Къоначу яздархойн кхеташо

IMG_9295

Карахь дерг  «Литературин шо ду аьлла» дIакхайкхина ду. Цундела, цуьнца доьзна Нохчийн Республикехь дIахьош ду литературина лерина дуккха а цхьаьнакхетарш. Иштта, кху деношкахь Зорбанан цIийнехь дIаяьхьира  Нохчийн Республикин яздархойн союзо вовшахтоьхна поэзехь а, прозехь а хьалхара  гIулчаш йолуш болчу къоначу яздархойн кхеташо. Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза. Къоначу яздархойн иэсехь дуьсурдолчу цхьаьнакхетаре баьхкинера Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, вайн республикехь  бевзаш болу яздархой, Кусаев Iадиз, Нунуев Сайд-Хьамзат, Айдамирова Машар, Исмаилов Абу, Минкаилов Эльбрус, Яричев Iумар, иштта кхиберш а.

Цхьаьнакхетар долош вистхилира Абдурахманов Дукхуваха. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира и цхьаьнакхетар мехала хилар.

IMG_9310

– Яздархо бохург  доккха декхар  ду, цу декъехь къахьоьгуш къонанаш хилар, доккха совгIат ду. Шайна цахуург шераша зийначу, литература дика евзаш, цу декъехь дуккха а къахьегначу яздархошка хатта. Иштта бен кхуьур дац шу. Литературехь къахьоьгуш волчу стага язйина говзар тIаьхьало йоллуш, гIиллакхе, оьзда, масийтта шо даьлча а, шена тIаьхьа дика лар юьтуш хила еза. Дала тIаьхье беркате йойла, – элира Абдурахманов Дукхувахас.

Жамалдаев Шаида аьлла ма-хиллара, нохчийн маттахь яздеш къонанаш хилар доккха довгIат ду. «Язъеш волу стаг, литература евзина ца Iаш, кхидолу  Iилма а, юкъараллехь дерг а хууш хила веза. ХIора а поэтан, яздархочун шен-шен хьежамаш хуьлу, цундела цо ша массо а агIора зен веза. Оьшучу хIуманна тIехь кегийрхошна тхайга далучу агIор гIо дан хьовсур ду тхо», – бохура цо. Яздархоша литературехь шайна зеделларг довзуьйтуш, къоначу яздархоша шайн байташ йоьшуш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.

З.САГАЕВА

Авторан сурт  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: