Кхолламан беттан 1-ра де – Айдамирова Марем (1924–1992), йишлакхархо, Россин хьакъйолу артистка – 95 шо.
Кхолламан беттан 2-гIа де – Алиев ГIапур (1949–2011), нохчийн поэт – 70 шо.
Кхолламан беттан 30-гIа де – Бицираев Сайд-Хьусайн (1954), Россин хьакъволу суьрташдахкархо – 65 шо.
Чиллин беттан 1-ра де – Джанаралиев Iимран (1959–2007), журналист, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо – 60 шо.
Чиллин беттан 14-гIа де – Хаджиева Нэлли (1939), актриса, Россин халкъан артистка – 80 шо.
Чиллин беттан 17-гIа де – Мусалатов Хьасан (1944–2002), медицинин Iилманийн доктор, профессор – 75 шо.
Чиллин беттан 17-гIа де – Джамбеков ШаIрани (1949), литературовед, филологин Iилманийн доктор – 70 шо.
Чиллин беттан 23-гIа де – Гайтукаева Бана (1959–1994), нохчийн поэтесса – 60 шо.
Чиллин беттан 28-гIа де – Чокаев Кати (1929), филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – 90 шо.
Бекарг беттан 6-гIа де – Лулуев Сайд-Iали (1954), Россин Яздархойн союзан декъашхо – 65 шо.
Бекарг беттан – 14-гIа де – Махмаев Жамалди (1939–2014), поэт, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо – 80 шо.
Бекарг беттан 23-гIа де – Давлетмирзаев IабдулмутIелип (1939), актер, Россин халкъан артист – 80 шо.
Оханан беттан 2-гIа де – Габисов Бисолта (1919–2007), журналист, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо – 100 шо.
Оханан беттан 9-гIа де – Джамаев Iимран (1949), актер, Нохчийн Республикин халкъан артист – 70 шо.
Оханан беттан 11-гIа де – Сатуев Хьусайн (1939–1995), нохчийн поэт – 80 шо.
Оханан беттан 15-гIа де – Айсханов Султан (1944), медицинин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – 75 шо.
Оханан беттан 23-гIа де – Салгириев Хьасан (1954), Россин Федерацин хьакъволу пилот – 65 шо.
Оханан беттан 25-гIа де – Арсанукаев Iабдулла (1939–2017), литературовед, нохчийн литературин Iаматийн, методикин пособийн автор – 80 шо.
Оханан беттан 28-гIа де – Мамакаев Эдуард (1939), Нохчийн Республикин халкъан яздархо, Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо – 80 шо.
ХIутосург беттан 10-гIа де – Маргошвили Юсуп (1894–1972), гочдархо, Гуьржийчоьнан хьакъволу хьехархо – 125 шо.
ХIутосург беттан 15-гIа де – Магомадов Мухтар (1939), экономикин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – 80 шо.
Асаран беттан 1-ра де – Бислиев Iабдулхьамид (1944–1991), физикин-математикин Iилманийн кандидат, профессор – 75 шо.
Асаран беттан 8-гIа де – Жамалдаев Шаид (1954), юкъараллин гIуллакххо, Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель – 65 шо.
Асаран беттан 10-гIа де – Саидов Билал (1914–1994), нохчийн поэт – 105 шо.
Асаран беттан 12-гIа де – Ташаева Марем (1959), йишлакхархо, Нохчийн Республикин халкъан артистка – 60 шо.
Асаран беттан 25-гIа де – Энгиноев Дуда (1919–1979), Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо, «Слава» орденан вуьззина кавалер – 100 шо.
Асаран беттан 27-гIа де – Саиев Iумар (1959), поэт, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо – 60 шо.
Мангалан беттан 1-ра де – Бексултанов Муса (1954), Нохчийн Республикин халкъан яздархо – 65 шо.
Мангалан беттан 10-гIа де – Ибрагимов Хьамзат (1934–2006), химин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – 85 шо.
Мангалан беттан 12-гIа де – Магомаев Леча (1939), Нохчийн Республикин хьакъволу журналист – 80 шо.
Мангалан беттан 15-гIа де – Эсамбаев Махьмуд (1924–2000), СССР-н халкъан артист – 95 шо.
Мангалан беттан 27-гIа де – Умаров Пайзул (1949), Россин Федерацин физически культурин хьакъволу белхахо – 70 шо.
Мангалан беттан 28-гIа де – Альбеков Адам (1954), экономикин Iилманийн доктор, профессор, Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо – 65 шо.
Хьаьттан беттан 11-гIа де – Исмаилов Абу (1949), Нохчийн Республикин халкъан яздархо – 70 шо.
Хьаьттан беттан 13-гIа де – Джандаров Муса (1949), актер, Нохчийн Республикин халкъан артист – 70 шо.
Хьаьттан беттан 25-гIа де – Асуханов Iаманди (1939), Нохчийн Республикин халкъан суьрташдахкархо – 80 шо.
Хьаьттан беттан 27-гIа де – Димаев СаьIид – (1939–2005), композитор – 80 шо.
Хьаьттан беттан 31-гIа де – Насуханова Ляля (1939–2000), летчица, СССР-н спортан хьакъйолу мастер – 80 шо.
Товбецан беттан 1-ра де – Бисултанов Апти (1959), поэт – 60 шо.
Товбецан беттан 4-гIа де – Алироев ИбрахIим (1934–2013), филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент – 85 шо.
Товбецан беттан 14-гIа де – Дадаев Сайд-Хьасан (1954), Нохчийн Республикин хьакъволу журналист – 65 шо.
Товбецан беттан 14-гIа де – Токкаев Сулейман (1954), иллиалархо, Россин Федерацин хьакъволу артист – 65 шо.
Товбецан беттан 30-гIа де – Овхадов Муса (1949), филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент – 70 шо.
Эсаран беттан 1-ра де – Барзанукаев Ахьмад (1949), Нохчийн Республикин хьакъволу журналист – 70 шо.
Эсаран беттан 2-гIа де – Арсанов СаьIидбей (1889–1967), яздархо, «Даймохк» газетан дуьххьарлера редактор – 130 шо.
Эсаран беттан 3-гIа де – Ахмадов Явус (1949), историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – 70 шо.
Лахьанан беттан 7-гIа де – Гичаева Раиса (1939), актриса, Россин хьакъйолу артистка – 80 шо.
Лахьанан беттан 10-гIа де – Халидов Айса (1954), филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик – 65 шо.
Лахьанан беттан 18-гIа де – Курумова Селима (1914–1968), яздархо – 105 шо.
ГIуран беттан 10-гIа де – Гадаев Мохьмад-Селахь (1909–1972), нохчийн поэт, прозаик – 110 шо.
ГIуран беттан 21-гIа де – Гузуев Хьусайн (1954–1994), режиссер – 65 шо.
ГIуран беттан 25-гIа де – Гайрбеков Чага (1939–2017), журналист, поэт – 80 шо.
Бенойн БойсагIар (муьлхачу баттахь, дийнахь вина билггал хууш дац, 1794–1861), Кавказан тIеман гоьваьлла баьчча – 225 шо.
Досов Къеда (муьлхачу баттахь, дийнахь вина билггал хууш дац, 1819– ?), нохчийн меттан дуьххьарлера абат хIоттийнарг – 200 шо.
Лаудаев Умалт (муьлхачу шарахь, дийнахь вина билггал хууш дац, 1829–1904), нохчийн яздархо, публицист – 190 шо.
Таймин Биболат (муьлхачу баттахь, дийнахь вина билггал хууш дац, 1779–1831), нохчийн гоьваьлла политикин а, юкъараллин а гIуллакххо – 240 шо.
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо