«Луисанна…»

А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь «Столица плюс» газетан коьртачу редакторан Закриев Iийсан берашна лерина йолу «Луисанна» книга йовзийтира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, Яздархойн союзан редактора Ирисханов Iимрана, халкъан поэта Яричев Iумара, республикин Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата, А-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориалан комплексан директоран заместитела Хатуев Ислама, Iийсан гергарчара, белхан накъосташа, кхечара а.

«Луисанна» книга йовзийтаран суьйре дIахьош вара литературин критик Бурчаев Хьалим.

Хьалхара дош а олуш вистхилира Гудаев Лоьма.

Хазахета, Закриев Iийсас язйина йолу книга берашна лерина хилар. яздархочун амалехь уггаре а диканиг ду берашна кхетар долчу, еша атта хир долчу маттахь язъяр. Iийсас иштта язйина а ю иза, – элира цо.

Цул тIаьхьа республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран цIарах Сийлаллин грамота елира Гудаев Лоьмас книгин авторна.

Закриев Iийсас книги тIехь къаьсттина дика гойтуш ду бераша, хало тIехIоьттича вовшашна накъосталла дан дезаш хилар. Деша атта ду цо яздина дийцарш. Уьш деккъа дийцарш хилла ца Iа, берашна дикачу агIор тIеIаткъам бийр болуш говзарш ю уьш, – элира Ирисханов Iимрана.

Закриев Iийсан дукха хан йоццуш 50 шо кхаьчча хилла хиларца доьзна, Яздархойн союзан председателан Ибрагимов Кантин цIарах Сийлаллин грамота елира цунна.

Книги тIехь 2008-чу шарахь дуьйна къахьегна Закриев Iийсас. Иза фантазин жанрехь язйина ю. Суьйренехь дакъалаьцначара книгин лаккхара мах хадийра.

Иштта, автор винчу денца декъалвеш, хаза дешнаш а элира. Цигахь дакъалаьцначарна баркалла элира Iийсас.

З.ЛОРСАНОВАС

№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: