Актеран, режиссеран, кинорежиссеран, сценаристан, кинопродюсеран, Россин Федерацин халкъан артистан Машков Владимиран цIе дика евзаш ю Россехь а, генна дозанал арахьа а.
1963-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 27-чу дийнахь, Россин Тула гIалахь дуьнен чу ваьллачу цуьнан 55 шо ду. Машковн куц-кепе хьаьжча, хала ду актеран оццул хан хиларх теша.
СССР-н халкъан артист хиллачу Табаков Олеган курсехь ГИТИС кхиамца чекхъяьккхина, къинхьегаман хьалхара гIулчаш «Табакерка» цIе йолчу театрехь яьхна цо.
Тахана оццу театран куьйгаллехь ву иза. Театрехь болх барал сов, 1987-чу шарахь дуьйна кинофильмашкахь дакъалоцуш ву. Таханлерчу дийне кхочуш, 60 ца кхоччуш ю актера дакъалаьцна исбаьхьаллин фильмаш. Царна юкъахь къаьсттина гIараевлла: «Подмосковные вечера», «Американская дочь», «Олигарх», «Распутин», «Ликвидация», «Кандагар», «Экипаж», иштта дуккха а кхиерш.
Шен башхачу кхоллараллехь тайп-тайпана васташ говза кхуллуш волу похIме актер, нохчичун васт кхолла а ларийна, 1998-чу шарахь Россин киноэкранашка яьллачу «Две луны, три солнца» исбаьхьаллин фильмехь. Мареева Маринас язйинчу сценари тIехь и фильм яьккхинарг режиссер Балаян Роман ву.
Коьртачу турпалхочун Алексейн васт кхоьллинарг Машков Владимир ву. Нохчийчохь ткъех шарахь кхихкинчу буьрсачу тIамах лаьцна ю фильм. Мел эрчонаш елахь а, бакъдолчунна тIегIерташ хиларо, догдоуьйту цуьнга паргIат, синтем ца бохош, хьажа.
Кхин хIумма а ца хилча а, бехк белахь а, бацахь а, адамийн бакъонаш хьоьшуш, Кавказера хилча тоам беш, Москва кхаьчначу хьешашна тIебетталуш болу милиционераш ма-барра гайтина фильмехь.
Машков Владимира васт кхоьллинчу турпалхочун Алексейн да нохчи ву, нана оьрси елахь а.
Алексейн да а, нана а цхьаьна юьртарчу школехь болх беш хилла. Советийн Iедал доха карзахдаьлча, шен шина кIантаца цхьаьна, нана едда, Москва дIаяхана. Амма, цуьнан кIентийн пхенашкахь кхехкаш нохчийн цIий ду. Царах цхьаъ – Аслан, федеральни эскаран векалша ша схьаваьллачу къомехь латто гIело Iаьткъинчохь тIом бан араваьлла. Иза а, цуьнан накъостий а, «зачистка» ечу хенахь контрактникийн карабоьлху, уьш къинхетамза хIаллакбо. Нохчийн къона кхо кIант капитан Максименкос герз тухий вожаво, бина цхьа а таллам, я кхиэл а йоцуш. Ишта кест-кеста нислора Нохчийчохь тIом болчу муьрехь. Хийлазза и санна йолчу къизаллин теш хилла вайх хIора а…
ЦIийца нохчалла йолчу жимачу стагана Алексейна тIедужу шен вешин чIир эцар. Даго и чIир эцар лоьху. Амма, археологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIъян кечлуш волу Алексей хьекъало юхаийзаво, чIир эца сихвалар доьхкуш.
Вешига болчу безамо а, цунах доглазаро а кийра морцу Алексейн, делахь а, къона Iилманча кийча вац шен куьйга стаг вен, цуьнга болчу цабезамо ша воттуш велахь а.
Муьлххачу бакъволчу нохчичуьнгахь санна, стаг вер аьттехьа ца дуьту, адамалла дукха ю цуьнгахь. Алексейна хала ду, цIий Iаноре вуьгуш йолу гIулч яккха. Алексейна герз карадо, шен ваша вийнарг мила ву хаьа цунна, иза вен дагца йина чIагIо ю…
Доцца аьлча, лам санна собар а, бух боцу хIорд санна, хьекъал, доза доцу адамалла нохчашкахь хилар гойту ша кхоьллинчу вастехь, похIмечу актера Машков Владимира.
Актеран ницкъ кхочу бакъволчу нохчичун дог-ойла тIамна гена хилар дIагайта, хьовсархойн дегнашкахь шен турпалхочуьнга безам кхолла. Ткъа уггаре а коьртаниг, фильман авторша, говза гойту и буьрса тIом нохчашна оьшуш, я цара лоьхуш коча беана цахилар.
Иштта, хуьлу-кх бакъйолу искусство!
ГАЗИЕВА Аза
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо