ГIуран (декабрь) беттан тIаьххьарчу деношкахь, школашкахь а, берийн бошмашкахь а дIадаьхьира Керлачу шарна лерина синкъерамаш бар. Царах цхьаъ Грозненски кIоштарчу Чурт-ТогIерчу «Седарчий» цIе йолчу берийн бешахь хилира.

Берийн бешан кхетош-кхиорхоша берашца кехатах бинчу лайн чимашца, берийн туьйранашкахь хуьлучу тайп-тайпанчу турпалхойн суьрташца, кечйина яра чоь.
Шена тIе берийн уггаре а боккха тидам тIебохуьйтуш яра хаза кечйина базалг. Бераш а дара тайп-тайпана духарш дуьйхина кечдина. Церан самукъадалар доза доцуш дара.
Бераша, ГIура-Дадина а, Лайн-Аьзнина а гайтира шаьш кечйина программа: хелхарш дира, байташ йийшира, эшарш лийкхира.
Шена хазахетар дарна, ГIура-Дадас берашна совгIаташ делира.
Керлачу шарна лерина даздарш дерзийра берийн хелхаршца.
САГАЕВА Залина
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо