Дуьненаюкъарчу турнирехь – шолгIа меттиг

ГIезалойн Республикерчу Высокая Гора юьртахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран дуьненаюкъара турнир хилира.

Цигахь дакъалоцуш бара 12 пачхьалкхера гIарабевлла болу спортсменаш.

Йозаллин 10 категорехь яхь къовсуш бара уьш.

Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.

Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара РДЮСШ-лера 1 спортсмен.

Оцу турнирехь вайн спортсмена Довлетмирзаев Iийсас (29 кг.) шолгIа меттиг яьккхира.

Цуьнан тренер ву И.Сулейманов.

З.ШИШХАНОВА

№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: