Муьстарг (барбарис обыкновенный)

Муьстаргаш вай долчохь, коьртачу декъана, Теркан, Iассан, Армхин, Яьссин, Органан бердайистошца а, тогIешца а, хьаннашца кхуьуш ю.

Цуьнан стоьмаш къеггина цIен хуьлу, ши-кхо лаг долуш. Зазадоккху хIутосург (май), асаран (июнь) беттанашкахь. муьстаргашца алссам шекар, органически кислоташ, C, E, каротин витаминаш ю.

Муьстаргех медицинехь пайдаоьцу цIийн таIам лахбеш, цIий меттахIоттош, кхача марзбеш, хьогалла дIайоккхуш, ткъа иштта, стимца доьзна лазарш дIадохуш.

Муьстарган гIанех а долу дарба доIахца, стимца доьзна лазарш долчарна. Аьтта гIаш (боккха цхьа Iайг я 10 гр.) сирдиллинчу пхьегIи чу духку, царна тIедутту 200 мл (цхьа стака) кхехкийна хи. цунна тIе негIар а тухий, кхехкаш долу хи чу юьллу и пхьегIа (хин бани). ТIаккха, 15 минотехь дохдинчул тIаьхьа, чохь шелдолуьйту 45 минотехь. Цул тIаьхьа, луьтту. Оцу муттанан барам 200 мл. дIакхачабо, кхехкийна хи тIедоттарца.

Кечдина молха 2 дийнахь-бусий бен латто мегаш дац. Иза дIамолу, боккха цхьацца Iайг молуш, дийнахь 3–4-зза.

Нохчийн халкъан дарбанчаша хьоьхура муьстаргех чоь якъаелча а, корта лезча а дарба хуьлу бохуш. вуьшта, могаш бол-чарна а пайдехь лору муьстаргаш яар. Цо тодо дегIан пхенашца цIий лелар.

З.МАДАЕВА

№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: