Со могаш ву

бераш

Адамийн  коьрта хьал могашалла ю. Шеко яц, доьзалехь могаш бераш кхиар и хьал шозза дебар ду. И довзарна олу вайн баккхийчара: кIант, йоI бен а дац, сакхт доцуш дуьнентIе даьлчахьана.

Бакъдерг аьлча, оцу хьолан Далла хастам беш, хама бар кIезиг нисло вайн, цхьа сиркхо ца хьакхаелча. ТIаккха а, бер цомгаш хуьлучул, воккханиг хилар атта хетахь а, дахаро цхьацца зиэраш тIетуьйсу вайна. Ишттачун ойла яло, вайн халкъалахь «цIе ца йоккху лазар» олучу рак лазар долчу берийн Дуьненаюкъара де тIекхочуш.

Тахана 40 сов пачхьалкхехь тидаме оьцу и де дуьххьара билгалдаьккхира 2001-чу шарахь Люксембург пачхьалкхехь. Халахеташ делахь а, медицинин статистикин хьесапашца цхьана шарахь дуьнентIехь 2 бIе эзар берана и цомгаш хуьлу, царах ах то а ца ло. 2 бIене ца кхоччуш кеп йолу и лазар муьлххачу а меженах кхета тарло, амма берийн цIий «лейкомия» талхадо цо. Вайн махкахь а оцу лазарна а, цуьнан тIаьхьалонашна а тIехь тидам латтабо Iедало а, могашаллаIалашъяран министерствос а, профильни больницаша а. Оцу декъехь тIаьххьарчу 20-х шарахь дикачу агIор хийцамаш хилла – цомгашчун «стволови клеткаш» хийца аьттонаш кхоьллина Н.Н.Блохинан цIарахчу Россин берийн онкологин а, гематологин а Iилманан-талламан институтехь. Цунах лаьцна медицинин хаамийн агентствос (АМИ-ТАСС) хаам бо: «Лазар гена ца долуш талла а, шен хеннахь дарба дан а аьтто нисбелча, 80 процент бераш лазарх дIацIанло Н.Н.Блохинан цIарахчу институтехь дечу дарбанах».

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республика а юьстаха ца йисина оцу бохамна. Республикин могашаллаIалашъяран министерствон бераллин отдело (отдел детства) бинчу хаамашца дIадаханчу 2014-чу шарахь вайн республикера онкологин диагнозца 399 бер дIахьажийна Москварчу берийн клинически больнице а, Д.Рогачевн цIарахчу Федеральни Iилманан-клинически туьша а, Н.Блохинан институте а, Ростоверчу Iилманан-талламан институте а. Царах 299 берана дарба дина.

Билгалдинчу денна лерина вайн мехкан массо а гIаланашкахь дIахьо цхьацца гIоьналлин акцеш. Церан Iалашо кхолладелла хьал юкъараллин тидаме диллар хилла ца Iа. Коьртаниг, дог дилларан де а доцуш, халачу лазарна тIехь бераша а, лоьраша а, берийн дай-наноша а, церан гергарчара а толамбаккхар ду. Шеко йоццуш, церан гIо-накъосталло а гIо дийр ду цомгашчу берана лазар эшо а, цхьана дийнахь синкъерамца арадаьлла, сийначу стиглана, бовхачу малхана делакъажа а, «cо могаш ву!» – ойла кхоллаяла а. Дала Iалашдина, могаш-маьрша кхуьийла вайн бераш.

Т.АЛИЕВА   

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: