Кхиамех тоам бина ца Iаш

Бедригов Бадрудди

керланиг довзарна а, иза районерчу хьехархошна довзийтарна а тIехь къахьоьгу ТIехьа-Мартан районан дешаран урхаллин белхахоша. 

Шо-шаре мел дели а районан дешаран учрежденеш а, цигара хьелаш а  толуш хилар а, цуьнга нийсса хьехархойн а кхетош-кхиорхойн а жоьпалла алсамдолуш хилар а, оцу декъехь карарчу дешаран шеран 1-чу эхашарахь  районан школаш муьлхачу жамIашка кхаьчна а дийцира районан дешаран урхаллин хьаькама Бедригов Бадруддис.

– Карарчу дешаран шарахь районехь болх бечу 33 школах цхьаъ суьйренан а, юкъарадешаран коьрта йиъ а, юкъарадешаран юккъера 28 а ю, – билгалдаьккхира Б.Бедриговс, – цигарчу 10 942 меттигехь доьшуш 13 332 бер ду, царна хьоьхуш а, уьш кхетош-кхиорехь къахьоьгуш а 2 142 хьехархо а, дешаран декъан белхахо а ву.

Дешаран агIо санна, берийн кхоллараллин агIо а ю тхан коьртачу тидамехь. Оцу  гIуллакхна лерина болх беш кхитIе а долчу дешаран пхи учреждени ю. Карарчу дешаран шарахь цигарчу кхоллараллин кружокашкахь а, спортан секцешкахь а дакъалоцуш 5 640 бер ду, уьш кхетош-кхиорехь къахьоьгуш 165 белхахо  ву.

Районехь 33 школа елахь а, цхьаерш тIехъюьзна ю. Куьйгалхочо далийначу терахье хьаьжча, 2 эзар 3 бIе сов меттиг тIеоьшу кхузарчу берашна. И хьал  тодан йолчу Iалашонца кху тIаьхьарчу шерашкахь керла школаш а, «пристройкаш»  а йина.ТIехьа-МартантIехь №8, №9 йолу юкъарадешаран керла школаш схьайиллина. Кхузахь а, Керлачу Шарахь а схьайиллина юкъарадешаран коьрта ши школа. СемаIашкарчу №2 йолчу а, Котар-Юьртарчу №3  йолчу а, ВаларгтIерачу юкъарадешаран коьртачу а, ТIехьа-Мартан №6 йолчу а школашкахь схьайиллина керла спортзалаш, ТIехьа-Мартан 7-чу школина 120 берана лерина «пристройка» а, кхачабуу меттиг а йина.

– Тхан ледарлонна а доцуш, баккъал а аьтто цахиларна «долгострой» хилла тхан ШаIми-Юьртарчу №2 йолчу школех, – дуьйцу куьйгалхочо, – бакъду, ницкъ кхочучу кепара кхин хенаш ца йохкуш, йина ялийта езаш и школа а ю тхан, цул сов, районан къона бахархой де-дийне мел долу а алсамбовлуш  хиларна, керла школаш оьшу тхуна Хаьмби-Ирзехь, Закан-Юьртахь, СемаIашкахь, ВаларгтIехь, кхин а ши школа оьшу ТIехьа-МартантIехь а. Тхан ницкъ ца тоахь а, Республикин Куьйгалхочо берашна оьшучунна  гIолоцуш хилар  довзарна, тхан хьал цунна хуург хиларх а, иза дикачу агIор доьрзург хиларх а тешна ду тхо.

Шайн дош ала говзалла тоьаш, балха тIехь бIаьрла кхиамаш болуш, муьлххачу а хенахь районан дешаран урхаллин тIетовжа агIо болуш школаш а, коллективаш а, хьехархой а хиларх а дийцира Б.Бедриговс. Ишттачех ю ТIехьа-Мартан №1 йолу школа а, цуьнан коллектив а, кхузара юкъарадешаран коьрта школа а, цуьнан белхахой а, ВаларгтIера №2 йолу  школа а, ТIехьа-Мартан №5 йолу школа а, СемаIашкара №2  йолчу школа а, Шовдан-Юьртан юкъарадешаран школа а, церан коллективаш а.

– Шайн болх бевзаш, дуккха а шерашкахь иза кхачам боллуш кхочушбеш белхахой бу дешаран урхаллехь, – билгалдаьккхира Б.Бедриговс, – Мунаева Асет, Эльжаева Тоита, Архиева Аймани, Цугалов Расамбек, Хутаева Валентина, Музаев Илес, иштта кхиберш а районан школийн болх шайн тергонехь латтош а, цуьнан дикалла лакхаяккхарехьа къахьоьгуш а бу. Цуьнан  дуьхьа кхоьллина Шовдан-Юьртан юкъарадешаран а, ТIехьа-Мартан №1йолу  а, ВаларгтIерачу №1 йолчу а школашкахь «стажерски майданаш» ю. Церан белхан жамI ду корматалла йолуш, баккъал а шайн болх а, бераш а дезаш къахьоьгуш  билггалчу кхиамашка кхаьчна хьехархой хилар. Уьш алссам бу районан школашкахь.

Дешаран хьелашна санна, районерчу школашкахь къаьсттина тидам тIебохуьйту къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорна. Республикин Куьйгалхочун лехамца юкъаяьккхинчу ийманехь кхетош-кхиоран Юкъарчу концепцица богIучу тIегIанехь и болх дIабахьарехьа школашкахь къахьоьгуш ву 32 Iеламстаг. Ийманехь кхетош-кхиоран болх тергонехь латтош 8 стагах лаьтташ йолу районан методсовет а ю болх беш. Чекхдаьллачу эхашарахь  кхетош-кхиоран  декъехь  дуккха а белхаш бина. Царах ю «Ненан де», «Iашурин де», «Исламан арканаш», «Мухьаррам беттан сийлалла» цIе йолу мероприятеш а, «Вайн халкъан гIиллакхаш, ламасташ», «Нохчийн йоьIан васт», «Исламехь ийманан мехаллаш», «Доьзалехь кхетош-кхиор» цIе йолу классан сахьташ а, «Ислам а, корта бахор а», «Къуръан а, ваххабизм а», «Терроризман бух а, цуьнга болу хьежам а» цIе йолу «горга стоьлаш» а.

Кхетош-кхиоран декъехь бинчу балхах тидам тIебахийта луург  Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина «Къуръан дешарехь тоьлларг» цIе йолу конкурс ю. РаббиIул-аввал беттан хьалхарчу деношкахь дIаяьхьначу оцу конкурсехь I-ра меттиг яьккхира ШаIми-Юьртарчу юккъерчу школин №2 йолчу классан дешархочо Сагилаев Мохьмада, №2 йолчу меттехь вара оццу школин дешархо Велидов Ясин, 3-гIа меттиг яьккхира СемаIашкарчу 2-чу школин дешархочо Исламов Iалис.   Дешаран шеран хьалхарчу деношкахь дуьйна а къаьсттинчу тидамехь латтош ду ЕГЭ-на кечамбар. 1065 меттиг йолу экзаменаш дIаяларан 5 пункт (ППЭ) ю кечйина. 180 вовшахтохархо а кечвина экзаменашна. Царах 80 процент ишттачу гIуллакхна дуьххьара юкъабитина бу. Ерриге а школашкахь дIахьош ду экзаменашна кечамбаран кхитIе а долу дешар.

– Дикачу кхиамашца болх беш ду тхан кхитIе долчу дешаран дакъа а, – билгалдаьккхира Б.Бедриговс, – цунна лерина 5 учреждени ю районехь. Дешарх мукъа хан шайн даго къобалден я шайн самукъадолу гIуллакхаш деш 5640 бер ду цигахь.  КхитIе  а долчу дешарна лерина гIишло еш а, церан цхьацца аьттонаш беш а къахьегна оха. Иза тоьар ду бохург а дера дац, делахь а ма моьтту ца хилча, ма-торру.  баьхна-кх.

ТIехьа-Мартан дешаран урхаллин болх массо а декъехь  дика дIахьош хилар билгалделира тхуна а тхайн хиллачу цхьаьнакхетаршкахь. Шеко йоццуш, кхузахь болх беш бу районан 33 школехь берийн дешар а, кхетош-кхиор а шайн тидамехь латтош а, оьшшучу хенахь шайгара масал гайта таро йолуш а  болу говзанчаш.  Дешаран шолгIачу эхашеран кхо кIира бен дIа ца даьллехь а уьш кхиъна районерчу яртийн масех школа талла а, цигара хьал довза а. Шаьш реза долчу кхиамашка кхача школийн белхахоша къахьегар алсамдаккха дезарх дика кхетарца,  иза дикачу тIегIанна тIедаккха йолчу Iалашонца къахьега кийча  бу ТIехьа-Мартан районан дешаран урхаллин белхахой.

Т.САРАЛИЕВА

Авторан суьрта тIехь: Б.Бедригов

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: