Даймехкан дуьхьа эгнарш

1938-чу шеран хьаьттан (август) баттахь вайнехан кегийрхойн йоккха тоба Москварчу театральни институте деша хьажийра Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министерствос. 45 стаг юкъахь волуш, леррина вовшахтоьхна яра и тоба. 19-22 шераш долуш кегийрхой бара тобанна юкъахь. Массарел воккха хиллачу, тобанан старостин Татаев Вахин 24 шо дара. Театран актерийн корматалла караерзош, кхаа шарахь дийшира вайн махкахоша. 4-чу курсе бевлла, шайн дипломни спектаклана кечамаш беш хилла къона актераш.

Дипломни спектаклана хIотто билгалъяьккхина драматурган Шекспир Вильяман «Отелло» цIе йолу трагеди хилла. Иза ненан матте яьккхинарг Хамидов Iабдулла хилла. Трагедин коьртачу турпалхойх цхьаъ йолчу Дездемонин васт кхолла кечамаш беш Хакишева Хьава хилла.

Амма 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь болабеллачу тIамо юкъахдаьккхина церан дешар. Нохч-ГIалгIайн студин староста хилла Татаев Ваха а, цуьнан гIоьнча, накъост Хамидов Iабдулла а, шайца болу мехкарий балош, Соьлжа-ГIала цIабирзина. Ткъа бисина вайнехан студенташ, шайн лаамехь, мостагIчунна дуьхьалбовла тIеман комиссариаташка бахана, ЦIечу Эскаре дIаязбала.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь Москварчу тIеман комиссариате баханчу кегийрхошна юкъахь хилла Ибрагимов ИсмаьIал, Туликов Абухьаьжа, Горчханов Iусман, Сапаров Мохьмад, Магомадов Ваха, Исаев Тапа, вежарий АлхазовгIар Ахьмад, Тута, Гандаев Сайда, Шаипов Хьасан, Сатабаев Ширвани, Магомаев Мохьмад (Муслиман да), Цароев Iабдулла, Эльмурзаев Бауди, иштта дуккха а кхиберш.

Амма царах масех стаг бен тIеман арара дийна юхавирзина вац. Юхавирзинарг а дерриге а нохчийн къам санна, Юккъерчу Азе дIахьажийна. Советийн Союзан Турпалхо хиллачу Николай Иванович Кузнецовна уллехь Малхбузерчу Украинехь тIемаш бина ву Цароев Iабдулла, Шаипов Хьасан. Кузнецовн бIаьхаллин хьуьнарех дерг довза аьтто хилла «Сильные духом» исбаьхьаллин фильме хьаьжча.

Бакъду, вайн турпала махкахой хьахийна-м бац фильмехь а, я изза цIе йолчу книги тIехь а. Иштта, цхьа хIума цхьанхьа а хьахийна, дуьйцуш а дац, алссам орденаш а, мидалш а йолуш, тIеман арара цIабирзинчу Гандаев Сайдех а, Эльмурзаев Баудех а дерг.

Делахь а, цаьрца доьзначунна цхьа синтем бу: уьш буьрсачу тIеман арара чевнаш хиллехь а, могаш-маьрша цIаберзар. Ткъа важа ткъех стаг воьжна Москван йистошца хиллачу тIемашкахь.

Къона артисташ хилла уьш, тIеман говзалла йолуш ца хилла. Москвахь вовшахтухуш хиллачу ополчени юкъабахана, кхаа баттахь Москван йистошкахь луьра кхихкинчу тIемашкахь дакъалаьцна цара. Царах, Москвара Польше кхаччалц, тIемаш беш дIавахнарг дуьненна вевзаш хиллачу иллиалархочун Магомаев Муслиман да Мохьмад ву. Иза Краков гIала фашистех паргIатйоккхуш бIаьхаллин хьуьнарш гойтуш, мостагIчух дера леташ, 1944-чу шарахь Краков гIалахь воьжна.

Ткъа вукхарах дерг хууш стаг вац. Иза вайн йоккха ледарло ю. Жимма талламан болх бича, хуур дара ГИТИС-ра студенташ муьлхачу тIеман комиссариатехь ЦIечу Эскаре дIаязбелла, церан бIаьхаллин некъаш муха нисделла хилла.

1941-чу шеран гуьйранна Москван йистошкахь фашисташна тIехь дуьххьара толам ЦIечу Эскаро баккхар, ерриге а Россино билгалдоккхуш хилча, вай хаа декхарийлахь ду вешан махкахоша шайн дакъа цу толамна юкъадиллиний. Цхьана дийнахь дIабирзина тIом бац иза.

1941-чу шеран товбецан (сентябрь) 30-чу дийнахь Москвана тIебогIучу новкъа бевлла немцой. ЦIечу Эскаран еа фронтан 96 дивизи хилла царна дуьхьалъяьккхина, шайна юкъавогIуш 1 250 000 стаг а волуш, эзар сов танк, цхьайтта эзар ца кхоччуш йоккха топ (артиллери), миномет, ялх бIе ца кхоччуш хIаваан кема долуш.

ЦIечу Эскаро фашисташна тIехь дуьххьарлера толам 1941-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 5-чу дийнахь баьккхинехь а, СССР-н коьртачу шахьарна Москвана уллера генна юхатоьхна де 1942-чу шеран оханан (апрель) беттан 20-гIа де ду.

Кхаа баттахь эха баттахь буьрса кхихкинчу оцу тIамехь ЦIечу Эскаран бIаьхойх турпала воьжнарг цхьа миллион сов стаг ву. Царна юкъахь вайн махкахой а бу. Уьш вайн дуьхьа эгна. Буьрсачу тIеман арахь, бIаьрнегIар ца тухуш, Даймехкан дуьхьа дахар дIаделла цара, тIаьхьарчу тIаьхьенийн дахар маьрша хилийта. Царна юкъахь бу нохчийн къоман драмин театран къона актераш а.

Церан бIаьхаллин некъаш таллар вайна тIехь ду. Иза царна ца оьшу. Вайна оьшу, нохчаша тIом ца бина бохучарна дуьхьал тоха а, нохчийн къоман яхь йолчу кIентийн сийлахь цIерш йовза а. Вайнехан историн цхьа агIо ю иза, ма-ярра йовзар вайна тIехь а долуш.

А.АРАПХАНОВА

1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: