачу чиллахь.
Девллера дуьнен чу
Миска вай-бераш.
Цу бардалIазийн ша
Башийнарш иллехь
Бийцарна, Iема вай, –
Даймехкан лоьмаш…

Шийлачу Магаданехь Iедало тоьхна хан токхуш дукха адамаш, кхечу къаьмнийн яхь йолу кIентий бевзира Мамакаев Iаьрбина, цаьрца гергарлонаша зIенаш тесира. Царах цхьаъ вара тIаьхьуо СССР-н халкъан артист хилла волу Жженов Георгий, дуьненна вевза конструктор Королев Сергей, оьрсийн яздархо Солженицын Александр. Бераллехь дуьйна зевне мукъамаш дукхадезаш хиллачу Мамакаев Iаьрбин аьтто хилира генарчу Магаданехь, дуьненна евза оьрсийн эшаршлакхархо Русланова Лидия ган а, цуьнга ладогIа а. Толаман маршалца гергарло хиларна набахти чу йоьллина Русланова Иркутскан областан Тайшетехь йолчу лагере хьажийнера. Амма чуйоьллина елахь а, оцу агIор йолчу набахтешкахула концерташ луш чекхъяьлла иза 1949–1950-чуй шерашкахь. Магадане кхачар а нисделла.

1956-чу шарахь набахтера аравоккхий, шен доьзална тIе Казахстане дIахьажаво 8 шарахь къизачу балехь латтийна нохчийн поэт. Алма-Ата дIакхаьчча, цигахь нохчийн маттахь зорбане долуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газете балха хIутту иза.

ДАЙ БАЬХНАЧУ ЛАЬТТА ТIЕХЬ

1957-чу шеран хIутосург (май) баттахь дай баьхначу лаьтта тIе цIавоьрзу Мамакаев Iаьрби.

ЮхаметтахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзехь литературин консультантан балха хIутту маьршачу дахарх а, хьаналчу къинхьегамах Iедалан векалша дуккха а шерашкахь хьегийна поэт. Бакъду, миччанхьа балхахь хилча а, шогачу дахаро мел чолхечу хьелашка хIоттийча а, цкъа а адамаллех хедаш яцара поэтан башха амал. Иза массаьрца гIиллакхе, кIеда-мерза вара. ГIо-накъосталла оьшучохь, хьанна а орцахвала кийча вара. Делахь а, цуьнан дахаран коьрта маьIна поэзи яра. Цуьнан исбаьхьачу хьаьттахь вецаш вара иза, де-буьйса ца лоьруш.

НIаьнеш кхойкху, садаьржина,
Стиглахь етта-шура ю,
Бутт сахиллалц ца бижарна
КIалдан мижарг санна бу.
Сирла хIуо ду, сирчу арахь,
Дуьне набарх долуш ду.
Цу хенахь хьо беша валахь,
Хьуна Iуьйре езар ю…

Мамакаев Iаьрбис цхьабосса хаза, говза яздо Даймахках, Даймехкан Iаламах, дикачу адамийн башхачу ойланех, безамах. Поэтан дукха байташ ю вайн махкарчу иллиалархоша мукъаме ерзийна, шайн репертуаре схьаэцна. Царах цхьадолу иллеш, заманан йохалла басах, чомах ца телхаш тахнене схьакхаьчна. Хьалха санна, дезаш, лаккхара мах хадош тIелоцу цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш хIинца а, нохчийн къоман хIо детталуш уьш хиларна, чулацаме, маьIне хиларна. Цунна къеггина тоьшалла ду Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артиста Магомедов Султана дIаолуш хилла «БIаьстенан Iуьйре» илли.

ЦIен зезаг гарманан арахь,
Бай кхолуш, тIамарца гIотту,
Тхи къегаш баьццарчу бай тIехь,
Кегийра седарчий хIуьтту.
Олхазарш бошмашкахь ловзуш,
Дуткъачу гаьннаш тIехь дека,
Юткъачу шакаршца эшарш
Цара, дилхан дог хьоьстуш, лоькху…

Мамакаев Iаьрбин байташ йоьшуш, юьхьанца, хетало уьш атта, ша-шаха поэтан даг чу яьхкина, цхьана а кепара хало йоцуш, могIанашка ерзийна дIаязйина аьлла. КIорггера ненан мотт поэтана хууш хилар а, цунах говза цо пайдаэцна хилар а ду дешархошна иштта хетаран бахьана. Шен башхачу говзаршна тIехь похIмечу поэта къахьегна хиларан билгало ю. Къаьсттина Даймехкан Iаламах долчу Мамакаев Iаьрбин могIанашкахь Iанаоьхуш ю нохчийн меттан хазалла, шатайпанчу башхаллица лепаш серладуьйлучу дустарша а гойту поэтана нохчийн мотт ненан шурица цIийх дIаийна, сих хьерчаш хилла хилар.

БIаьстенан Iаламо хаздо шу, лаьмнаш,
Гуьйренан салоно токх до шу, лаьмнаш,
Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна
Там хилла, маьлхан де го суна тахна.
ДIайийначу кондарийн варшашца кхелина,
Сирлачу шовданийн хьесашца ерина,
Сан дагна дукхаезна Даймехкан аренаш,
Шул мерза хIун хир ду, яхь йолчу дагна!

Алсам байташ ю Мамакаев Iаьрбин безамах лаьцна. 80 шо хьалха язйинчара а, тахана йоьшучеран са серладоккхуш, шайн хазаллица дог хьоьстуш ю уьш. ВорхIе дас лелийначу оьздачу гIиллакхийн гурашкахь язбина бу церан хIора могIа, балхош берг безам белахь а.

Безамо зезагаш гойту
Хьо езарх дуьзначу дагна,
Безамо соь ойла йойту
Хьо гича, ненан йоI, тахна.
Со кIант, хьайн ойла еш вуйла
Хаалда, ненан йоI, хьуна!
Хьо гича дог карзахдуьйлу,
Безамца жоп лохьа суна…

…40 шарахь бен ца ваьхна поэт. Цу хенах а иттех шо набахтешкахь даьккхина цо, бевза-безачарех, дай баьхначу лаьттах хьоьгуш. Бакъволчу къонахчун амало дегабаамаш лехьош, леткъамаш бар ша шена дихкинехь а поэтана даго хьоьхуш хиллачух тера дара маьлхан дуьненахь шен оьмар Iаламат йоца хирг хилар. Цуьнан могIанаша кхуллу иштта ойла.

1957-чу шарахь язйинчу «Даге» цIе йолчу шен байташкахь Мамакаев Iаьрбис яздора:

Суьйренга лестина
Сан шерийн йорта,
Дог, шек ма далалахь
Хьалхе ду алий,
Йисинчу ханна
ГIоза а далий,
ЙогIучу суьйренан
Беркат а ларий,
Iуьйранна цадинарг
Дан кхиа гIорта,
Кхетаммий,
Безаммий
Хилийта шорта.

Ткъа 1958-чу шеран хьаьттан (август) беттан тIаьххьарчу деношкахь Мамакаев Iаьрби шен доттагI Айдамиров Абузар волчу вахара, шена дукхавезачу стагаца мелла а луьйш-олуш хан яккха лиъна. Амма яздархочун хIусаме дIакхаьчна дукха хан ялале, цIеххьана даге деанчу лазаро хадийра Мамакаев Iаьрбис гездина некъаш. Къоман литературина хилла ца Iаш, дерриге вайн халкъана бохам хилира 1958-чу шеран хьаьттан (август) беттан 26-чу дийнахь.

40 шо дузаза, гIеметтахIоьттина стаг вара Мамакаев Iаьрби. Нохчийн къоман поэзи цIе йолчу исбаьхьачу дуьненахь беркате зазахецна бIаьстенан Iуьйре яра похIме поэт. Чолхечу дахаран къаьхьачу кхолламо къинхетамза дожийра дукха хьалхе и зевне заза, Мамакаев Iаьрбин башха кхолларалла езачеран дегнаш эшошдохош. Кхин цхьана къеггинчу похIмин стагана къеделира нохчийн латта. Делахь а, вайца яха йисина поэтан кхолларалла. Цо ницкъ лур бу, Мамакаев Iаьрбин васт даима а халкъан иэсехь латто.

ГАЗИЕВА Аза

№97, гIуран (декабрь) беттан 18 де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: