Вайн республикехь а, ГIалгIайчохь а, луларчу кхечу регионашкахь а тахана бусалбанаша билгалдоккхуш ду Кишин Кунта-Хьаьжа махках ваьккхина де. ГIайгIанца, сингаттамца дагалоьцу цара и де. Бехк а бац. Iаьнан уггаре а шийлачу хенахь, кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь махках ма-ваьккхина Кишин Мубарик-Хьаьжа, ткъа иштта цуьнан ваша Мовсар а, устазан уггаре а тешаме мурдаш а. ТIаккха, оцу дийнахь сингаттаме а, гIайгIане а ца хулийла дуй?

Нохчийчоьнан ерриге а ярташкахь бохург санна, тахана Iуьйранна дуьйна вовшахбетталуш бара Хьаьжин мурдаш. Царах цхьаберш Хьаьжин ненан Баба-Хедин Эртанахь долчу зерате а, Хьаьжа Iийначу Хьаьжин-Эвла а баха новкъабевлира, вуьйш Иласхан-Юьрта бахара.
1864-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь а, цул тIаьхьарчу деношкахь а Шелахь а, Гермачигахь а хилла къиза хиламаш, Кишин Кунта-Хьаьжа махках ваккхар карладоккхуш, бIаьрг белхош, дог Iийжош, бусалба дине марзо, безам кхуллуш, дог-ойла асаре еш назманаш а олура, зуькарш а дора зетарашкахь, маьждигашкахь вовшахкхеттачара. Дийнахь сарралц иштта хьал лаьттира Эртана коьртехь.
Эзарнашкахь бусалбанаш баьхкинера Баба-Хедин зерате. Царна юкъахь вежараллин ГIалгIайчуьра, Дагестанера Хьаьжин мурдаш бара. Цара а жигара дакъалоцура Далла Iамал-Iибадат дарехь. Къаьсттина дагна хьаам беш дара царна юкъахь алссам кегийрхой хилар. Кхечу кепара хуьлийла а ма дацара. Кишин Кунта-Хьаьжас аьлла-кх: «Бераш, хIара вайн болх эхарта дIабахьа безаш бу шуна».
Иза харц хила йиш яц. Цунна тоьшалла дан санна, хьаннийн, лаьмнийн басешца, Iаннашца дIасадаьржара, стигалан Iарше дIахезара «IалалахI-IуьлалахI» зуькар, назманаш.
Оцу дийнахь и беркате хьал Эртанахь, Хьаьжин-Эвлахь, Иласхан-Юьртахь лаьттина Iаш дацара, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а дара. Цигахь дакъалоцуш бара республикин тайп-тайпанчу ярташкара Хьаьжин мурдаш, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин векалш, кхиберш.
Даима санна, Кунта-Хьаьжа махках ваьккхина де дагалаца вовшахкхеттачарна юкъахь Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а вара, ткъа иштта Iедалан векалш а бара. Цара жигара дакъалецира мовладашкахь а, зуькаршкахь а, сагIа даккхарехь а.
С.ХАМЗАТОВ
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо