Нохчийн Республикин кинематографин тахане

0_e561a_4d669345_orig

Нохчийн Республикин пачхьалкхан кинематографин урхаллин директора Терекбаев Беслана бовзийтира шайн болх а, дIадаханчу шарахь шаьш кхочушйина проекташ а.

Кино –  иза искусствон уггаре а чолхе кеп ю. Цхьаболчарна кино яккха атта ду аьлла хета тарло. Кино яккха дуккха а къахьега деза. Цкъа дуьххьара масех баттахь кечамаш бан беза: актераш лоьхуш а, цаьрца белхаш беш а, цул тIаьхьа бен ца йолайо съемкаш. Уьш йолийча а дерриге а ма-моьтту сиха а, дика а ца нисло. Г1алаташ хуьлуш меттигаш а хуьлу. Фильм яккхаран коьрта болх бирзинчул тIаьхьа съемкийн монтаж  ян еза. Шаьш йоккхучу хIора кино чохь нохчийн шира гIиллакхаш, Iадаташ гойту кинематографин белхахоша, масала, дIадаханчу шарахь арахецна йолу «Генахь йолу суьйре» кино 40 минот хиллал бен яцара, амма кIорггера чулацам болуш яра. Цу чохь коьртачу турпалхочун роль ловзийра къоначу эшаршлакхархочо Идрисова Линдас.

Коьртачу турпалхочо гайтира шайн нехан дош тIера вала мегар доций. И санна йолу кино вайн кегийрхошна ч1ог1а а пайдехь хир ю.

Карарчу хенахь керлачу проекта тIехь беш болх бу. Исбаьхьаллин «Деган аз» фильм йоккхуш бу кинематографин белхахой. Фильман ерриге а 12 сери хир ю. Хьалхарчу серин съемкаш  20 дийнахь йира. «Чеченфильм» кинокомпанин гIоьнца схьайиллинчу «Шаг» цIе йолчу школин кхиархой бу «Деган аз» кино чохь дакъалоцуш. Съемкаш йолояле кхаа баттахь гергга кечбира къона актераш.

Кино чохь юьйцуш ерг вай деха зама ю. Кхузаманан кегийрхойн дахар, церан дуьнене болу хьежамаш, церан лелар, –  и дерриге а гойтур ду оцу. Кинон сереш дукхахерш вайн республикехь йохур ю. Лаьмнашкахь а, хазачу меттигашкахь а еш ю съемкаш. Кинон тIаьххьарчу серийн съемкаш Санкт-Петербургехь ян лерина.

Муьлхха а кино, фильм, сериал дика яккхар режиссерах а, продюсерах а, оператор-постановщиках а доьзна ду дукхахьолахь. Россехь гIараваьлла вевзаш волчу режиссерца Бондарчук Федорца белхаш бина волу Гамзян Мика ву «Чеченфильм» продюсер, оператор – постановщик, художник-постановщик – Скобелев Борис, звукорежиссер – Ибрагимов Iела. Цара бечу балхе а, кинохь дакъалоцучу актерашна цара бечу тIеIаткъаме а хьаьжжина дика кхоллало фильм.

Дукха хан йоцуш керлачу «Берийн дийцарш» проекта тIехь а болх дIаболийна. Иза самукъадаккхаран – забарийн, проект ю, съемкашкахь дакъалоцур ду 3 шарера 7 шаре кхаччалц  хенаш йолчу бераша. Иштта, тIейогIучу хенахь «Скейрн-шоу» проект кхочушъян лерина.

Россин пачхьалкхан фильман фондашца а, кинон фондашца а, кинон цхьаьнакхетараллица а хиллачу бартаца къахьоьгу кинематографин урхаллин белхахоша.

Иштта, Россехь гIараваьлла вевзаш волу режиссер-постановщик Высоцкий Никита, продюсер Кублицкий Алексей, сценарист-режиссер Матисон Анна хилира Нохчийчохь.

«Дирекция кино» кинокомпанин верриге а 30 белхахо веанера Нохчийн Республике шайн  фильман цхьа дакъа даккха. «Чеченфильм» компанис гIо дира царна съемкаш еш.

Ерриге а техника – камерш, серлонан гIирсаш, духарш, иштта, церан балхана мел оьшург а латтийна цара шайн белхан накъосташна, хьеший чIогIа реза а хилира.

Хууш ма-хиллара, кинон актераш кIезиг бу вайн. Цундела, «Чеченфильм» компанин хиллачу бартаца цхьаьна болх бо вайн республикин театраша.

Вайн республикин 150 школина видеоматериалаш а кечйо. Наркотикех долучу зуламех лаьцна роликаш кечйо. Дешархой кхетош-кхиорна дикачу агIор тIеIаткъам бо оцу видеороликаша.

Терекбаев Беслана дийцарехь, «Вайн кегийрхошлахь похIма дерш дуккха а бу. Актерин отделенин яьккхина ца хиларх кинон съемкашкахь дакъалаца йиш ю церан.Уггаре а коьртаниг  артистични хилар ду. Оха денна аьлча санна дIахьош кастингаш ю. Цига баьхкинчарах тхайна гIолехь хетарш схьахаьржинчул тIаьхьа, «Шаг» школехь Iамабо. ТIаккха ролаш ловзон схьакъастабо».

Уггаре а хала  ду историн фильм яккха. Иза яккхале дуккха а кечамаш бан беза. Б.Терекбаевс хаийтира, вайн къоман исторех лаьцна фильм яккха шаьш дагахь хилар.

З.ЛОРСАНОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: