Дукха хан йоццуш Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин 30 шо кхаьчна. И хилам билгал а боккхуш, хаза суьйре дIаяьхьира цуьнан Нохчийн Республикехь йолчу отделенехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатела Солтагереев Хьусайна, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа Нагаев Iаднана, Тагиев Мурата, «Единая Россия» партин нохчийн регионан отделенин кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Динаев Iадлана, кхечара.
Цигахь дакъалаьцначу хьешаша шайн къамелашкахь билгалдаьккхира, заьIапхойн юкъараллин председатела Аздаева Рабус заьIапхошца боккха болх дIахьош хилар а, цо цаьрца дукха къахьоьгуш хилар а. Цара цунна баркалла элира иштта къахьегарна.

Хь.Солтагереевс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин гIоьналлин фондо а заьIапхойн терго еш хилар.
– Вайн республикин Куьйгалхо а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу фонд а бахьанехь дикачу хьелашкахь даха таро ю, иштта, заьIапхошна медицинин гIо оьшучохь накъосталла а до, – элира цо.
ЗаьIапхойн юкъараллин юбилейца доьзна, царна совгIат аш дира Хь.Солтагереевс.
– ТIеман хенахь къаьсттина дукха гIо дина хIокху организацис заьIапхошна. ХIетахь къаьсттина оьшуш яра иза. Оцу муьрехь дуккха а адам юкъадеара организацина. Россехь йолчу ерриге а отделенешкахь 2,5 миллион стаг ву, цундела, уггаре а яккхийчарах цхьаъ лоруш ю заьIапхойн юкъаралла. Тахана кхузахь дакъалаьцначарна а, заьIапхошна гIо-накъосталла дечарна а даггара баркалла ала лаьа суна, – бохура Аздаева Рабус.
Суьйренехь къаьсттина самукъаделира заьIапхойн. Шаьш оьшуш хиларх а, шайн терго ярх а дегахьаам хуьлу заьIапхошна. И суьйре еххачу хенахь дагахьлаттийта цхьаьна суьрташ дехира цара.
З.ХАСИЕВА
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо