НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан кхайкхам

Хьомсара вежарий, йижарий!

1864-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-гIа де нохчийн халкъан оьмарехь уггаре а лазаме хилла дисинчех цхьаъ ду. Оцу дийнахь лаьцна, махках ваьккхира сийлахь шайх Кишин Кунта-Хьаьжа.

Эвлаяъ лацаран хьокъехь болчу хаамо карзахяьккхира вайн ерриге а юкъаралла. Цо ша реза цахилар, эвлаяъ лацарна дуьхьал хилар дIа а хьедира. Шеко йоццуш, Кишин Кунта-Хьаьжа махках ваккхар леррина ойла ярца, кечам барца дIадаьхьна дара. Шеца адамалла йоцу и къизалла паччахьан сардалша а, инарлаша а Кавказ йиллина тIеман хьолехь латто лаарца бен лелайойла а дацара аьлла хета.

Паччахьан Iедало вайн дай сий-ларамечу динан баьччанах, юкъараллин гIуллакххочух хадийна битира. Ткъа цо даима а адамаш бертахь дахаре, тIамца эхабIешарахь вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар машарца, маслаIатца дерзоре кхойкхура.

Кишин Кунта-Хьаьжин цIе дашочу элпашца юкъаязйина бусалба умматан а, вайн мехкан а историна. Шен дерриге а дахар Ислам даржорна, диканиг даржорна, къинхетам баржорна дIаделла волу и устаз, Iеламстаг шен боккха сий-ларам баре кхаьчна. Оцу эвлаяа бусалба дине дерзийна эзарнаш адамаш. Уьш цунна, цуьнан кхайкхамашна тIаьхьа даьзна.

Тешна ву Кишин Кунта-Хьаьжа даима бусалбанийн дегнашкахь, иэсехь лаьттарг хиларх. Шайх махках ваьккхинчул тIаьхьа 150 шо сов хан яьлла, амма цуьнан хьехамийн мехалла тахана а яйна яц. Оцу хьехамашкахь жоьпаш карадо таханлерчу юкъаралло сагатдеш долчу гIуллакхашна.

Лекха а, Сийлахь а волчу АллахIан новкъахь цо динчу диканах беркат, ирс оьцуш бу дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь болу оцу эвлаяан миллионаш мурдаш.

Дала къайле тойойла цуьнан!

Дала шен даржехь лакхавоккхийла иза!

1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: