Бераша леррина лардо и де

Керла шо тIедогIучу хенахь хIора школехь а, берийн бешахь а оцу денна лерина хаза даздарш дIахьо. Иштта, рогIера даздарш дIадаьхьира Садовое юьртарчу юккъерчу школехь.

Юьхьанцарчу классийн дешархошна вовшахтоьхначу суьйрене даьхкина бераш чIогIа хаза кечделла дара. Хаза духарш дара царна тIедуьйхина. Ткъа цхьадолу бераш (сценкаш юкъахь ролаш ловзош берш) туьйранийн турпалхойх кечбеллера.

Хьалхарчу классашкарчу берашна къаьсттина хазахийтира цигахь. Школехь керла шо даздар церан дахарехь дуьххьара дара.

«Туьйранехь – хьошалгIахь» аьллачу суьйренехь дешархошна лерина сценкаш, забаре а, самукъане а кийсакаш гайтира лакхарчу классийн дешархоша. Цигахь Жоьра-Баба а яра.

Цул тIаьхьа ГIура-Дада а, Лайн-Аьзни а схьакхаьчча, къаьсттина самукъаделира дешархойн. Цара роггIана байташ йийшира. Хаза ламаст хилла дIахIоьттина ма-хиллара, ГIура-Дадас совгIаташ дира берашна.

«Ловзар» ца хIоттош ца йирзира суьйре.

Хелхадевллачул тIаьхьа, ГIура-Дадица цхьаьна суьрташ дехира бераша.

Цу тIехь дерзийра керлачу шарна лерина даздарш.

З.ИСАЕВА

№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: