Республикин Iедал харжар

Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа, 1957-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь, дIадаьхьира къинхьегамхойн меттигерчу Советашка харжамаш бар. Официальни хаамашца нийса а догIуш, оцу харжамашкахь дакъалецира Нохч-ГIалгIайн республикерчу 99,98 процент харжамхоша. Царах 98,99 процент болчу харжамхоша шайн кхаьжнаш дIаделира депутаташка болчу кандидаташна.

Нохч-ГIалгIайн АССР-н байракх

Нохч-ГIалгIайн республика меттIахIотторан вовшахтохараллин Комитето 1958-чу шеран кхолламан (январь) беттан 2-чу дийнахь чIагIйира «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Совете харжамаш баран хьокъехь йолу Положени». Республикин пачхьалкхан Iедалан векалаллин а, законашдахаран а лаккхара орган вовшахтохаран гIуллакхаш билгалдохуш йолчу 100 статьях лаьтташ яра и Положени.

1958-чу шеран бекарг (март) беттан 16-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Совете харжамаш баран хьокъехь сацам тIеийцира. Оццу шеран кхолламан беттан 10-чу а, 16-чу а деношкахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан вовшахтохараллин комитетан хьокъала боллучу сацамашца вовшахтуьйхира харжамийн 116 округ (депутатийн барамашка хьаьжжина). Иштта, чIагIбира республикин харжамийн коьртачу комиссин декъашхой. Иза 13 стагах лаьтташ яра.

Кхолламан (январь) беттан 21-чу дийнахь республика меттахIотторан вовшахтохараллин комитето харжамийн окружни комиссеш чIагIйира (ерриге – 116). Билгалдина а ма-хиллара, 1958-чу шеран бекарг (март) беттан 16-чу дийнахь харжамаш хилира. Ламаст ма-хиллара, официальни хаамашца, харжамашкахь дакъалацаран жигаралла лаккхара яра. Баккъал а иза иштта хила а тарлора, хIунда аьлча, шайн бакъонаш меттахIиттийна болу нохчий а, гIалгIай а хIинца таро йолуш бара шайн къоман пачхьалкхан Iедалан лаккхара органаш вовшахтохарехь, цIарна делахь а, дакъалаца.

Официальни статистико дIакхайкхийра харжамашкахь 410 883 харжамхочо дакъалаьцна хилар я 99,98 процент болчу харжамхоша. Депутаташка болчу кандидаташкахьа кхаьжнаш теснера 405 182 стага я 98,6 процент харжамхоша.

Харжамийн коьртачу комиссис харжамийн 116 округехь массанхьа а республикин Лакхарчу Совете депутаташ хаьржина хилар чIагIдира. Депутаташна юкъахь оьрси 52 (44,8 процент), нохчи а, гIалгIа а (11 процент гергга) вара. Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советана юкъахь хиллачу 31 зудчух ламанхо 15 яра.

1958-чу шеран оханан (апрель) беттан 15-чу дийнахь шен болх дIаболийна Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан шолгIачу кхайкхаман хьалхарчу сессис. Республикин Лакхарчу Советан къанойн кхеташонан дехарца иза дIайолийра депутата С-Б.Арсановс – нохчийн цIеяхханчу яздархочо. Оцу заманан Iадато лоьхуш ма-хиллара, цо республикин къинхьегамхойн цIарах баркалла элира партина а, правительствона а нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн къоман автономи меттахIотторна.

Сесси дIайолийначу дийнахь, даздаран гIуллакхаш чекхдевлча, НГIАССР-н Лакхарчу Советан Председатель хаьржира (оцу хенахь сесси дIаеларрий, дIакъовларрий бен кхин карахь Iедал долуш вацара иза). Оцу дарже хаьржира 1931-чу шарахь дуьйна партин декъашхо, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо, Теркан райисполкоман председатель волу А.М.Мурдиев. Цуьнан заместительш хаьржира хьехархо Л.И.Шадыжева, РСФСР-н Iилманан а, техникин а хьакъ воллу гIуллакххо, профессор Г.М.Сухарев.

НГIАССР-хь гIуллакхдеш ерг 1938-чу шарахь тIеэцна Конституци хилла хиларца доьзна цу тIехь хьокъала боллу хийцамаш бира, СССР-н Конституци тIехь а, РСФСР-н Конституци тIехь а бина хиллачу хийцамашка хьаьжжина.

Хьалхарчу се ссехь вовшахтуьйхира Нохч-ГIалгIайн АССР-на урхалла даран Iедалан органаш – НГIАССР-н Лакхарчу Советан Президиум, НГIАССР-н Министрийн Совет.

НГIАССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Председатель хаьржира И.А.Алмазов. Цуьнан заместительш – Е.А.Изварина, А-В.Т.Тепсаев. Секретарь хаьржира М.И.Комаров. Президиуме 11 стаг хаьржира: 5 – оьрси, 5 – нохчи, 1 – гIалгIа.

НГIАССР-н Министрийн Советан Председатель хIоттийра М.Г.Гайрбеков. Конституцица нийса а догIуш, цунна тIедиллира Правительство – НГIАССР-н Министрийн Совет вовшахтохар.

РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман указаца кхоьллина йолу Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIотторан вовшахтохараллин комитет шен даккхий а, жоьпаллин а декхарш дуьззина а, кхиамца а кхочушдина елира республикехь пачхьалкхан органаш: НГIАССР-н Лакхара Совет а, Министрийн Совет а вовшахтоьхначул тIаьхьа.

Цул тIаьхьа цуьнан декъашхоша шайн болх сацийра. НГIАССР-н Лакхарчу Советан сессис законашца билгалбинчу некъаца чIагIйира республикин Лакхара Суд а, цуьнан куьйгалхой а. Iедалан бакъонца йолу институташ вовшахтохарца чекхделира нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн къоман пачхьалкхалла меттахIоттор. Иза историн а, политикин а мехала гIулч яра Нохч-ГIалгIайчоь когахIотторан дуккха а агIонийн новкъахь яьккхина йолу. Иза коьрта жамI дара нохчийн а, гIалгIайн а политикин реабилитаци ярехь. И жоьпаллин декхарш кхочушдарехь яккхий халонаш, дуьхьалонаш эшон дийзира.

Цу тайппана, и мехала мур чекх а баьлла, нохчийн халкъан, шена еллачу автономин гурашкахь, таро хилира шен экономика, культура, Iилма, дешар кхион, хийцамаш бан.

Оцу хийцамийн жамIаш далийра 1961-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 8-чу дийнахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоман партийни органийн отдело хIоттийначу справки тIехь. Цу тIехь билгалдоккхуш дара 1957-чу шарера 1961-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь республикехь промышленни валови продукци 49 процентана лакхаяьлла хилар.

Капитальни гIишлошъярна юкъадиллинера 427,5 миллион сом, йинера 49 промышленни предприяти. Царна юкъахь яра: химин завод, шекаран завод, Новогрозненски ТЭЦ, аьчка-бетонан коьчалийн завод, цхьамогIа кхиерш.

Оцу муьрехь Нохч-ГIалгIайчу шен цIа веанера 432 эзар стаг (356 эзар нохчи, 76 эзар гIалгIа. Дагестанан АССР-е схьакхелхира 28 эзар стаг, Къилбаседа-ХIирийн АССР-е – 8 эзар стаг). Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а 56 эзар стаг висинера. Царна юкъахь – 34 эзар нохчи а, 22 эзар гIалгIа а.

Къинхьегамна хьуьнаре болу берриге а нохчий а, гIалгIай а белхаш беш бара. Балхахь хиллачу 112 эзар стагах промышленностехь къахьоьгуш 19 эзар стаг вара. Дустархьама эр вай 1944-чу шарахь промышленностехь болх беш верриге а 1 077 нохчи а, гIалгIа а бен вацара.

Кхиамца болх беш яра дешаран система. Оцу муьрехь кечвинера 1 056 хьехархо, школаш 365-нна тIера 414-нна тIекхаччалц алсамъевллера. Цигахь доьшуш хилла дешархой 80,4 эзарна тIера 151,1 эзарна тIекхаччалц алсамбевллера. Дарбанаш лелоран учрежденеш 70-нна тIера 73-нна тIекхаччалц алсамъевллера. Лоьраш – 1 105-нна тIера 1 403-нна тIекхаччалц.

Нохчий а, гIалгIай а жигара юкъаийзош бара юкъараллин-политикин дахарна. СССР-н а, РСФСР-н а Лакхарчу Советийн, меттигерчу Советийн 7 222 депутатах 3 997 (55,3 процент) депутат нохчийн а, гIалгIайн а къоман векал вара. Партин, профсоюзийн, комсомолан жигархошна юкъахь а нохчийн а, гIалгIайн а дикка дакъа дара.

1963-чу шарахь, коьртачу декъана, чекхделира нохчий а, гIалгIай а шайн махка цIаберзор. ЦIа ван лууш волчу муьлххачу а нохчичун а, гIалгIачун а бакъо яра и дан. Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а Iаш хиллачу 524 эзар стагах (418 эзар нохчи, 106 эзар гIалгIа) Нохч-ГIалгIайн АССР-е схьавеара 468 стаг (384 эзар нохчи а, 84 эзар гIалгIа а). Цхьаберш Дагестане а, Къилбаседа-ХIирийчу а дIабахара, кIеззиг дакъа шаьш дIакхалхийначохь дисира.

Амма РСФСР-н Лакхарчу Совето 1991-чу шеран оханан (апрель) баттахь бен тIе ца ийцира «ТаIзарш лайначу халкъашна реабилитаци яран хьокъехь» долу закон. Цуьнца цхьаьна дIадаьккхира бехк-гунахь доцуш таIзаре лаьцна хиллачу нохчашна а, гIалгIашна а, кхечу халкъашна а тIера «халкъ-зуламхо» боху томмагIа.

ИБРАГИМОВ Муса, историн Iилманийн доктор

1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: